Фламинаш

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Фламин цӀуйн куй (апекс) коьртахь. Бюст Луврера

Фламинаш (лат. flamines, цхьаллин терахь flamen) — Шира Румера цхьацца деланаш бу бохучера цӀуй.

Фламин дарж валлалц дара; фламинаш бекъалора кхаа лакхарчуна, — хоржуш хилла патрицех а, Юпитеран, Марсан, Квиринан культ лелочарах а, — кхин а шийтта лахарнаш, хоржуш хилла плебейн тайпанашкара а, гӀийлачу «деланашна» (Вулканан, Флоран, кхин а) гӀуллакх дечарна а йукъара.

Лору, кхаа лакхара фламинийн дарж кхоьллина Нума Помпилий[1] волуш. Империн муьрехь волчу 15 фламинан тӀекхийтира «деланаш» бинчу императорийн фламинаш.

Шен дарже кхачале фламинаш хилла Юли Цезарь а, Нерон а.

Юпитеран фламинан дарж (flamen Dialis) гуонаха хӀиттийна шорта, чӀогӀа нисдина низам а, бехкамаш а бара. Масала, иза вуьжуш волчу маьнгин ког хаттаца бехбина хила безара, коьртахь хӀума йоцуш аравала, говрахь лела цамагара, дийначу божах, буьдачу жижигах, хутал-бецах, кхоьшах хьакхавала йишйацара цуьнан, кхин дӀа а.

Фламинийн башха куьй бара, апекс (лат. apex — бохь) олуш. И жима куй зайт-диттан чкъоьрах бора. Цунах вевзара фламин, хӀунда аьлчи Ширачу Румехь апекс лелон цӀуйн-фламинийн бен бакъо йацара.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Фламины // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Фламинаш (инг.). — в Smith's Dictionary of Greek and Roman Antiquities.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]