Антарктикин талламийн турпала бӀешо

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Дуьххьара Къилба полюсе кхача гӀиртина экспедицийн декъахой: Шеклтон, Скотт, Уилсон стартехь. 1902 шеран 2 ноябрь

Анта́рктикин та́лламийн ту́рпала бӀе́шо (инг. Heroic Age of Antarctic Exploration) — ингалматтера историографехь, XIX бӀешеран чаккхенгахь а, XIX бӀешеран хьалхара иттаннаш шерашкахь а Антарктикин регионе кечйина цхьа могӀа, коьрта транспорт меттана дужу жӀаьлеш лелийна, экспедицеш билгалйаха тӀеэцна термин[1]. Церан коьрта Ӏалашо йара географин Къилба полюсе кхачар, ца йевзачу материкан чоьхьара кӀошташ а, бердаш а мехкашна бекъар, цуьнан физикин, климатан, геологин хьал Ӏамор. Амма, изза Ӏалашо йолу, цхьацца экспедицеш, антарктикин бердашка а ца кхечира.

1897—1922 шерийн муьрехь Антарктика хилира дуьненайукъара тидамехь: ткъе пхеа шарахь йира бархӀ махко кечйина 16 экспедици, царна йукъахь йара Бельги а, Япони а йара, XX бӀешарахь коьрта полюсийн пачхьалкхаш йоцушехь[2]. Ажиотажан бахьнехь лаьцна Черри-Гаррард Эпслис иштта йаздора:

ХӀаваэхь хьийзаш ойла йара, материк чӀогӀа йоккха йу, цуо коьрта Ӏаткъам бан тарло йерриг Къилба эхигехь хенан-хӀоттам хуьйцуш. <…> Къилба магнитан полюсан гуонахьара кӀошт комаьрша аре йу эксперименташ йан а, тидамаш дан а. Оцу латтан историн… къийса йиш йоцуш дерриг дуьненан геологин историн интерес йу, ткъа латта кхолладалар Ӏамор а, шен амалш йовзар а физикин географин говзанчин гойту дуьненан муьлххачу регионехьчул алсама — Антарктикехь иза хӀора денна, хӀора сахьтехь тидам бан йиш йолуш ву…[3]

КӀезиг роль ца ловзийра йаккхий пачхьалкхийн къоман догдоккхалло а: Дуьненара коьрта географин объектех 1900 шарахь къарйанзайисинера Къилбаседа а, Къилба а полюсаш.

«Турпала бӀешеран» экспедицеш лелайора XIX бӀешеран технологеш: команда дӀакхачо дечиган гатанан-Ӏаьнаран жимачу тоннажан кеманаш, шен тӀехула лела дуьйжина жӀаьлеш, европахойн хьашташна кечдина цхьацца эскимосийн дийна биса лело хьуьнарш. Ресурсаш а, гӀирс а кӀезиг хиларна, хӀора экспедицин кхиамаш оцу хьелашкахь бозура транспортан стратегех а, куьйгалхойн логистикийн хьуьнарех ойла йина хиларх. ХӀора экспедици чекхйолура экстремалан хьелашкахула, дуьненца цхьа зӀе йоцуш, декъахошна шайн йерриг интеллектуалан а, физикин а ницкъаш дайар тӀедуьллуш[4]. ЖамӀехь, Къилба полюс къарйеш велира 19 стаг.

«Турпала бӀешеран» коьрта жамӀаш хилира Антарктикин материк комплексехь таллар, къилба географин а, магнитан а полюсашка кхачар, материкан бердийн хьалхара карта хӀоттор, географин, климатологин, биологин комплексан хаамийн йоккха база кхоллар, материк кхин дӀа а таханлера гӀирсашца Ӏамо[5].

Экспедицийн исписка: 1897—1922[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьалха хаийтар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хууш хила деза, «Доца сурт хӀоттор» декъехь хӀиттийна хаамаш, уггаре кӀезиг хьакхало йагарйинчу экспедицеша бинчу Ӏилманан белхан жамӀех а, Ӏилманан тайп-тайпана отраслашка диллинчу декъех а. Оцуннах хаамаш хила беза цуьнца богӀу йаззамашкахь.

Испискехь бац киташдойучеран некъаш, ткъа кхин а масех шуьйрачу публикина кӀезиг йевза экспедицеш, цхьацца бахьнашца чекх ца йаьхна.

