Чулацаман тӀегӀо

Барт (безам)

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ф. Дикси. «Ромео а, Джульетта а». 1884. Гата, даьтта. ГӀалин исбаьхьаллин галерей, Саутгемптон.

Барт[1] йа уба[2], оба[2][1]безам, сий дар, кхи а гойтуш цхьаьна стаганна йа цхьаьна хӀуманна балдашца тӀехьакхадалар.

Оьрсийн меттан жима академин дошамера билгало: «Барт алар — безам гойтуш, хьостуш, маршалла хоттуш цхьанна балдашца тӀехьакхадалар»; «Оксфордан ингалсан меттан дошамехь»: «Барт, барт баккхар — балдашца тӀетаӀар йа тӀеӀоттадалар (цуьнца цхьаьна балдаш къевлина, ткъа тӀаьхьа уьш дӀадиллина) марзо а, безам а гойтуш, йа лерам баран а, сий даран акт; йа балдашца маршалла хаттар йа хьастар гойтуш»[3].

Барт олуш мара бохка тарло. Барт алар дукхачу говзаллин кхоллараллин тема йу[4].

Филематологи — адамо барт аларан физиологин а, психологин а башхаллаш Ӏамо дисциплина.

Барт алар лору романтикин йа кхин дика синхаам нормехь гайтар дац массо а адаман оьздангаллашкахь, дуккха оьздангаллашкахь иза ду комфорт йоцу йа безамбоцу адамашна йукъара йукъаметтигийн хьесап[5]. ТӀаьхьарчу Ӏилманан талламашца, йукъаралла чолхе мел хуьлу, барт аларш алсама хуьлу[6]. Действия, сходные с человеческим поцелуем, можно наблюдать у обезьян шимпанзе и бонобо[7].

Цхьацца антропологаш, барт алар, цӀубйар йа хенал хьалха цӀубйар бахьнехь, инстинктаца а, интуицица а кхолладелла лору, кхечарна хета, барт алар кхолладелла хин йолу зуда йа хин волу майра, цуьнан туьйн чомаца, могаш хилар толлуш, ткъа кхоалгӀачара тардолийта, иза схьаэцна леларах.[8]

Барт аларан историн говзалла йолчу Техасан университетан A&M антропологан Брайант Вона дийцарехь, уггаре хьалхара барт аларх тера леларех дерг, схьадолу Ведашкара, санскритийн жайнашкара, уьш дийшина хӀиндуизман, буддизман, джайнизман бух тӀе 3500 шо гергга хьалха.

Эмоцеш гайтар санна

[бӀаьра нисйан | нисйан]
В. Бугро. «Жима моттхоькхург». 1890. Гата, даьтта. Долара гулам.

Барт алар — адамийн эмоцеш гайтаран хьесапех цхьаъ. Йаккхаран контекстах а, дакъойх а доьзна, синхаамийн шуьйра спектр гайта тарло.

Риекера карнавалера шина адамо барт алар — «кардинала» а, ЖӀарийн дамано а (2008 шо)

Йукъарчу меттигехь барт аларо гойту адаман дика синхаам, дукха хьолехь безаман синхаам. Барт алар даггах а, дегза а хила тарло. Христианийн оьздангаллера уггаре бевза дегза барт алар — «ЙахӀудан барт алар», схьабогӀу Библин йозанера, цунах хила идиома («ЙахӀудин барт алар»), цуо гойту адаман уггаре лакхарчу тӀегӀанан йамартло. Инжилан исторешца, Ӏийса пайхамаран وصلة= дешархой цхьаъ волу Искариот ЙахӀуда, воьхкина иза, салташна гайтина иза барт баьккхина.

Эмоцин барт алар шина адманна йукъахь хуьлу, иштта барт ала тарло шен дегӀан декъана, дийнататана, са доцу хӀумнашна. Барт аларан хӀора кепо гойту башха эмоцин бос. Иштта, латтан барт аларо гайта тарло дуккха сатийсина керла меттиге йа стаг хиланза дукха хан йолу меттиге кхачар. Даймехкан латан йа пачхьалкхан байракхна барт аларо гайта тарло Даймахке безам а, цунна тешаме хилар а. Герзан барт аларо гойту тӀемлочун декхарна тешаме хилар.

Барт аларан рекордаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Уггаре беха барт алар: 2013 шеран 14 февралехь Таиландера шимма дуьненан рекорд хӀоттийра, ца хеддаш 58 сахьтехь 35 минотехь 58 секундехь барт аьлла[9].
  • Уггаре доьналла долу барт олург: 1990 шеран 15 сентябрехь Миннесота Штатан Шакопи гӀалара, Миннесотин Вольфрам Альфред денваран фестивалехь, барт элира 8001 стаганна 8 сахьтехь (аьлча а, хӀора 3,6 секундехь цхьацца стаганна)[10]. 1998 шарахь цуо и рекорд йохийра, 10 504 стаганна барт аьлла[11].

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Викидошаман логотип
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «барт алар»

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Комментареш
Хьосташ
  1. 1 2 Исмаилов А. «Дош» нохчийн-оьрсийн дошам(нох.). — Грозный, 2009.
  2. 1 2 Карасаев А. Т., Мациев А. Г. Русско-чеченский словарь. — Грозный, 1978. — С. 449. — 728 с.
  3. Энциклопедия поцелуев Архивйина 2013-12-13 — Wayback Machine // Огонёк.
  4. Джейсон Фараго BBC Culture. Самые страстные поцелуи в истории искусств. BBC News Русская служба. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 15 октябрь. Архивйина 2018 шеран 15 октябрехь
  5. Даниил Кузнецов. Поцелуи оказались редким явлением в большинстве культур. nplus1.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 15 октябрь. Архивйина 2018 шеран 15 октябрехь
  6. Учёные доказали, что в большинстве культур мира люди не целуются Архивйина 2015-08-15 — Wayback Machine // Газета.ru.
  7. Мелисса Хогенбум BBC Earth. Почему люди целуются, а большинство животных – нет. BBC News Русская служба. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 15 октябрь. Архивйина 2018 шеран 15 октябрехь
  8. "The (Mostly) Blissful History of 'Kissing'". NPR. Февраль 11, 2007. Архивировано 2020 ш. 29 ноябрехь. ТӀекхачаран де: 2021 ш. 30 январехь.
  9. Новый рекорд продолжительности поцелуя! ТӀекхочу дата: 2013 шеран 15 февраль. Архивйина 2013 шеран 25 февралехь (оьр.)
  10. Wide World of Weird. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 15 февраль. Архивйина 2013 шеран 25 февралехь (ингалс.)
  11. CNN Daily Almanac: Saturday, September 12, 1998. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 15 февраль. Архивйина 2013 шеран 25 февралехь Архивйина 2016-03-07 — Wayback Machine(ингалс.)

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • К. Нюроп. О поцелуях: Культурно-исторический очерк / Пер. с датского А. В. и П. Г. Ганзен. — СПб., 1898. — 148 с.