Роман

1000 йукъара цхьа йаззам
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Рома́нлитературин жанр, дукха хьолахь прозан хуьлу, кхоллаелла юккъера бӀешерашкахь романан къаьмнашна юкъахь ненан меттах лаьцна дийцар санна, ткъа хӀинца цунах уггаре а эпосан литературин даьржина тайпа хилла. Романо гойту адаман дахар шен карзахюьйлу шовкъаш (хьалхарчу планехь безам), къийсамаш, социалан юкъаметтигаш, Ӏалашоне кхачар. Шен дахаран стандартан боцучу муьран кризисан моментехь, даржийна диллина дахарех а, коьртачу турпалан (турпалийн) кхиарех а, роман къаьста дийцарх барамца, чолха чулацамца, буьйцу хиламаш шуьйра лацарца.[1]

Юккъерчу бӀешерашкахь яьржина яра рыцарийн дахаран романаш (паччахьах Артурех, Тристанех а, Изольдех а, Ланселотех, Гальский амадисех). Царна тӀаьххье юкъаевлира реализман кӀеж тӀетоьхна йолу хьарамчийн а, талорхойн романаш. Сатиран элементаш юкъатуьйхира Сервантеса а, Раблес а. Ингалсехь йолийна хьехаман а, дог кӀедаллин а романийн юьхьиг (Дефо, Ричардсон, Филдинг, Гольдсмит); циггахь шуьйра кхиа йолаелира историйн роман (Вальтер Скотт), амалаш йийцаран а, психологин а романаш (Диккенс а, Теккерей а). Дахар ма-дарра гайтаран а, натурализман а романан даймохк хилира Франци (Бальзак, Флобер, Золя, Гонкураш, Мопассан). Францино белла чӀогӀа дика идеалан, романтикан, психологин ишколийн романан векалш (Жорж Санд, Виктор Гюго, П. Бурже, кхин а). Немецойн а, италихойн а романаш тӀехьаюзура ингалсийн а, французийн а васташна. XIX бӀешерийн шолгӀачу декъехь а, XX бӀешераш долалуш а боккха Ӏаткъам бира европин литературин скандинавийн романаш (Бьернсон, Ли Ионас[2], Хьелланн, Стриндберг) а, оьрсийн (Достоевский, Л. Толстой) а.[1]

Романийн тайпанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дийцаре тайпан:[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • вича дуьйан валлалц турпалан дахар дуьйцуш («Парфюмер. История одного убийцы», Патрик Зюскинд);
  • вича дуьйна цуьнан халонаш чекхъяллалц («Дэвид Копперфильд», Чарльз Диккенс, «Бремя страстей человеческих», Уильям Сомерсет Моэм);
  • халонаш йолаелча уьш чекхъяллалц («Преступление и наказание», Фёдор Достоевский).


Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]