Абхазин а, Къилба ХӀирийчоьнан а дуьненайукъара-бакъонийн статус

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Йаззамехь йуьйцу Абхазин Республикин а, Къилба ХӀирийчоьнан Республикин хӀинца йолу дуьненайукъара-бакъонийн статус, ткъа иштта тӀаьхьа хила тарло хийцамех хаамаш а буьйцу.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Къилба ХӀирийчоьнан Республикин (КЪХӀР) Лакхара Кхеташоно республикин маршо кхайкхийна 1992 шеран 29 майхь[1] Гуьржийчоьнца герзашца дов хиллачул тӀаьхьа.

Абхазиc маршо кхайкхийра 1992-1993 шерашкахь Гуьржийчоьнца тӀом хиллачул тӀаьхьа. Шена чохь республико маьрша пачхьалкх а, дуьненайукъара бакъонийн субъект а кхайкхийна йолу цуьнан конституции тӀеийцира Абхази Республикин Лакхарчу Кхеташоно 1994 шеран 26 ноябрехь [2].

Маьрша республикаш кхайкхоро шуьйра дуьненайукъара гӀовгӀа ца яьккхира, 2000-гӀа шерийн шолгӀа дакъа тӀекхаччалц и пачхьалкхаш цхьаммо а къобал ца йира.

2006 шарахь Абхазис а, Къилба ХӀирийчоьно а вовше къобал йира; цул сов, церан маршо къобал йира къобал янза йолчу Депрйисттера Молдавин Республико а, Ломан-Карабахан Республико а.

Дуьненахь уьш къобал яран хьал хийцаделира Къилба ХӀирийчура тӀом чекхбаьлча 2008 шеран августехь.

Дов хиллачул тӀаьхьа шинне республикин маршо къобал йира Российс. Цунна доьхьала Гуьржийчоьнан парламенто «Гуьржийчоьнан мохк Российн Федерацис дӀалацарх лаьцна» цӀе йолу сацам бира[3].

И хиламаш чекхбевлча реакци хилира кхечу мехкийн а, дуьненайукъара кхолламийн а.

Абхазин а, Къилба ХӀирийчоьнан а маршо къобал йар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Абхазин а, Къилба ХӀирийчоьнан а дуьненайукъара-бакъонийн статус
     Абхази а, Къилба ХӀирийчоь а      Абхазин а, Къилба ХӀирийчоьнан а маршо къобал йина мехкаш.      Къилба ХӀирийчоьнан а маршо къобал йина мехкаш.      Абхазин а, Къилба ХӀирийчоьнан а маршо къобал ца йина мехкаш.

ВКЪКХ пачхьалкхаша-декъашхоша маршо къобал йар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Мохк Абхази
къобал йина терахь
Къилба ХӀирийчоь
къобал йина терахь
Коьрта
дуьненайукъара
кхолламашкахь
дакъалацар
1 Росси Российн Федераци 26 августехь 2008 26 августехь 2008 ВКЪКХ КХКХ
(гуттаренна декъашхо)

ЛПД
ОДКБ
ШЮДКХ
2 Никарагуа Республика Никарагуа 5 сентябрехь 2008 5 сентябрехь 2008 АЛБА
АПКХ
3 Венесуэла Боливаран Республика Венесуэла 10 сентябрехь 2009 10 сентябрехь 2009 АЛБА
КЪАКЪКХ
ОПЕК
4 Науру Республика Науру 15 декабрехь 2009 16 декабрехь 2009 ТОГӀФ
Къамнийн ДоттагӀалла
5 Шема Шеман Ӏаьрбийн Республика 29 майхь 2018 29 майхь 2018

Къобал янза я цхьаццама къобал йинчу пачхьалкхаша маршо къобал яр[нисйе бӀаьра | нисйе]

