Абажур

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Lampshades.jpg

Абажу́р (фр. abat-jour, ма-дарра — серло юкъург) — къуьдан коьрта дакъа; шуьйра лелайо интерьерийн дизайнехь, хӀусамаш исбаьхьа кечъеш.

Абажур уггаре хьалха лерина ю къегаш Ӏаткъамбечу серлонах бӀаьргаш лардан а, оьшу серло яр иза юхатохарца, дӀахударца я екъарца. Иштта абажур сих-сиха лелайо къуьда, чоь, хӀусам, уче кечъяран исбаьхьаллин элемент санна.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Абажур дуьххьала юкъаяьлла Францехь ши бӀе шо сов хьалха, оцу хенара дуьйна дерриг дуьненахь яьржина, чӀогӀа орамаш тесна дукхачу нехан хӀусамашкахь. Ширачу заманахь дуьйна хаьштигийн, чиркхийн, тӀехьуо мехкдаьттан чиркхийн серлонах бӀаьргаш лардан, адамаша кхуллура леррина металлан дуьхьалонаш.

ТӀаьх-тӀаьхьа оцу декоран элементан башха тидам тӀебохуьйтура дизайнераш а, декоратораш а. Абажураш ян йолийра тайп-тайпана кепара а, беса а, тайп-тайпанчу тайпана кӀадех, кечйора чечакхашца, хеборшца, туьтешца. ХӀинца абажур интерьеран оьшу а, функционалан а дакъа хилла ца Ӏа, амма эстетикан син-паргӀато а йо.

19 бӀешо чекхдолуш болало модернан мур. Цуьнан амалехь ду Ӏаламан мукъамашка, ораматийн а, тулгӀенийн бустамашка, кховдар. И дерриг а карийна интерьера дизайнехь. Абажураш тӀе дохкура зезагаш, гӀаш, полланаш, олхазарш. Ша абажуран бух хийцабала болабелира. Царна лора тайп-тайпана кепаш.

Юьхьанца абажураш кӀадех бен ца йора, амма говза дизайнераш Тиффани Луис (АЦШ) а, Антонин Дома (Франци) а бахьнехь тахана таро ю хьежа ангалин а, цӀена ангалин а абажуре. Тиффанис шен хьалхара абажур йира витраж хотӀехь дисинчу бес-бесарчу ангалих. Цунна хазахийтира ангалин кийсагаш тайп-тайпана стелаӀодан беснашца хийцадалар. Иштта кхоллаелира керла агӀо. Антонин Домас йира абажураш цӀена ангалих, хӀинццалца люстаршний бен лелош хилла доцу. ЦӀена ангали даран керла техника бахьнехь абажураш нисъелира Ӏаламан тайпана дуккха а дийна бесаш долуш.[1]

Яр[нисъе | нисъе чухулара]

Абажур ян тарло тайп-тайпанчу гӀирсех, масала, ангалих, пластмассех, металлех, кӀадих, картонах, куьйга йина цӀуоканах. Кепашца иза хила тарло, масала, конус, горгал, параболоид, параллелепипед, цилиндр я муьлхха а церан комбинаци. Абажуран чу хӀоттало цхьаъ я масех чиркх.

Абажур кечъян тарло тайп-тайпана техникашца: туьтанаш юцарца, тегарца, макрамеца.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. История абажура- История возникновения абажуров.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]

Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу яззам «абажур»

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Абажур — Краткая энциклопедия домашнего хозяйства/ред. И. М. Скворцов и др. — М.: Государственное Научное издательство «Большая Советская энциклопедия» — 1959.