Барзакъ

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

Барзакъ — тӀехула духу духар. Нохчийн божарийн барзакъ юкъахь дара: Верта, чоа, башлакх, гӀовтал, кетар, маьхьсеш, кӀархаш, неӀар мачаш, пезагаш, холхазан куй, жаIуьнан куй, бухарин куй, мангалан куй, доьхка.

Зударийн барзакъ: коч, кетар, зударийн гӀовтал, гӀабали, пошмакхаш, кӀархаш, кортали, бой.

Нохчийн зударий. Сурт Ермаков Дмитрийн. 1900 шо гергга.
Барон П. Врангель чоа а, гӀовтал а, холхаза куй а тиллина
Нохчий 1923 шарахь.

Божарийн духар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ламастан божарийн духар стеган хазалле терра хаза хилла, куц долуш нийса, белашкахь шуьйра, готта гӀодаюкъ. Барзакъ юкъа догӀуш хилла меттиге хьаьжжина долу тайп-тайпана духар. Новкъан барзакъ юкъадогӀуш хилла верта, башлакх, куй[1].

Верта[нисйе бӀаьра | нисйе]

Нохчийн Республикин Къоман музейн коллекцера верта а, куй а

Верта истангах дина барзакъ ду. Верта доцуш цхьан а ламанхо а ца хилла. Верта шина кепара хилла. Хьалхарниг готта белаш а, гарголи кеп йолуш хилла, тӀехь чо а ца хилла, голел охьадолуш хилла. Иштта верта лелош хилла Ӏуйша. ШолгӀа тайпаниг трапецин кепара хилла, кач неӀара туьдаргишца я чимчаргӀашца дӀатосуш хилла. Вертан агӀонаш кечъеш хилла тегаршца я сирца[2].

Нохчийн вертанаш Кавказехь чӀогӀа лоруш хилла. ДогӀана тӀадамаш тӀаргӀан тӀехула охьадоьдуш хилла, цундела вертан хи чекх ца долура тӀекхоьссина догӀа хилча а. Верта дегӀана тӀедуьжуш ца хилла, цундела таро луш хилла герз къайладаккха а, паргӀата иза тоха а. Вертанаш нохчаша деш хилла дохка а. ГӀазакхийн а барзакъ хилла Кавказехь вертанах[2].

Ломан верта Россехь деза духар хилла. Иза лелош хилла Российн гӀарабевлла элаша а, российн императорш а. Иза хилла дукха говза дина, кхин цкъан а хийцам ца бина вертана[3].

Чоа[нисйе бӀаьра | нисйе]

Сийлахь эла Михаил Александрович чоа доьхна зудчуьнца Наталица.

Чоа дуа уггаре даьржина божарийн барзакъ Къилбаседа Кавказехь. Тахана иза лелош наггахь вверг бен вац, амма иза леладо дезачу Ӏиданашкахь[3].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Дааев Х., Асталов В. Традиционная национальная одежда чеченцев. — Махачкала: «Алеф», 2017. — 200 с. — 300 экз.

Кеп:Нохчий