Мохк Абхази
къобал йина терахь
Къилба ХӀирийчоь
къобал йина терахь
Статус Дуьненайукъара кхолламашна
йукъахь хилар
1  Абхази 17 ноябрехь 2006 Цхьаццама къобал йина ЛДП-2
2  Къилба ХӀирийчоь 17 ноябрехь 2006[4] Цхьаццама къобал йина ЛДП-2
3  Приднестровье 17 ноябрехь 2006[4] 17 ноябрехь 2006 Къобал йанза ЛДП-2
4  Саьхьаран Ӏаьрбийн Демократин Республика 30 сентябрехь 2010
(де-факто)[5][6][7][8][9][10][11]
Цхьаццама къобал йина Африкин барт

Абхазин а, Къилба ХӀирийчоьнан а маршо къобал йина ВКЪКХ Пачхьалкхаш-декъашхой[нисйе бӀаьра | нисйе]

Росси[нисйе бӀаьра | нисйе]

2008 шеран 18 февралехь РФ Пачхьалкхан думас сацам-реакци йира Косовн маршо кхайкхорна а, иза ВКЪКХ Кхерамазаллин кхеташонан пхийттаннах йалх декъашхочо къобал йарна а, цунна чохь билгалдаьккхина, оцу факташа РФ некъ босту советийн хиллачу аренашкара къобал банза мехкийн статусан хаттар кхочуш дан (аьлча а Къилба ХӀирийчоьн, Абхазин, Приднестровьен, Ломан Карабахан).

2008 шеран 8 августехь буьйлабелира жигара тӀемаш цхьаьна агӀора Гуьржийчоьний, вукха агӀора Абхазиний, Къилба ХӀирийчоьний. Росси официалан девна йукъаяхара тӀаьхьарчеран агӀора.

2008 шеран 20 августехь Абхазин парламента дийхира Российга республикин маршо къобал яр[12].

2008 шеран 21 августехь и дехар къобал дира Абхазин дерриг къоман гуламо[13].

Медведев Дмитрийс кхайкхадо Российс Абхазин а, Къилба ХӀирийчоьн а маршо къобал яр
Российн президентан Абхази къобал ярах омар
Российн президентан Къилба ХӀирийчоь къобал ярах омар
Российн Президента Медведевс схьаоьцу тешамаллин грамоташ Къилба ХӀирийчоьн векалегара Медоевгара
Российн Президента Медведевс схьаоьцу тешамаллин грамоташ Абхазин векалегара Ахбегара

2008 шеран 22 августехь иштта дехар деира Къилба ХӀирийчоьнан парламентера[14].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Акт провозглашения независимости Республики Южная Осетия Архивйина 2022-04-06 — Wayback Machine
  2. Конституция Республики Абхазия Архивйина 2009-03-21 — Wayback Machine
  3. Грузия объявила Южную Осетию и Абхазию оккупированными территориями РИА «Новости»
  4. 1 2 Страны, признавшие независимость Республики Абхазия. Посольство Республики Абхазия в Боливарианской Республике Венесуэла. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 5 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 18 февралехь
  5. ПОЛИСАРИО: «Западная Сахара признает независимость и суверенитет Южной Осетии» // Regnum, 29.09.2010
  6. Константин Кочиев: независимость Южную Осетию признает Западная Сахара // Кавказский Узел, 30.09.2010
  7. Независимость Южной Осетии признала непризнанная Западная Сахара, на очереди — Алжир // NEWSru.com, 30.09.2010
  8. Грузия: Непризнанная Западная Сахара признала Цхинвал // Росбалт, 30.09.2010
  9. Semi-Recognized Western Sahara to Recognize South Ossetia // Georgian Daily, 29.09.2010
  10. Sahara Occidental discute independencia de Osetia del Sur // Russia Today, 30.09.2010
  11. Semi-Recognized Western Sahara to Recognize South Ossetia
  12. Абхазский парламент попросил у России признания независимости
  13. Народный сход в Абхазин проголосовал за независимость от Грузии
  14. Парламент Южной Осетии попросил Россию о признании