Ӏаьржа гӀиргӀа

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Ӏаьржа гӀиргӀа
Milvus migrans govinda.jpg
Ӏаьржа гӀиргӀа
Ӏилманан классификаци
Халкъашна юккъера Ӏилманан цӀе

Milvus migrans (Boddaert, 1783)

Ларяран статус
Wikispecies-logo.svg
Викихаамашкара
систематика
Commons-logo.svg
Суьрташ
Викигуламехь
ITIS   175469
NCBI   52810
EOL   1049133

Ӏаьржа гӀиргӀа — (en. Black Kite), (оьрсаша "Черный коршун" олу). Доккха олхазар ду иза, готтиро тIемаш а долуш. ЦIога йоьххьера жимма шалго дирзина ду, тукарца хадош юкх чу яьхьчи санна. Генара бIаьрг кхетчи Iаьржа хеталуш бу цуьнан бос. Цундела "Iаьржа гIиргIа" олу цунах. Амма цуьнан бос таьIна ал бу. ЧукIело хьаьрса ю, таьIна ал тIедарчий а долуш.

  • Корта басна сирло бу. И тайпа гIиргIанаш хуьлу Европехь, Азехь, Африкехь, Мадагаскарехь, Индо-Австралийски архипелагехь, Австралехь. Вайн Нохч-ГIалгIайн республикехь а ду и тайпа гIиргIанаш, массо а меттехь бохург санна. Бакъду, ламанийн даккъашкахь ца хуьлу уьш. Хин тогIеш, Iаьмнаш долу меттигаш еза царна. ГIалина а, ярташна а гергахьа даан напгIа долчохь хуьлу уьш. ДIай-схьай кхелхаш олхазар ду иза. Вайн махка схьадогIу мархи-биэкарг баттахь. Баннаш диттийн баххьашкахь до. Бен тобеш тIаргIа а бехчалгаш а кхин тайпа кIеда хIуманаш а йохку. ХIоьаш тушоли баттахь до 2-3.
  • Мокха тIедарчий а долуш, кIай хуьлу хIоьаш. КIорнеш мятсел баттахь бенара гIовтта. Тав, ардар баттахь бовхачу махка дIакхелха уьш. Лаккха хIаваэхь готуьйсуш лоху цара ижу. Еллачу бежнийн, кхин йолчу хIуманийн дилх, кегийра олхазарш, дехкий, моьлкъарчий, лаьхьий доу цара. Ялтийн хасстомийн аренашка тухучу дIовшо хIаллакдо уьш. Юьртабахамна пайдехь а хиларна, кIезиг а хиларна ларо дезачех ду Iаьржа гIиргIа.

Суьрташ[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажа. кхин[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]