Басар (зезаг)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Басар
Басар 'Anne Loddon'
Басар 'Anne Loddon'
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Campanula L., 1753
Номенклатуран тайпа
Дочерние таксоны

Басар (лат. Campánula) — Басарнаш (Campanulaceae) доьзалера бецан ораматан тайпа. Тайпанан йукъайогӀу барамера климат йолчу мехкашкахь кхуьу 400 сов[2] кеп. Ӏаламехь хаало Кавказехь, Сибрехахь, Йуккъера а, Хьалхара Азехь, Европехь, мела а даьржина Къилбаседа Америкехь.

Россехь а, луларчу мехкашкахь а йагарйо 150 кеп, Российн европин декъехь — 15 кеп кхаччалц.

Басарш кхуьу меттигаш тайп-тайпана хуьлу, уьш кхуьу байнаш тӀехь а, хьаннашкахь а, гӀум-аренашкахь а, хаало кхин а гӀум-аренан а, тархийн дакъош тӀехь. Дуккха а, тайп-тайпана а кепаш кхуьу лаьмнийн субальпийн а, альпий а асанашкахь.

ЦӀе[нисйе бӀаьра | нисйе]

Тайпанан Ӏилмин цӀе Campanula йу, орамехь ду жимдаран тӀаьхьаралатинех а, итал. campána — «горгал», зезаган куц гойтуш[3].

Ботаникин дийцар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дукха шерийн, наггахь цхьана-шина шеран бецаш дийнна рогӀера гӀашца.

Заза дукхаха дерг горгагали кепара, айсина йа шекъана басахь, дукха хьолехь лила басахь, наггахь, наггахь кӀай. Зазан пхьаркан йа хорха кепара, наггахь цхьа заза долуш.

Экологи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бот йолу стом, бот йеллало диъ — йалх хералла йолу Ӏуьргашца.

Басарш къайла довлуш ду уьш зезагийн кочаршна лахьо дера а, уьш кхуьу меттиг йохош йолун дера. Наггагахь бен хаалуш дац, кхерамехь ду дӀадовла Европера 12 кеп, царех ах — Италин эндемикаш ду. Царна йукъахь: цхьатерра гӀаш долу басар, трансильванин басар, тризодан басар[4].

МаьӀна а, лелор а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цхайолу кепаш къаьста даккхийра зезагашца а, гӀулакх до декоративан орамато санна, масала, Campanula trachelium, Campanula latifolia, Campanula rotundifolia. ТӀаьххьара кеп йу орам болчура гӀаш гоьрга а долуш, ткъа гӀадцадерш — ланцеткепара.

Таксономи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Синонимаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кепаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шапталан гӀа долу басар
Campanula aucheri

The Plant List базин хаамашца (2016 август), тайпано йукъаузу шена 440 кеп[2]:

The Plant List сайтаy хаамашца:

Кепаш Басар ардонан (Campanula ardonensis Rupr.) а, Шелойеза басар (Campanula kryophila Rupr.) лору синонимаш Campanula bellidifolia Adam кепан.

Кеп Безенгийн басар (Campanula besenginica L.) охьайаьккхина бухара кеп Campanula bellidifolia subsp. besenginica (Fomin) Victorov статусе[5].

Кеп Зойсан басар (Campanula zoysii Wulfen) йагӀийтина тайпана Favratia цӀерца Favratia zoysii (Wulfen) Feer[6].

Европера а, Малхбузен Азера а басарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Таблицехь йалийна 50 кеп.

Ботаникин цӀе Нохчийн цӀе Сурт Ареал Европехь
Campanula alliariifolia Willd. CаьрамсекхгӀадолу басар
Campanula alpina Jacq. Альпийн басар
Campanula barbata L. Мажйолу басар
Campanula baumgartenii Becker Баумгартенан басар
Campanula betulifolia K.KOCH ДакхгӀен басар
Campanula bohemica Hruby
Campanula bononiensis L. Болоньян басар
Campanula carpatica L. Карпатийн басар
Campanula cervicaria L. ЧӀогӀамесала басар, йа Сен басар
Campanula cespitosa Scop. Байн басар
Campanula cochleariifolia Lam.
Campanula glomerata L. ЖӀуга йина басар, йа Вовшахтуху басар
Campanula grossekii Heuff.
Campanula isophylla Moretti
Campanula kladniana (Schur) Witasek
Campanula lactiflora M.Bieb. Шуринзезаган басар
Campanula latifolia L. Кеп:Тип ШуьйрагӀадолу басар
Campanula macrostachya Waldst.& Kit.ex Willd.
Campanula medium L. Йуккъера басар
Campanula moravica (Spitzn.) Kovanda
Campanula morettiana Rchb.
Campanula patula L. ДӀасадаьржина басар
Campanula pendula M.Bieb. Олладелла басар
Campanula persicifolia L. ШапталгӀадолу басар
Campanula petraea L.
Campanula portenschlagiana Schult. Портеншлаган басар
Campanula poscharskyana Degen Пожарскийн басар
Campanula pulla L.
Campanula punctata Lam. ТӀадамийн басар Сибрех, Цийцоь, Япон
Campanula pyramidalis L. Пирамидин басар
Campanula raddeana Trautv.
Campanula raineri Perp.
Campanula rapunculoides L. Рапунцелекепара басар, йа Хорсамкепара басар
Campanula rapunculus L. Рапунцель басар, йа Хорсаман басар
Campanula rhomboidalis L. Ромбкепара басар
Campanula rotundifolia L. ГоьргагӀадолу басар
Campanula romanica Savul.
Campanula sarmatica Ker Gawl. ЦӀарматийн басар
Campanula serrata (Kit.ex Schult.)Hendrych
Campanula sibirica L. Сибрехан басар
Campanula stenocodon Boiss. & Reut.
Campanula stevenii M.Bieb. Стевенан басар
Campanula tatrae Borbás
Campanula thyrsoides L.
Campanula trachelium L. НиттийнгӀен басар
Campanula transsilvanica Schur ex. Andrae
Campanula uniflora L. Цхьазезаг долу басар
Campanula waldsteiniana Schult.
Campanula wanneri Rochel
Campanula xylocarpa Kovanda
Campanula zoysii Wulfen

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Тайпанан хаамаш Campanula(ингалс.) терахьийн базехь Index Nominum Genericorum Ораматийн таксономин дуьненайукъара ассоциаци (IAPT).
  2. 1 2 Campanula (инг.). The Plant List. Version 1.1. (2013). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 4 август. Архивйина 2018 шеран 20 сентябрехь
  3. Каден Н. Н., Терентьева Н. Н. Этимологический словарь латинских названий растений, встречающихся в окрестностях агробиостанции МГУ «Чашниково» / Под ред. канд. филол. наук, доцента В. И. Мирошенковой. — М: Издательство МГУ, 1975. — С. 38. — 203 с. — 2050 экз.
  4. Белоусова, Л. С., Денисова, Л. В. Редкие растения мира. — М.: Лес. пром-сть, 1983. — 344 с. Кеп:Проверено
  5. Кеп:TPL
  6. Кеп:TPL

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Викидошаман логотип
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «басар»
  • Campanula(ингалс.): таксонех болу хаамаш Tropicos сайт тӀехь бу.
  • Campanula: «Плантариум» проектера таксонех хаамаш (ораматаш а, атлас тӀехь суьрташ долу кепаш а билгалйоккхург). (Хьаьжина 16 декабрехь 2015)
  • Колокольчик на сайте Энциклопедия декоративных садовых растений (Хьаьжина 1 ноябрехь 2009)