Сайгак

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Сайгаг
Сайга
Ӏилманан классификаци
Халкъашна юккъера Ӏилманан цӀе

Saiga tatarica
(Linnaeus, 1766)

МаьӀнехь гергара дешнаш
  • Capra tatarica (Linnaeus, 1758)
  • Saiga ricei (Frick, 1937)[1]
Ареал
сурт
Реконструированный древний ареал сайгаков (белый) и современный ареал двух подвидов Saiga tatarica tatarica (зелёный) и Saiga tatarica mongolica (красный)
Ларяран статус
Wikispecies-logo.svg
Викихаамашкара
систематика
Commons-logo.svg
Суьрташ
Викигуламехь
ITIS   625120
NCBI   34875
EOL   1038782

Нохчийн маттахь Сайгак (оьрс. Сайгак) — олу. Сайгак адамаш дӀакхочучу меттера хӀаллакьеш ю. Оханаш дечохь, тракторш, комбайнаш лелочохь сайгакаш хуьлуш яц. ХӀинцачул 150 шо хьалха Польшехь а, Манголехь а хилла сайгакаш. Адамаш тӀаьхьара дӀа ца довлу царна. Жижиг, цӀокарчий хилла ца Ӏеш, чӀурамах терра ах сирла маӀаш яра адамашна пайдехь. Китайн лоьрийн дарбанашкахь пайдехь лоруш ю уьш.

  • Украинехь тӀаьххьара сайгак 1940-шарахь йийна бохуш ду. Юккъерчу Азин дазонашкахь а, Казахстанан цхьайоьлчу меттигашкахь а дуккху а хилла уьш.Ткъа хӀинца Европехь уьш йисна а яц. Азехь а тохарачул кӀезиг йисна.
  • Адамаша кера ерзора йолчу, хи доцчу аренашкахь хуьлуш яра сайгакаш. Царна тӀе кхача атта дацара. Цундела дукха ца хуьлура царна тӀаьхьа бовла хьуьнар долуш таллархой. Амма бай-латтанаш охуш, баха охьахуьйтуш адамаш герга гӀиртина царна. Адамаш герга мел кхечи гатто хилла сайгакашна. Царга таллар дихкина ца хиллехь кхин ткъех шо даьлчи наггахь бен карор яцара сайгак. Царна таллар дехкаро аьтту бина уьш дебийта. Казахстанехь сайгакийн яккхийра реманаш ю хӀинца а. Ирча хьайба бу иза. ТӀедаьлла ирча теран-дукъ ду цуьнан. Боьрша сайгак маӀаш хиларо жимма куьце ялайо. Ткъа, сте сайгак маӀаш а йоцуш ирча корта болуш ю. Мара лакхарчу балдех тӀехбаьлла бу цуьнан. Ежачу хенахь мара хьалахабабо цо. БӀаьра са а, лергийн само а дика ю цуьнан. Хьожанца а къастало цхьацца хьелаш. Бакъду, таллархойн кхерамах кӀелхьара йовлийла дацара церан ларъелчи а, евдича а.
  • Сайгак лаьмнашка а, хьаннашка а йоьдуш яц. Бакъду, Ӏаламан хьелашка хьаьжжина хуьйцу цо меттигаш. Цанаш дика йолчу меттехьа дӀагӀурту сайгакаш. Сайгако хи молуш гина стаг вац. Цхьа а тӀадам хи доцчу меттехь еха уьш. Гурахь вовшахкхетий яккхийра реманаш хуьлу царех.
  • Сайгакаш кортош охьаохкадой лела. Цундела церан рема генара хьаьжчи жах тера хуьлу. Адамах я экханах бӀаьрг кхетчи дӀалелха уьш, лакха хьала а кхиссалуш. Ялх метр гена кхоссало сайгак еддайоьдучу хенахь.Говр хаьхкича тӀаьхьа ца кхуьу царна. ВорхӀ-бархӀ де бен кхачаза йолчу кӀорнина а ца кхуьу говр хаьхкича тӀаьхьа.
  • Май бутт болалуш цхьаъ я шиъ кӀорни йо сайгако. Яхка кечлуш буц лекха а, луьста а йолу меттиг лоху цо, кӀорни кога яххалц кхаба а, экханах ларо а аьтто болчохь. КӀорнеш йинчу хьалхарчу деношкахь нана гена ца йолу царна. Ӏадда юьжий Ӏуьллу иза къайлехь. Сов Ӏуьйранна кӀорнеш а якхайой яжа йоьду нана. Цкъацкъа дукха гена йолий буса бен юха ца кхочу. Юхаеъчи кӀорнеш а якхайой, царна юххе охьаюьжу нана. Йина кхо-диъ де даьлчи ненаца юьйлало кӀорнеш.
  • Кегийра йолуш адамана кераӀема кӀорнеш. Яккхийрнаш шаьш ма-хиллара акха юьсу. Уьш кера ца Ӏема.

Хьажа. кхин[нисъе | нисъе чухулара]

Вайн махкан акхарой

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]