Атлан

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
ГӀишлошъяран атлан а, иза лелор а

Атлан я Арван[1] — металлан серах я асанах дина, Ӏад кепара я, дукха хьолехь, П элп кепара саттийна чӀагӀдаран деталь.

Лелор[нисйе бӀаьра | нисйе]

ГӀишлошъяран атлан леладо дечиган конструкцеш вовшахтосуш. Цергаш дечиган чутоьхча таро ло сиха а, дикка тешаме чӀогӀа а конструкцин дакъош цхьаьна меттигехь совцо (уггаре яьржина вариант — дечиган цӀенойн пенашца долу дуӀош вовшахтасар). Куьйга туьйсина атланаш йо тайп-тайпан ходана йолуш, конструкцехь атлано бечу «белхан» чот йой. Иштта атлан алсама тешаме ю, иза наггахь ца оьккху ницкъ бича а, температураш хийцаелча а.

Такелажан атланаш леладо айаран системашкахь (наггахь статикин а) серийн машшаш, зӀенаш, кхин такелажан гӀирсаш тӀетосуш схьайолу кочарсанна. Винтийн штифташ йолу атланаш дукхаха дерг леладо гуттаренна йоцу Ӏалашонна. Ӏалашдаран контрболтаца долу атланаш леладо, ехачу заманан я гуттаренна Ӏалашонан я кира хьийза а хьийзаш штифтан тӀедан мегаш далахь. ЗӀенан я D-кепара атланаш коьртаниг лелайо цхьа белх йолчу айаран системашкахь, ткъа якорь а, Ӏад а кепара атланаш коьртаниг лелайо алсама белш йолчу системашкахь.

Бахамехь шуьйра лелайо серийн атланаш-маӀаршканцелярин гӀирс, цара таро ло сихха кехаташ вовшахтаса.

Атланаш лелор юкъадаьлла, цара тӀетосу хӀуман майда алсама лоцу дера (масала хьостамца дуьстича. Цундела атланашца дукха хьолехь тӀетуху кӀади мебелна, плакаташ пенашна а, аннашна а, оргалитан тӀехьара пенаш ишкапашна, Ӏаьнараизоляци дечиган конструкцешна.

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «атлан»

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Русско-чеченский словарь. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. , Грозный, стр.1324

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]