Абстракци

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Абстра́кци (лат. abstractio — терго дӀаяккхар) — теоретикан жамӀ дар абстракци яран жамӀ санна.

Абстракци ярдовзарш Ӏаморан процессехь гӀеххьа йолу агӀонийн, хьолийн, объектан (хӀуман я хиламан) уьйранийн терго дӀаяккхар, Ӏалашо церан доллу, законашца догӀу хьесапаш гучудахар йолуш. Абстракци яран жамӀ — абстрацин кхема бу, масала: бос, саттар, хазалла, иштта кхин а.

Европин философехь а, логикехь а абстракци яран маьӀна до муьрашца кхетамашна продуцировани яран хьесап долуш санна, тӀаккха цара кхуллу алсама йукъара моделашабстракцийн иерархи. Уггаре чӀогӀа кхиина абстракцийн система ю математикин. Буьйцучу кхетаман терго дӀаяккхаран тӀегӀаах абстракцин тӀегӀа олу. Ӏалашонех доьзна, дийца мегар ду цхьаьна объектах тайп-тайпанчу абстракцин тӀегӀанера.

Абстракцин кхетам[нисйе бӀаьра | нисйе]

Абстракцин кхетам — шена чохь цхьаьна ойланан маьӀнан, хааман билгало йолу, амма цуьнца цхьаьна дӀаяьккхина ерриг конкретика а, Ӏалашонан агӀо а, иза бахьнехь шалха маьӀна долу, хӀораммо а тайп-тайпана тӀеоьцур болу кхетам. Цуьнан кепо дӀайоккху муьлхха а тайпана конкретика, ша гулдинчу зиеделлачунца интерпретаци ян есалла ло, ша йолчу индивидан ассоциацешца. Масала, «идеализм» кхетаман карор ю шортта билгалонаш, дукхаха ерш царех доккхаха долчу декъана философин а, йукъаратӀеэцна а маьӀнаш долуш хир йац, цундела ала мегар ду иза абстракцин бу, аьлча а кхета тарло тайп-тайпана хьожучу соне а, хьожуш волчунга а хьаьжжина.

Абстракци яр[нисйе бӀаьра | нисйе]

Абстракци яр — ойланца билгалдаьхна, цхьадолу элементаш билгалчу дукхаллин йукъара къасторан, оцу дукхаллин элементашна йукъара уьш дӀадахаран кхетаран хьесап. Иза коьртачех цхьа процесс ю адаман хьекъалан белхан. Иза тӀетевжина оьшучу юкълацаран, цуо таро ло кегоран объектан тайп-тайпана хьолаш ган. Оцу теорин жамӀ даро таро ло законехь ма-дарра хилар юхатоха коьрта толлу объекташ я хиламаш, уьш Ӏамо, ткъа иштта керла ца девза законехь ма-дарра долчунна прогноз ян. Абстракцин объекташ санна лела дийнна кхолламаш, шайна чудогӀуш болу адаман ойла яран чулацамкхетамаш, хетарш, сацамаш, законаш, математикин структураш, кхин а.

Абстракци иэшар билгалдоккху хьолаца, оцу хенахь къаьстина хуьлу баланан интеллектан амалан а, шен объект билггал хиларан йукъара билгалонаш. Оцу хьолехь стага леладо, масала, кхета таро хилар а, лам геометрин кеп санна бийцар, ткъа адаман болармеханикин зеразакъан болх санна.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Мировоззренческие и методологические проблемы научной абстракции. М., 1960;
  • Горский Д. П. Вопросы абстракции и образование понятий. М., 1961;
  • Розов М. А. Научная абстракция и её виды. Новосибирск, 1965;
  • Петров Ю. А. Логические проблемы абстракций бесконечности и осуществимости. М., 1967;
  • Яновская С. А. Методологические проблемы науки. М., 1972;
  • Лазарев Φ. В. О природе научных абстракций. М., 1971;
  • Лазарев Φ. В. Абстракция и реальность. — «Вестник МГУ», 1974; № 5;
  • Виленкш Н. Я., Шрейдер Ю. А. Понятие математики и объектов науки.— «ВД», 1974, № 2;
  • Ильенков Э. В. Диалектическая логика. Очерк истории и теории. М., 1984;
  • Новосёлов М. М. Об абстракциях неразличимости, индивиауации и постоянства, — В кн.: Творческая природа научного познания, М., 1984;
  • Новосёлов М. М. Абстракция и научный метод.—В кн.: Актуальные вопросы логики научного познания. М., 1987;
  • Sclmeider H. l. Historische und systematische Untersuchungen zur Abstraction. Erlangen, 1970;
  • Jules Vuillemin. La logique et le monde sensiable. Etude sur les théories contemporaines de l’abstraction. P., 1971;
  • Logic and abstraction. Göteborg, 1986;
  • Pollard St. What is abstraction? — «Nous», 1987, vol. 21, N 2;
  • Roeper P. Principles of abstraction for events and processes. — «J. of philos. Logic», 1987, vol. 16, N 3.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]