Сийлахь-Йоккха Къилбаседа экспедици

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Сийлахь-Йоккха Къилбаседа экспедици
Оьрсийн хӀордахойн маршрутийн карта. 1773 шо, агархо Махаев Михаил
Оьрсийн хӀордахойн маршрутийн карта. 1773 шо, агархо Махаев Михаил
Куьйгалхо

Витус Беринг,

Муравьёв Степан
Мероприяти дӀайахьаран терахь 1733—1743

Сийлахь-Йоккха Къилбаседа экспедициоьрсийн хӀордахоша XVIII бӀешеран хьалхарчу декъехь Сибрехан арктикин бердашца Къилбаседа Америкин а, Японин а бердашка йина цхьа могӀа географин экспедицеш.

ДӀайаьхьира ворхӀ шеш йолчу тобанца 17331743 шерашкахь.

Литературехь хаало цуьнан кхин цӀераш а — «ШолгӀа Камчаткин экспедици», «Сибрехан-Тийнаокеанан экспедици», «Сибехан экспедици».

Хьалхара истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьалхара Камчаткин экспедици чекхйаьлча Беринг Витуса Адмиралтейств-коллеге кховдийра Къилбаседа Америкин а, Японин а бердашка хӀоттийна керла экспедицин проект. Цул сов, цуьнан проекто Сибрехан арктикин бердайисташ йийцар а чулоцура.