Бебу

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Бебу
Бебу-динберг (Geococcyx californianus)
Бебу-динберг (Geococcyx californianus)
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Cuculidae (Vigors, 1825)
Кхоьлина бебу декар (Cacomantis pallidus)

Бебунаш, йа бебу йа аттйокх (лат. Cuculidae)хьозакепарчеран гергара бебукепара тобанера олхазарийн доьзал. Уггаре йевза доьзалан векал — ма-дарра бебу. Антарктида йоцург, йерриг континенташ тӀехь йу. Йисттера къилбаседехь а, Къилбаседа Америкин къилба-малхбузехь а, Гергара Малхбален а, Къилбаседа Африкин а тӀех йекъа регионашкахь а йац. Доьзалан цхьацца тайпанаш кхелха[1].

ТӀехулара куц[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йозаллин а, йоккхаллин а барам техка 17 гр а, 15 см а тӀера (Chrysococcyx minutillus) 630 гр а, 63 см а кхаччалц (Ӏаламате бебу)[2]. Ладамечех доьзалан цхьа башхал когаш ду: ши пӀелг хьалха бирзина бу, ткъа шиъ – тӀехьа. Дерриг аьлча санна векалийн деха цӀога хуьлу, цуо йодуш а, тӀема йоьдуш а кадолийта. ТӀемийн кеп хийцало дахаран кепе хьаьжжина: кхелха олхазарийн тӀемаш деха а, готта а хуьлу, кхечеран — доцуо а, гоьргуо а хуьлу.

Галерей[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Cuckoo Tracking Project(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  2. Payne R. B. (1997) "Family Cuculidae (Cuckoos)", pp. 508–45 in del Hoyo J, Elliott A, Sargatal J (eds) (1997). Handbook of the Birds of the World Volume 4; Sandgrouse to Cuckoos Lynx Edicions:Barcelona. ISBN 84-87334-22-9

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Wikiquote-logo.svg
Викицитатникехь агӀо йу теманера
Бебу