Алазея

70°51′29″ къ. ш. 153°41′22″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Алазея
якут. Алаһыай
Сурт
Амал
Дохалла 1590 км
Бассейн 64 700 км²
Хи дайар 320 м³/с
ДӀаэхар
Хьост (B) хиш вовшахкхоьтийла: Кадылчан, Нелькан
 • Эрк долу меттиг Алазейн лаьмнийн акъари
 • Локхалла 116 м
 • Координаташ 67°57′46″ къ. ш. 148°16′07″ м. д.HGЯO
Хикхоче (B) Малхбален-Сибрехан хӀорд
 • Локхалла 0 м
 • Координаташ 70°51′29″ къ. ш. 153°41′22″ м. д.HGЯO
Эрк долу меттиг
Хин система Малхбален-Сибрехан хӀорд

Пачхьалкх
Регион Якути
КӀошташ Юккераколыман улус, Лахараколыман кIошт
Код  ПХР чохь 18060000112117700071351[1]
Алазея (Якути)
— хьост, — хикхоче
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Алазе́я (якут. Алаһыай) — Россера доккха эрк, охьадоьду Якутин къилбаседа-малхбалехула. Индигиркан малхбалехьахула кхета Малхбален-Сибрехан хӀордах.

Географи а, гидрологи а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Эркан дохалла — 1590 км[2], тайп-тайпана хьосташца цуьнан хи гулде майда ю 64 700 км²[2] до 74 700 км²[3]. Кхоллало Нелькан а, Кадылчан а эркаш Алазейн ломан акъари тIехь цхьаьна кхетча, лакхенашкахь 100 км гергга дохаллехь ломан амал ю. Кхин дIа тундрехула доьду, оцу декъехь цуьнан харш чIогIа меандраци еш ду, геннашца уьйр ю шортта Iаьмнашца[3].

Алазеян харш хьийзаш ду; хикхочехь эрк декъало цхьа могIа геннашна, царех уггаре даккхийнарш — Логашкина а, Тынялькут а ду. Эркан хин ражан амалехь ду дахделла бIаьстенан-аьхкенан дестар, цуьнан аьтту бо эркан майданахь алсама Iаьмнаш хиларо[3], цигахь ду 24 эзар кегийра Iаьмнаш.

Индигиркан хикхочен малхбалехьа дIакхета Малхбален-Сибрехан хӀордах.

Эркан хи лонах а, догIанах а долу. Хи дайаран йукъара барам 320 м³/сек хикхочехь. Эрк гIорадо сентябрь чекхболуш — октябрь болалуш, дукхах дерг дерриге а гIуорадо декабрь юккъе бахчи май кхаччалц, май чекхболуш июнь болалуш дастало[4].

Геннаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Уггаре доккха га (аьрру) — Россоха.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Алазея эрк тIехь оьрсийн дуьххьара цига баханарш Iиттабелира 1642 шарахь чукчаш къомаца[5]. Алазейн чIагIо юьйгIира эрк тIехь XVII бIешо чекхдолуш — XVIII бIешо долалуш[6]. ЦIе схьаэцна юкагирийн тайпанах алайг\арах, уьш кхерсташ бара оцу эркан йисташкахула[7].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 17. Ленско-Индигирский район. Вып. 7. Яна, Индигирка / под ред. И. В. Осиповой. — Л.: Гидрометеоиздат, 1966. — 328 с.
  2. 1 2 Река Алазея. Государственный водный реестр РФ. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 10 октябрь. Архивйина 2012 шеран 17 октябрехь
  3. 1 2 3 Лено-Индигирский район // Ресурсы поверхностных вод СССР / М. С. Протасьева. — Гидрометеоиздат, 1972. — Т. 17. — С. 73.
  4. Алазея // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  5. Большая Советская энциклопедия (2-издание) Архивйина 2013-10-04 — Wayback Machine
  6. Ополовникова Е. А. РУССКИЕ КРЕПОСТИ В СИБИРСКОМ ЗАПОЛЯРЬЕ Архивйина 2013-01-27 — Wayback Machine // Памятники быта и хозяйственное освоение Сибири. Новосибирск, 1989
  7. Кеп:Книга:Географические названия мира 1998

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]