Исписка[нисйе бӀаьра | нисйе]

Мур Пачхьалкх ЦӀе Экспедицин кема Экспедицин корта Доцца сурт хӀоттор Бил.
1897—1899  Бельги Бельгин антарктикин экспедици
«Бельжика»

ЖерлашАдриен де Жерлаш
Беллинсгаузенан хӀорд чохь цабевлла дрейф йина Къилба полюсан гуонехь Ӏа даьккхина дуьххьарлера экспедици. Дуьххьара Антарктикехь йина астрономин а, метеорологин а талламийн йуьззина шеран цикл. Кхаьчна 71°30’ къилба шоралле. Карийна Жерлашан хидоькъе. [6]
[7]
[8]
1898—1900  Йоккха Британи «Къилба ЖӀар» тӀера экспедици
«Къилба ЖӀар»

БорхгревинкКарстен Борхгревинк
Антарктикин материк (Адэр мара) тӀаьхь Ӏа даьккхина дуьххьарлера экспедици. Дуьххьара Россан шельфан ша тӀе хьалайаьлла экспедици. Кхаьчна 78° 30' къилба шоралле, нисса лаьрра оцу хенахь Къилба магнитан полюс латтаран хьал. [9]
[10]
[11]
1901—1904  Йоккха Британи Британин антарктикин экспедици (1901—1904)
«Дискавери»
«Морнинг»
«Терра Нова»

Скотт РобертРоберт Скотт
Дуьххьара Викторин Латта тӀе воссар, Полюсан акъарин йисташка кхачар. 82° 11’ къилба шоралле кхачар. Россан гӀ. тӀехь база йина дуьххьарлера экспедици [12]
[13]
[14]
1901—1903  Германин импери Германин антарктикин экспедици (1901—1903)
«Гаусс»

ДригальскийЭрих фон Дригальский
Малхбален Антарктидехь болх бина дуьххьарлера экспедицех цхьаъ. Карийна Вильгельм II Латта. Экспедици дрейфан шеш йукъа а йахана билгалйаьккхина программа кхочуш ца йина. [15]
[16]
[17]
1901—1904  Швеци Шведийн антарктикин экспедици «Антарктика»
НорденшельдОтто Норденшельд
Экспедицис болх бира Грейаман Лаьттан малхбален бердашца. Экспедицин кема шеш Ӏевдина дохийра, команда кӀелхьара йаьккхира Аргентинин гӀоьнца. [18]
[19]
[20]
1902—1904  Йоккха Британи Шотландин къоман антарктикин экспедици
«Скотия»

Брюс УильямУильям Спирс Брюс
Къилба Оркнейн гӀайренаш тӀехь йиллина гуттаренна метеостанци. Уэдделлан хӀорд чохь кхаьчна 74° 01' къилба шоралле. [21]
[22]
1903—1905  Франци Шаркон кхоалгӀа антарктикин экспедици(ингалс.) «Франци»
Шарко ЖанЖан-Батист Шарко
Йуьхьанца Норденшельдан гӀоьнна операцина кечйинера. Болх бира Грейаман Латта тӀаьхь. [23]
[24]
[25]
1907—1909  Йоккха Британи Шеклтонан хьалхара экспедици
«Нимрод»

ШеклтонЭрнест Шеклтон
Шеклтонан хьалхара ша йен экспедици. Лаьттира Россан гӀайрен тӀаьхь. ДӀабиллира Бирдморан шалам, Полюсан акъари тӀе хьалабевлла. Кхаьчна 88° 23' къилба шоралле, Къилба полюсе кхача 180 км йисна, йуха берза бийзира йуург ца тоьина. [26]
[27]
[28]
1908—1910  Франци Шаркон йоьлгӀа экспедици(ингалс.) «Пуркуа Па — IV»
Шарко ЖанЖан-Батист Шарко
Экспедицис Беллинсгаузенан хӀорд тӀехь долийна белхаш кхин дӀадаьхьира. ДӀайиллира Маргерит айма, Шаркон а, Ренон а гӀайренаш, Микельсенан айма, Ротшильдан гӀайре. [23]
[29]
[25]
1910—1912  Японин импери Японин антарктикин экспедици
«Кайнан-мару»

