Малхбален-карибийн пачхьалкхийн кхоллам

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Малхбален-карибийн пачхьалкхийн кхоллам
Малхбален-карибийн пачхьалкхийн кхолламан мехкийн декъашхойн карта

Малхбален-карибийн пачхьалкхийн кхоллам (инг. Organisation of Eastern Caribbean States (OECS)) — Карибийн майданан мехкийн Экономикин а, валютин а барт.

Кхолламан мехкийн берриг бахархой 2008 шарахь — 636 000 гергга стаг, майда — 3 147 кв. км.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Малхбален-карибийн пачхьалкхийн кхоллам баран бертан куьг йаздира 1981 шеран 18 июнехь. Административан йукъ — Морне (Сент-Люси).

Пачхьалкхийн йукъара валюта ду — малхбален-карибийн доллар. Валюташца операцеш лелайо Сент-Китс гӀайренан тӀехь йолчу Малхбален-Карибийн Центран банкехула (ECCB). Центран Банкан бен йац кхолламан декъахойн пачхьалкхийн мехкашкахь ахча арахеца. Малхбален-карибийн доллар лела OECS ворхӀ пачхьалкхехь а, Ангильяхь а. Британин Виргинийн гӀайренийн махкахь лелош долу валюта АЦШ доллар ду.

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кеп:Панамериканалла