Нурадилов, Ханпаша Нурадилович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Ханпаша Нурадилович Нурадилов
Khanpasha Nuradilov 140-190 for collage.jpg
Вина де

6 июлехь 1922({{padleft:1922|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:6|2|0}})

Вина меттиг

Мини-АтагӀа, ДегӀаста, РСФСР, СССР

Кхелхина де

12 сентябрехь 1942({{padleft:1942|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (20 шо)

Кхелхина меттиг

Волгоградан область, Серафимович, РСФСР, СССР

Пачхьалкх

СССР СССР

Эскаран тайп

дошлой

Звание

сержант

БӀахойн дакъа

5-гӀа гвардин дошлойн дивизи

Куьйгалхо

пулемётан взвод

Латараш/тӀемаш

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом

СовгӀаташ

Советски Союзан Турпалхо
Ленинан Орден
ЦӀен Байракхан орден
ЦӀен Седан орден

Ханпаша Нурадилович Нурадилов (1922 шаран 6 июль — 1942 шаран 12 сентябрь) — Советски Союзан турпал. Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо. Цо хӀаллаквира пулемётаца 900 сов немцойн салти, 7 пулеметан ларар, схьалецира 14 мостагӀан салти.[1]

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Ханпаша винера 1922 шаран 6 июлехь Мини-АтагӀахь (тахана ДегӀастан Новолакски кӀоштан Гамиях юрт).

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь иза вара 5-гӀа гвардин дошлойн дивизин пулемётан взводан куьйгалхо. Захаровка юртан уллехь цуьнан пулемётан тобанера иза цхьаъ бен ца висира, и ша а чов йина вара. Амма цо шен пулемётаца фашистийн тӀелатар сацийра царех 120 хӀаллак а веш.

1942 шаран январехь Толстой юртан уллехь шен хьалха боьлхуш болу накъосташан гӀо деш иза шен пулемётаца царца хьалха вахара цера некъ цӀанбеш. Оцу латарехь цо хӀаллаквира 50 фашист а, 4 пулемёт а. И хьуьнар бахьнехь цунна елира ЦӀен Седан орден а, сержантан звани а.

1942 шаран февралехь Шигры юрт схьайоккхуш цуьнан пулемётан тобанан накъостий хӀаллакбира. Ша чов йина волушшехь, цо тӀом а бира, 200 гергга фашист а хӀаллаквира. 1942 шаран бӀаьстехь Байрак юрт схьайоккхуш цо хӀаллаквира 300 сов немцойн салти. И хьуьнар бахьнехь цунна елира ЦӀен Байракхан орден.

1942 шаран 12 сентябрехь Сталинградан областан Серафимович гӀалан уллехь Нурадилов вара пулемётан взводан куьйгалла деш. Шена чӀогӀа чов йишашехь цо шен пулемёт ца йитира. Цо хӀаллак йира 250 фашист а, 2 пулемёт а. Оцу динахь иза велира.

1942 шаран 21 октябрехь фронтан газетас «Красная Армия» язйира Нурадилован лерина материал:

« Доблестный рыцарь нашей Отчизны. Бессмертный герой Кавказа, сын солнца, орел орлов, боец Ханпаша Нурадилов, убивший девятьсот двадцать врагов. »

Иза дӀавоьллира Мамаев курган тӀехь.

1943 шаран 17 апрелехь СССР Лакхара Советан Президиуман сацамца Ханпаша Нурадилован елира Советски Союзан Турпалан цӀе.

СовгӀаташ[нисъе | нисъе чухулара]

Виццавар[нисъе | нисъе чухулара]

Х. Нурадилован лерина арахецна СССР почтан марка, 1944 шо
  • Мамаев Курган тӀехь йолу мемориалан комплексехь ду Ханпаша Нурадилован лерина дина мемориалан у;
  • 2008 шаран апрелехь Мини-АтагӀехь (ДегӀастан Новолакски кӀошт) еза схьайиллира Х. Нурадилован хӀоллам;
  • 1944 шарахь Х. Нурадилован лерина арахийцира СССР почтан марка;
  • Ханпаша Нурадилован цӀе тиллина Нохчийн пачхьалкхан театран;
  • Нурадилово (хьалха хилла Дауд-отар) — ДегӀастан Хасавюртан кӀоштехь йолу юрт.
  • Ханпаша Нурадиловех лаьцна 1986 шарахь «Азербайджанфильм» киностудехь яккхира исбаьхьалла фильм «В семнадцать мальчишеских лет»[2].

Культура[нисъе | нисъе чухулара]

Ханпаша Нурадилов сурт ду[3] «Сталинградан латар» цӀе йолу панорамехь.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]

Hero of the Soviet Union medal.png Нурадилов, Ханпаша Нурадилович. Cайт «Пачхьалкхан турпалхой». Теллина 15 ноябрь 2014.