Сирасэ НобуСирасэ Нобу
Дуьххьарлера Европера йоцу антарктикин экспедици. Теллина Эдуард VII Латта, дӀайиллина Россан шельфан шаломан бердашкара Кайнан бухта. ЖӀаьлеш доьжна кхаьчна 80° 05’ къилба шоралле. [30]
[31]
1910—1912  Норвеги Норвегин антарктикин экспедици (1910—1912)
«Фрам»

АмундсенРуаль Амундсен
Экспедицин «Фрамхейм» база йиллира Китийн бухтин баьрдашца. ДӀабиллира Хейберг Акселан шалам, цунна тӀехула салазан команда хьалайелира Полюсан акъари тӀе, 1911 шеран 14 декабрехь аьттонца кхечира Къилба полюсе. [32]
[33]
[34]
1910—1913  Йоккха Британи «Терра Нова» экспедици
«Терра Нова»

Скотт РобертРоберт Скотт
База лаьттара Россан гӀайрен тӀаьхь. 1912 шеран 17 январехь пхеа стегах лаьтта Скоттан команда кхечира Къилба полюсе, Амундсенал 33 де тӀаьхьа, йуха богӀуш берриш белира. [35]
[36]
[37]
1911—1912  Германин импери ШолгӀа германин антарктикин экспедици
«Дойчланд»

ФильхнерВильгельм Фильхнер
Экспедицин Ӏалашо йара Къилба полюсе кхачар, уггаре материк готта йолчохь цунна тӀехула чекхбовлар. Уэдделлан хӀорд тӀехь хала шенан хьал хиларна, кхача аьтту белира 77° 45’ къилба шоралле, тӀаьхьа йогӀучу планехь йоцучу дрейфаца. ДӀайиллина Фазелан айма, Луитпольдан берд, Фильхнеран шельфан шалам. [38]
[20]
[39]
1911—1914  Австрали Австралин антарктикин экспедици
«Аврора»

МоусонДуглас Моусон
Теллина карташ хӀиттийна Антарктидийн бердийн шуьйра кӀоштийн, Адэр мерера дуьйна. [40]
[41]
[42]
1914—1917  Йоккха Британи Империн трансантарктикин экспедици
«Эндьюранс»

«Аврора»

ШеклтонЭрнест Шеклтон

Энеас Макинтош
Экспедицин Ӏалашо йара Фильхнеран маршрутаца йерриг Антарктидех чекхбовла. Экспедици лаьттара шина тобанах: Шеклтонан, «Эндьюранс» кеманахь, Макинтошан «Аврора» кеманахь. Хала шенан хьелаша таро ца йира хӀоттийначу планаца чекхйаккха. Макинтош а, цуьнан ши новкъахо а велира. [43]
[44]
[45]
1921—1922  Йоккха Британи Шеклтонан — Роуэттан экспедици
«Квест»

ШеклтонЭрнест Шеклтон
Экспедицин Ӏалашо йара Уэдделлан хӀордаца долу бердаш таллар]]. Коьрта талламаш буьйлабалале велира Шеклтон. Хала шенан хьелаша йохийра экспедицин программа. [46]
[47]

«Турпала бӀешеран» экспедицешкахь белларш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Экспедици ЦӀе Гражданалла Кхелхина терахь Кхелхина меттиг Кхалхаран бахьна Бил.
Бельгин антарктикин экспедици Карл Август Винке Норвеги 1898 шеран 22 январь Къилба Ӏапказ Грейаман латтан гергахь Хи чу воьжна [48]
Данко Эмиль Бельги 1898 шеран 5 июнь Беллинсгаузенан хӀорд Дог гӀелделла
«Къилба ЖӀаран» тӀера экспедици Хансон Николай Норвеги 1899 шеран 14 октябрь Адэр мара, Антарктида йоьхьийн ун [49]
Британин антарктикин экспедици (1901—1904) Чарльз Боннер Йоккха Британи 1901 шеран 2 декабрь Литтелтон, Керла Зеланди Мачтин топ тӀера чувоьжна [50]
[51]
Джордж Винс Йоккха Британи 1901 шеран 11 март Россан гӀайре, Антарктида Шен Ӏинах хӀорд чувоьжна
Шотландин къоман антарктикин экспедици Аллан Рэмси Йоккха Британи 1903 шеран 6 август Къилба Оркнейн гӀайренаш Дог гӀелделла [52]
«Терра Нова» экспедици Эдгар Эванс Йоккха Британи 1912 шеран 18 февраль Бирдморан шалам, Антарктида Коьртан туьтан-хьен чов йина, хӀума ца йууш ваӀавелла [53]
[54]
[55]
[56]
[57]
Оутс Лоуренс Йоккха Британи 1912 шеран 17 март Россан шельфан шалам, Антарктида Ша шена тоьхна велла, шенан буране а вахана. Бала хьоьгуш вара гангреница
Роберт Скотт Йоккха Британи 1912 шеран 29 март Россан шельфан шалам, Антарктида ГӀелвелла
Эдвард Уилсон Йоккха Британи 29 марта 1912 Россан шельфан шалам, Антарктида ГӀелвелла
Генри Бауэрс Йоккха Британи 1912 шеран 29 март Россан шельфан шалам, Антарктида ГӀелвелла
Роберт Бриссенден Йоккха Британи 1912 шеран 17 август

