Тарх

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Тарх йа Беж[1] — Ӏункара басеш а, ира юьхьигаш а йолу тӀулгийн окъам; Ӏункара йа кхозуш басеш, ира баххьаш болу араяьлла тӀулгийн ломан породаш.

Тархаш къевлина ца хуьлу йа кӀезиг къевлина хуьлу лакхара ораматаша: дукха хьолахь орамат корсам, хин бецаш, сенаргӀ хуьлу.

Тархаш хӀордан а, океанан а генахь хила тарло, берд бан а тарло, хин тӀехула довла а тарло жима гӀайре санна йа хӀордан бухахь айаделла хила тарло.

Хин тӀехула даьлла латта тарх йа гӀайре ларар — бух болу бахьанаш даладо дозанийн делимитацех болу дуьненайукъарчу къийсамашкахь: хьажа масала Украинин а, Румынин а йукъара мехкан къовсам.

Фотогалерей[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажа иштта[нисйе бӀаьра | нисйе]

Викидошаман логотип
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «тарх»

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. А.Исмаилов "Дош" Грозный, 2009, стр.32