ПхьегӀаш

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ПхьегӀаш охьайехкина текх
Бошхепаш

ПхьегӀаш кхача кечбеш, бууш, латтош лело бахаман гӀирсийн йукъара цӀе. йерриг пхьегӀаш йекъало масех категорина:

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Генара заманара дуьйна адамо лелайора тайп-тайпана пхьегӀаш. Йуьхьанца пхьегӀаш кечйора сацкъар-латтах — каро а, лело а атта болу, йовхоно талха ца бо, тӀуналла чекх ца йолу гӀирсах.

Цул тӀаьхьа вайн эрал VI—IV бӀешо хьалха йукъайала йолайелла чуьйнан пхьегӀаш, цул тӀаьхьа цӀестан пхьегӀаш. Коьрта гӀирс болу сацкъар-латта хийца дийзира йиллина цӀеран тӀера йа пешахь, кхехко панелаш (конфоркаш лело йаллалц). Кхин а тӀаьхьа, XX бӀешарахь йукъайевлира мекха ца дулу болатан пхьегӀаш. XX бӀешеран 50-гӀа шерашкахь йукъайевлира, тахана а гӀарайаьлла йу йага ца йо тӀехуло йолу пхьегӀаш.

Ӏалашонца[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кхача кечбен[нисйе бӀаьра | нисйе]

Оцу категорин векалшца вай хӀора дийнахь Ӏиттало кухни чохь (коьртаниг металлан хуьлу) — уьш зайланаш, йайнаш, [[Чами (пхьегӀа)|чамеш ду.

Текх кечден[нисйе бӀаьра | нисйе]

Оцу категори йукъайогӀу, вайн текха тӀехь гуттаренна го пхьегӀа. Кхузахь гӀирсаш бу ангалех (балурах): бошхепаш, зӀоканаш; кхийранах йа кӀайчу кхийранах берамбуьллургаш, кедаш, куршканаш; шортта металлан гӀирсаш — Ӏайгаш, мӀараш, уьрсаш. КӀезиг ца лелайо пластикин цкъа лело пхьегӀа — иза, шеко йоцуш, чӀогӀа цӀена ду, амма йезачу ресторанашкахь лелор оьзда ца лору.

Йага ца йойту чкъор долу пхьегӀа[нисйе бӀаьра | нисйе]

Таханлера пхьегӀан тӀехь ган тарло шортта йуург йага ца йойту чкъоьрнаш. Алсама хаало Teflon а, Whitford а къовламаш, уьш дина америкин компаниша. Амма йага ца йойту чкъор пхьегӀаш йеш кхин шортта компанеш йу, цара йо наштарх йа болатах. ТӀаьхьарчу заманахь йукъайаьлла кхийра чкъор диллина пхьегӀаш.

Къовламаш къастало чкъоьрнийн барамца, стоммаллица, механикин айпанашна дуьхьала дика лаьтташ. Уггаре буткъа къовлам, 10-15 мк хуьлу, лелабо хӀума йоттучу кепашна буьллуш, хӀунда аьлча механикин ницкъ цигахь кӀезиг болун дела. ПхьегӀашна, дукха хьолехь, лелабо 25 – 50 мк стомма къовлам.

Алсама лакхара классан къовламашна чохь йалпаран кийсигаш хуьлу, цара и къовлам чӀагӀбо — тайп-тайпана арахецархойн оцу Ӏалашонна лелайо кхийранан а, алмазан а чан, йа кхин тайп-тайпана тӀетохамаш, дукха хьолехь минералех бевлла.

Хьажа иштта[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Посуда гончарная. Посуда деревянная. Посуда майоликовая. Посуда металлическая. Посуда пластмассовая. Посуда стеклянная. Посуда стеклянная для домашнего консервирования. Посуда фарфоровая и фаянсовая // Товарный словарь / И. А. Пугачёв (главный редактор). — М.: Государственное издательство торговой литературы, 1959. — Т. VII. — Стб. 289—322 — 563 с.
  • Кеп:Книга:Культура питания