Адмиралти айма, Керла Зеланди

Хин буха вахана
Германин шолгӀа антарктикин экспедици Рихард Фазель Германи 1912 шеран 8 август Уэдделлан хӀорд ЧӀурамцамгар [39]
[58]
[59]
Австралин антарктикин экспедици Бельграв Ниннис Йоккха Британи 1912 шеран 14 декабрь Георг V латта, Антарктида Шен Ӏинчу вожар [60]
Ксавьер Мерц Швейцари 1913 шеран 7 январь Георг V латта, Антарктида Хетарехь, А витаминан гипервитаминоз
Империн трансантарктикин экспедици Арнольд Спенсер-Смит Йоккха Британи 1916 шеран 9 март Россан шельфан шалам, Антарктида Цинга, ГӀелвелла [61]
[62]
Энеас Макинтош Йоккха Британи 1916 шеран 8 май Россан гӀайре, Антарктида Хетарехь, шен буха вахна
Виктор Хейвард Йоккха Британи 1916 шеран 8 май Россан гӀайре, Антарктида Хетарехь, шен буха вахна
Шеклтонан — Роуэттан экспедици Эрнест Шеклтон Йоккха Британи 1924 шеран 5 январь Грютвикен, Къилба Георги Коронаран тромбоз [63]

Экспедицешкахь хилла физикин а, психикин а чевнин тӀаьхьалонаш бахьнехь цӀа бирзинчул тӀаьхьа дукха хан йалале велла виъ стаг:

  • Харлув Кловстадт, «Къилба ЖӀар» тӀехь хилла экспедицин лор велла 1900 шарахь, бахьна хууш дац[64].
  • Йорген Петерсен, «Къилба ЖӀар» тӀера хьалхара гӀоьнча, велла 1900 шарахь Австрале цӀа вогӀуш новкъахь[64].
  • Бертрам Эрмитедж, «Нимрод» тӀера экспедицин декъахо, ша шена тоьхна 1910 шеран 12 мартехь[65].
  • Юхансен Фредерик Ялмар, Амундсенан экспедицин каюр, ша шена тоьхна 1913 шеран 9 январехь[66].

