Абу Бакр аль-Калабади

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Абу Бакр аль-Калабади
أبو بكر الكلاباذي
Говзалла Ӏалим
Вина терахь X век
Вина меттиг Бухара
Кхелхина терахь 990 йа 995
Да Исхьакъ
Динлелор Ислам
МазхӀаб ханафитский мазхаб[d]
Лоруш волу динаш Ислам

Абу́ Бакр Мухьа́ммад ибн Исхьа́къ аль-Буха́ри аль-Калабади, йа аль-Калабази (Ӏаьр. أبو بكر الكلاباذي‎‎; вина Бухара — велла 990 йа 995 шо, Бухара) — хьанафийн факихь, уггаре а хьалха гӀарабаьллачарех Ӏаьрбийн меттара цхьаьна систематикан философин (мистицизман) белхан автор.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Мухьаммад аль-Калабади вина, ваьхна Калабад купахь (Бухарин йисттехь). Иза Ӏамийна гӀарабевлла Ӏелам наха Мухьаммад ибн Фадль (бакъо), Къасим Фарис (суьпалла), кхин а. Велла аль-Калабади, хетарехь, Бухарехь[1].

Белхаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шен дахарехь аль-Калабадис йазбина пхиъ йа йалх кхоллам. Царех вайга кхаьчна шиъ: «МаӀани аль-ахбар» а, «ат-ТаӀарруф ли-мазхӀаб ахль ат-тасаввуф». Хьалхара кхоллам доцца дика кхеташ а доцу маьӀна ду Мухьаммад пайхамаран этикан амалерчу хьадисийн. «Ат-ТаӀарруф» бу коьртачех цхьа кхоллам исламан хьалхарчу кхаа бӀешеран бусалбанийн мистицизм Ӏаморехь. Цуьнан лакхара мах хадабора тӀаьхьа догӀучу суьпийн чкъоьраша; масала, Яхьъя ас-Сухраварди аль-Мактул шайха (велла 1191 шо) тидам бина: «Нагахь ат-ТаӀарруф дацахьара, вайна суьпалла йевзар а йацара». Шена чохь охьайиллина суьпийн гаран а, практикан а система йолу болх дуьххьара вайга кхачийна жайна ду, цунна чохь гӀоьртина барт бан исламан а, цуьнца ца йогӀучу, мистицизман ойлан а. Жайнахь иштта кхетадо, суьпалла йуьззина лаьтта «бакъонах тешаран» гуран чохь, и система нийса хиларан шен шеко ца хилар а[1].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 Ислам: ЭС, 1991, с. 128.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]