Чулацаман тӀегӀо

Кулатов, Торобай Кулатович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Кулатов Торобай Кулатович
кӀиргӀ. Төрөбай Кулатович Кулатов
Парти
Дешар
СовгӀаташ

Кулатов Турабай Кулатович (28 декабрь 1907 [10 январь 1908], Российн импери, Ферганан область, Кхызыл-Булак эвла — 1984, ГӀиргӀазойн ССР, Фрунзе) — советийн пачхьалкхан а, партин а гӀуллакххо, ГӀиргӀазойн ССР Лакхара Кхеташонан Президиума председатель (1945—1978). ГӀиргӀазойн Республикин Турпалхо (2019, веллачул тӀаьхьа).

Биографи[бӀаьра нисйан | нисйан]

Вина къиенчу ахархочун доьзалехь.

1961 шарахь чекхйаьккхира ССКП ЦК Лакхара партин ишкол.

Белхан некъ болийра йалхочун тӀера.

1926 шарахь — цӀерпоштнекъан белхало, киранча, Кхизил-Кия шахтан маьӀданхо.

1934 шарахь дуьйна — шахтехь маьӀдан комитетан председатель.

1938 шарахь — Кхизил-Киян гӀалин кхеташонан кхочушдаран комитетан председателан гӀовс, цул тӀаьхьа «ГӀиргӀазойкӀора» трестан директоран гӀовс.

1938—45 шерашкахь — ГӀиргӀазойн ССР ХККх председатель.

1945—1978 шерашкахь — ГӀиргӀазойн ССР Лакхара Кхеташонан Президиуман председатель, 1946 шарахь дуьйна — ССРС Лакхара Кхеташонан Президиуман председателан гӀовс.

ЕКП(б) декъахо 1932 шарахь дуьйна. 1939—1981 шерашкахь ССКП Центран ревизин комиссин декъахо. ССРС Лакхара Кхеташонан 1—8-гӀа кхайкхаман депутат.

1978 шарахь дуьйна пенсехь.

СовгӀаташ а, сийлахь цӀераш а[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьосташ[бӀаьра нисйан | нисйан]