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Antarctic History - The Heroic Age of Antarctic Exploration. Cool Antarctica (2008 шеран 2 декабрь). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 6 декабрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
  2. Barczewski, Р. 19. (С. Барщевски насчитывала 14 экспедиций, рассматривая только исследователей, высаживавшихся на Ледяном континенте)
  3. Черри-Гаррард, 1991, с. 35.
  4. Huntford (Shackleton), 1985, p. 691.
  5. Fisher, 1957, p. 449.
  6. Antarctic Explorers - Adrien de Gerlache. South-pole.com. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 22 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
  7. Adrien de Gerlache, Belgica: Belgian Antarctic Expedition 1897–99. Cool Antarctica. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 19 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 22 майхь
  8. Huntford, 1985, p. 64—75.
  9. The Forgotten Expedition. Antarctic Heritage Trust. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 13 август. Архивйина 2012 шеран 22 майхь
  10. Borchgrevink, Carsten Egeberg (1864–1934). Australian Dictionary of Biography Online Edition. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 10 август. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
  11. Preston, P. 14
  12. Preston, P. 57-79
  13. Crane, P. 253 (map); P. 294-95 (maps)
  14. Fiennes, P. 89
  15. Erich von Drygalski 1865–1949. South-pole.com. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 23 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
  16. German National Antarctic Expedition 1901-03. Cool Antarctica. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 23 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 22 майхь
  17. Crane, P. 307
  18. Goodlad, James A. Scotland and the Antarctic, Section II: Antarctic Exploration. Royal Scottish Geographical Society. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 23 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
  19. Otto Nordenskiöld 1869–1928. South-pole.com. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 23 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
  20. 1 2 Barczewski, P. 90
  21. Scotland and the Antarctic, Section 5: The Voyage of the Scotia. Glasgow Digital Library. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 23 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 22 майхь
  22. Speak, P. 82-95
  23. 1 2 Mills, William James Exploring Polar Frontiers. ABC-CLIO. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 23 сентябрь. Архивйина 2013 шеран 16 октябрехь P. 135—139
  24. Jean-Baptiste Charcot. South-pole.com. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 22 майхь (Francais voyage)
  25. 1 2 Jean-Baptiste Charcot, 1867–1936: Biographical Notes. Cool Antarctica. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 22 майхь
  26. Scotland and the Antarctic, Section 3: Scott, Shackleton and Amundsen. Glasgow Digital Library. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 22 майхь
  27. Riffenburgh, P. 309-12 (summary of achievements)
  28. Huntford (Shackleton), 1985, p. 242 (map).
  29. Jean-Baptiste Charcot. South-pole.com. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 22 майхь (Pourquoispas? voyage)
  30. Roald Amundsen. The South Pole, Vol II(бил-боцу.). — London: C Hurst & Co(ингалс.), 1976. — ISBN 0-903983-47-8.
  31. Nobu Shirase, 1861–1946. South-pole.com. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
  32. Amundsen, Vol I P. 184-95; Vol II, P. 120—134
  33. Huntford, 1985, p. 446—474.
  34. Roald Amundsen. Norwegian Embassy (UK). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 25 сентябрь. Архивйина 2005 шеран 2 мартехь
  35. Scott’s Last Expedition Vol I P. 543-46, P. 580-95
  36. Preston, P. 184—205
  37. Explorer and leader: Captain Scott. National Maritime Museum. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 27 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
  38. Huntford (Shackleton), 1985, p. 366—368.
  39. 1 2 Wilhelm Filchner, 1877–1957. South-pole.com. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 28 сентябрь. Архивйина 2011 шеран 13 августехь
  40. Mills, S. 129 ff.
  41. Mawson, Sir Douglas 1882–1958. Australian Dictionary of Biography. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 28 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
  42. Douglas Mawson. Cool Antarctica. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 28 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 22 майхь
  43. Shackleton, P. 63-85
  44. Alexander, P. 143-53
  45. Tyler-Lewis, P. 193—197
  46. Huntford (Shackleton), 1985, p. 684.
  47. Fisher, 1957, p. 483.
  48. Буланн-Ларсен, Тур. Амундсен / Пер. Т. В. Доброницкой, Н. Н. Фёдоровой. — М.: Молодая гвардия, 2005. — (Жизнь замечательных людей). — ISBN 5-235-02860-0. С. 39.
  49. The Southern Cross Expedition. University of Canterbury, New Zealand. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 10 август. Архивйина 2012 шеран 22 майхь («First Burial on the Continent» section)
  50. Crane, P. 137—38
  51. Crane, P. 165—66
  52. Speak, P. 88—89
  53. Scott, P. 572—73
  54. Scott, P. 592
  55. Preston, P. 203—05
  56. Huxley, P. 345—46
  57. Huxley, P. 389
  58. Riffenburgh, Beau(ингалс.) Encyclopedia of the Antarctic(бил-боцу.). — Routledge, 2006. — ISBN 9780415970242. P. 454
  59. Headland, Robert K. Studies in Polar Research: Chronological List of Antarctic Explorations and Related Historical Events(ингалс.). — Cambridge: Cambridge University Press, 1989. — ISBN 9780521309035. P. 252
  60. Two of Antarctic Expedition Killed (PDF). New York Times (1913 шеран 26 февраль). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 4 декабрь. Архивйина 2012 шеран 22 майхь
  61. Tyler-Lewis, P. 191
  62. Tyler-Lewis, P. 196—97; P. 240
  63. Alexander, P. 192—93
  64. 1 2 Norway's Forgotten Explorer. Antarctic Heritage Trust. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 10 август. Архивйина 2012 шеран 22 майхь
  65. Riffenburgh, p. 304
  66. Huntford, 1985, p. 529.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]