Сан-Антонио Спёрс

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Сан-Антонио Спёрс
Конференци Малхбузен
Дивизион Къилба-Малхбузен
Кхоьллина шо 1967
Истори Даллас Чеперрелс
1967–1970, 1971–1973

Техас Чеперрелс
1970–1971
Сан-Антонио Спёрс
1973—хӀ. а.

Стадион AT&T-центр
ГӀала Сан-Антонио, Техас
Долахо Питер Холт
Инарлин менеджер Р.С. Бьюфорд
Коьрта тренер Грегг Попович
Д-Лигин клубаш Остин Спёрс
Чемпионалла 5 (1999, 2003, 2005, 2007, 2014)
ЧӀагӀйина лоьмарш 10 (00, 6, 9, 12, 13, 20, 21, 32, 44, 50)
Официалан сайт
Форма
Форма
ЦӀера
Форма
ХьошалгӀара

«Сан-Антонио Спёрс» (инг. San Antonio Spurs) — профессионалан баскетболан клуб, ловзуш йу Къоман баскетболан ассоциацехь. Команда кхоьллина 1967 шарахь. Клубан база йу Техасера Сан-Антонио галахь. ЦӀера матчаш дӀахьо AT&T-центр аренехь.

«Сан-Антонио Спёрс» АБА хиллачу декъашхойх йеаннах цхьаъ йу, 1976 шарахь АБА а, КъБа а вовшахтоьхна цхьа лига йинчул тӀаьхьа хийца а ца луш КъБАхь дакъалоцучех[1], AБA йукъахь хиллачех КъБА коьрта хӀонс йаьккхина иза бен йац[2]. «Сан-Антонио» 5-зза КъБАн толамхо хилла (команда хилла КъБА чемпион 1999, 2003, 2005, 2007, 2014 шерашкахь[3]), Цул сов толам бац «Бостон Селтикс» (17), «Лос-Анджелес Лейкерс» (16), «Чикаго Буллс» (6) бен. 2015 шеран июлехь «Сан-Антонио Спёрс» клубо хьалхара меттиг йоккху Ассоциацин йерриг командашлахь КъБА плей-оффехь дакъалацаран процентаца, иза ца левзина 4 плей-оффан къовсамехь доцург ша КъБАхь мел ловзу: 89,7% (Лейкерсан – 89,6%, Селтиксан – 75,4%, Филадельфин – 71,2%, кхечера – 70% кӀезиг)[4].

2019 шеран апрелерчу хьолехь «Спёрс» 22-зза тоьлла шен дивизионехь[5]. Командо тӀаьхьарчу 25 шарахь 24-зза дакъалаьцна плей-оффехь (1989/90 шарахь дуьйна). Сан-Антонио йукъахь Данкан Тим веинчул тӀаьхьа, клубо дакъалецира плей-оффехь 18 шарахь 18-зза. Командин берриг тӀаьхьара кхиамаш бихкина бу командин коьртачу тренеран цӀарах Попович Греггах, иза «Спёрсан» тренер ву 1996 шарахь дуьйна[3][6].

«Спёрс» Сан Антониохь[нисйе бӀаьра | нисйе]

«Спёрс» Сан-Антониора цхьаъ бен йоцу команда йу, гӀала АЦШ профессионалийн йеа лигехь ловзуш йолу, изий бен йац 5 шарахь сов цунна йукъахь левзина. Дукхаха болу хилла ловзархой а болх беш бу клубан структурехь. Масала Дэвид Робинсон Академехь[en][7], ткъа Джордж Гервин Кегийрхойн Центрехь[8].

Статистика[нисйе бӀаьра | нисйе]

Къоман баскетболан ассоциацера 39 шарахь клуб 35-зза плей-оффе йелира 5-зза йаьккхира чемпионийн титул. «Спёрсал» алсама чемпион ца хилла «Бостон Селтикс» (17-зза), «Лос-Анджелес Лейкерс» (16-зза), «Чикаго Буллз» (6-зза) бен.

Ловзархой[нисйе бӀаьра | нисйе]

Карара хӀоттам[нисйе бӀаьра | нисйе]

Текущий состав[нисйе бӀаьра | нисйе]

Карара хӀоттам «Сан-Антонио Спёрс»
Ловзархой Тренераш
Поз. Гражд. ЦӀе Локхалла Возалла Стенгара
ТӀ Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ Лонни Уокер см кг
Ф Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ Келдон Джонсон см кг
ТӀ Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ Деррик Уайт см кг
ТӀ Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ Деджонте Мюррей см кг
ТӀ Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ Брин Форбс см кг
ТӀ Канада Джошуа Примо см кг
Ф/Ц Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ Дрю Юбэнкс см кг
Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ Джо Уискамп см кг
Ф Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ Девонте Кейкок см кг
Ф Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ Дуг Макдермотт см кг
Ф/Ц Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ Зак Коллинз см кг
Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ Девин Васселл см кг
Ц Австри Якоб Пёлтл см кг
Ф Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ Таддеус Янг см кг
Ф Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ Кейта Бэйтс-Диоп см кг
ТӀ Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ Тре Джонс см кг
Ц Австрали Джок Лэндейл см кг
Коьрта тренер
Тренеран ассистенташ

ХӀоттамДехьаваларш
ТӀаьххьара хийцамаш: 2021 шеран 18 октябрь

Баскетболан Сийлаллин зал[нисйе бӀаьра | нисйе]

Лелочуьра йукъара йаьхна лоьмарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш

  • 2015 шеран 1 9 июлехь «Спёрсо» йуха йукъайаьккхира лоьмар 12, иза йелира Олдридж Ламаркусан, Боуэн Брюсан пурбанца[9].

ГӀарабевлла ловзархой[нисйе бӀаьра | нисйе]

Википедехь йаззамаш болу «Сан-Антонио Спёрсан» ловзархойн юьззина испискаш, хьажа кхузахь

Тренераш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Monroe, Mike Ex-ABA players, Spurs settle suit. San Antonio Express-News (2014 шеран 2 август). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 апрель.
  2. Mendoza, Madalyn On this day in San Antonio history: The Spurs won their first NBA Championship 19 years ago. San Antonio Express-News (2018 шеран 25 июнь). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 апрель.
  3. 1 2 Berri, David Can Gregg Popovich Continue The Greatest Run In NBA History? Forbes (2018 шеран 4 октябрь). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 апрель.
  4. San Antonio Spurs officially become ‘best’ franchise in NBA history. FOX Sports (2015 шеран 3 март). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 апрель.
  5. Quinn, Chris The complete history of the Spurs in the NBA Playoffs. San Antonio Express-News (2019 шеран 5 апрель). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 апрель.
  6. McDonald, Jeff In San Antonio, success is spelled S-P-U-R-S. expressnews.com (2014 шеран 30 март). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 апрель.
  7. History. Carver Academy (2001 шеран 17 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 27 январь. Архивйина 2011 шеран 28 июлехь Архивйина 2012-06-07 — Wayback Machine
  8. George Gervin Youth Center. Iceman44.org (2012 шеран 12 декабрь). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 27 январь.
  9. With Bowen's blessing, Spurs to give No. 12 to Aldridge. MySA (2015 шеран 9 июль). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 9 июль.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]