Адаман хьеран-чуьйрийн тракт

1. Баганан хара (Cavum oris):
2. Стигал (Palatum)
3. Стигалан тӀилдиг (Uvula (palatine)
4. Мотт (Lingua)
5. Цергаш (Dentes.)
6. Туйнийн екхоъ:
7. Метта кӀелара туйӀийдарг (Gl. Sublingualis)
8. Мочхал кӀелара туйӀийдарг (Glandula submandibularis)
9. Лергаюххера туйӀийдарг (Glandula parotis)
10. Лаг (ТӀеда къамкъарган лаг)(Pharуnx)
11. ТӀеда къамкъарг (Esophagus)
12. ДоӀах (Hepar)
13. Стиман ахкарг (Vesica fellea)
14. Стиман юкъара пха (Ductus holedochus communis)
15. Хьер/зорх (Ventriculus, gaster)
16. Наб (Pancreas)
17. На̃баран коьрта харш
18. Коча йоьхь (Ӏntestinum tenue):
19. Голайоьхь (Duodenum)
20. Оза йоьхь (Ӏntestinum jejunum)
21. Хонан йоьхь (Ӏntestinum ileum)
22. Аппендикс (сов йоьхь)
23. Стомма йоьхь (Ӏntestinum crassum) :
24. Пурх дейоьхь (Colon transversum)
25. Ирхдоьду дейоьхь (Colon ascendens)
26. Къора йоьхь (Cecum)
27. Охьадоьду дейоьхь (Colon descendens)
28. Сеттина дейоьхь (Colon sigmoideum)
29. ДамагӀ (Rectum.)
30. Анус
Хьеран-чуьйрийн тракт (инг. Gastrointestinal tract, оьрс. ЖКТ) — бат тӀера анусе кхаччалц йолу тракт ю, цунна юккъе йогӀуш ю адаман а, кхийолу дийнатийн а ерриг кхача оьху меженаш. Багахула бууш кхачах эвсаралла йоккху а, энерги а худу. Бат а, тӀеда къамкъарг а, хьер а, чуьйраш а хьеран-чуьйрийн трактан дакъа ду.
«Хьеран-чуьйрийн» билгалдош хьер а, чо а юьйцучу хьолехь лелош ду. Тракт- гергара йолу анатомийн дӀахӀоттамийн я дегӀан йозу меженийн могӀа бу.
Дерриг букъсурт дийнатийн а, дуккхаха долу букъсуртдоцу дийнатийн а кхача оьху тракт ю. Хихудургаш а, книдариш а, ктенофорш а- юьххьера букъсуртдоцуш ю, церан кхоччуш йоцу кхача оьху тракт ю. Цера ши Ӏуьрг меттан цхьаъ ду.
Адаман хьеран-чуьйрийн трактан юкъайогӀуш ю тӀеда къамкъарг а, чо а, чуьйраш а. Тракт лакхарчу а, лахарчу а хьеран-чуьйран тракташна екъалуш ю.
Бат тӀера гоьте кхаччалц структураш чулоцу тракто. Цара хаддаза йолу татол кхуллу. Цу татолан юкъайогӀуш ю коьрта кхача ахьаран меженаш- хьер а, стомма йоьхь а, дуткъа йоьхь а. Цхьабакъду, адаман кхача ахьаран системан юкъайогӀуш ю ХьЧТ а, цу тӀе кхиъ гӀоьналлин меженаш а (мотт, туйнийн екхоьаш а, наб (лат. pancreas) а, доӀах а, стиман ахкарг а).