Абрамова, Светлана Михайловна
| Абрамова Светлана | |
|---|---|
| | |
| Йича тиллина цӀе | Абрамова Светлана Михайловна |
| Йина терахь | 1987 шеран 2 июль (38 шо) |
| Йина меттиг | Ленинград |
| Пачхьалкх | |
| ГӀуллакхан тайпа | телехьалхелелорг, журналист, йукъараллин гӀуллакххо |
| Да | Абрамов Михаил Николаевич |
| Нана | Фотина Инна Вениаминовна |
| Сайт | svetlanaabramova.ru |
Абра́мова Светла́на Миха́йловна (йина 1987 шеран 2 июлехь, Ленинградехь) — Россин телехьалхелелорг, журналист, телевизионан программийн автор, йукъараллин гӀуллакхо[1]. Алсама гӀарайаьлла реалити-шоу «Итт шо къона» хьалхелелорг санна, иза кхоллайелира «РЕН ТВ» тӀехь, ткъа тӀаьхьа гайтира «Хьалхара канал» тӀехь[2].
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Йина 1987 шеран 2 июнехь Ленинградехь, инженеран Абрамов Михаил Николаевичан а, метрологан Фотина Инна Вениаминовнин а доьзалехь. Ишкол чекхйаьккхича хаьржира тайп-тайпана кхаа говзаллин йукъахь: журналистикин, юриспруденцин, театран говзаллин, шен харжам сацийра юриспруденцин тӀехь. 2008 шарахь чекхйаьккхира Петарбухан пачхьалкхан университетан, юридически факультет (гражданийн бакъонан кафедра).
2009 шарахь Москохахь чекхйаьккхира Лакхара къоман телевизионан а, радион а ишкол, тӀаккха болх бан йолаелира телевизионехь. 2009 – 2010 шерашкахь дийшира Европин Colour & Style имиджан ишколехь говзаллица «Долара хатӀ».
Телевизионехь болх бан йолаелира 2009 шарахь. Карьера йолийра керланаш гайтарехь — шарахь болх бира спортан хаамийн хьалхелелорг дуьххьал дӀа эфирехь «Рен ТВ» телеканалехь. 2010 - 2011 шерашкахь йара «Прессе хьажар» рубрикин хьалхелелорг «РЕН ТВ» хаамийн арахецаршкахь[3][4].
Телепроекташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- «Спортан керланаш» (РЕН ТВ, 2009—2011)
- «Прессе хьажар» (РЕН ТВ, 2010—2011)
- «Нахан йукъа валар» (РЕН ТВ, 2011—2012)
- «БӀе процент» (РЕН ТВ, 2012—2014)
- «10 шо къона» (РЕН ТВ / «Хьалхара канал», 2014—2018)
- «Чомах дерг къуьйсуш дац» (World Fashion Channel, 2017—2018)
- «Россин Ӏуьйре» (Росси-1, 2020 дуьйна)
Шен дахар
[бӀаьра нисйан | нисйан]2017 шеран аьхка Абрамова Светлана маре йахара физике Ларсен Антоне. ЙоӀ йу Николь (20.07.2018).
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Светлана Абрамова: биография. Вокруг ТВ.
- ↑ Ведущая шоу "На 10 лет моложе" Светлана Абрамова: 7 советов по экспресс-преображению перед свадьбой. Hello (2017 шеран 25 июль).
- ↑ Светлана Абрамова: "Оптимизм - лучшее лекарство!". dv-reklama.ru (2015 шеран 26 апрель). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 9 декабрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 4 августехь Архивйина 2016-08-04 — Wayback Machine
- ↑ Светлана Абрамова. РЕН ТВ (2011 шеран 22 май). Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 22 майхь
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Бинарш 2 июлехь
- Бинарш 1987 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Петарбухехь
- Телехьалхелелоргаш абатца
- Россин телехьалхелелоргаш
- РЕН ТВ каналан телехьалхелелоргаш
- Хьалхара каналан телехьалхелелоргаш
- «Росси-1» каналан телехьалхелелоргаш
- XXI бӀешеран телехьалхелелоргаш
- Журналисташ абатца
- Россин журналисташ
- XXI бӀешеран журналисташ
- Петарбухан пачхьалкхан университетан юридически факультетера арахецнарш