Ле Корбюзье

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Ле Корбюзье
Le Corbusier
Ле Корбюзье, 1933 шо
Ле Корбюзье, 1933 шо
Вича тиллина цӀе:

Шарль-Эдуард Жаннере-Гри

Вина

6 октябрехь 1887({{padleft:1887|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:6|2|0}})

Вина меттиг:

Ла-Шо-де-Фон, Швейцари

Кхелхина

27 августехь 1965({{padleft:1965|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:27|2|0}}) (77 шо)

Кхелхина меттиг:

Рокебрюн — Кап-Мартен, Франци

Корматалла:

архитектор, художник, дизайнер

Гражданалла:

Швейцари Швейцари
Франци Франци

СовгӀаташ:
  • 1953 — Британийн архитекторан Паччахьан институтан Дашо медаль;
  • 1961 — Америкин архитекторан институтан Дашо медаль;
  • 1961 — «Кхиамашна» цӀе йолу Францин орден;
  • 1961 — Франк Браунан медаль;
  • 1963 — Флоренци гӀалан Дашо медаль.
Сайт:

http://www.fondationlecorbusier.asso.fr/

Куьг таӀор

куьг таӀор

Ле Корбюзье (фр. Le Corbusier; бокъул цӀе Шарль-Эдуар Жаннере-Гри (фр. Charles-Edouard Jeanneret-Gris); 1887 шаран 6 октябрь, Ла-Шо-де-Фон, Швейцари — 1965 шаран 27 август, Рокебрюн — Кап-Мартен, Франци) — Швейцарехь вина французийн архитектор, модернизман пионер, художник, дизайнер.

Корбюзье хатӀ башхалаш[нисъе | нисъе чухулара]

Ле Корбюзье ву ХХ бӀешаран вокхучарах архитектор. Цьуна цӀе йоккху Фрэнк Ллойд Райт а, Вальтер Гропиус а, Мис ван дер Роэ а цӀарашна уллехь. Иза, уьш санна, архитектуран реформатор вара.

Корбюзье гӀарвелла шен башха проекташ бахьнехь а, шен исбаьхла публицистика бахьнехь а.

Цьуна проекташца дуьне мадду гӀишлош йина — Швейцарехь а, Францехь а, Германехь а, Америкехь а, Аргентинехь а, Японехь а, Россиехь а, Индехь а, Бразилехь а.

Ле Корбюзье архитектуран билгалонаш яра — лаьттан тӀоьхула айбина блокаш; царна бухаш паргӀата летта колоннаш; шера тхойнаш-терассаш («тховтӀехь йолу бешаш»); чекх са гуш фасадаш («паргӀат фасадаш»); гӀоргӀа, тӀехуле кеч ца йина бетон; шорта паргӀат меттиг йолу этажаш. Цкъа маццахь цуьна шен йолу кепаш, хӀинца уьш таханлера архитектурехь массара лелош хӀумнаш ду[1].

Цуьна кхоларалла дуьне мадду даржар бахьанш ду цуьна боламе универсаллала а, цуьна ойлане юкъариллина чулацамца а. Цу юкъаеккхира архитектурехь паргӀата кепаш. Цуьна проекташ а, гӀишлош а бахьнехь архитекторий дог-ойла хицаелла. Цундела паргӀат кепаш архитектурехь дуьне мадду ержира.

Иза ша-тайпа стаг вара: мистик а, юкъараллин лидер а, Халкъан юккъера вайн хенан архитекторин конгрессаш вовшахтохархо а, нахах лечкъаш Кап-Мартен мысехь долу шен жима цӀахь Ӏаш волу халбатхо а, пайден боламе апологет а, цуьна заманехь Ӏийна архитекторашна цхьа а пайда боцуш хетна гӀишлош йина архитектор а.

Цуьна доладийрашна юкъахь бара Андре Мальро а, Джавахарлал Неру а.

Цо даимна лелайора таьӀна костюм а, галстук-полла а, горга маьӀа куьзганаш а.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Пять отправных точек современной архитектуры

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Кеннет Фремптон. Современная архитектура: Критический взгляд на историю развития. М., Стройиздат, 1990. ISBN 5-274-00223-4
  • Уиттик Арнольд. Европейская архитектура XX века. Эра функционализма (19241933 гг.), т.2. М., 1964
  • Всеобщая история архитектуры, т. 11. Москва, 1973
  • Ле Корбюзье. Архитектура XX века. Изд. Прогресс, 1977
  • Ренато Де Фуско Ле Корбюзье — дизайнер. Мебель, 1929. «Советский художник», 1986
  • Ле Корбюзье. Модулор: Опыт соразмерной масштабу человека гармоничной системы мер, применимой как в архитектуре, так и в механике. Стройиздат. 1976
  • Ле Корбюзье, М. В. Предтеченский Путешествие на Восток. Стройиздат. 1991
  • Коэн, Жан Луи ЛЕ КОРБЮЗЬЕ. Арт-Родник, 2008. ISBN 978-5-9794-0136-2
  • Le Corbusier: textes et planches. Prèface de Maurice Jardot. Editions Vincent, Frèal & Cie Paris. 1960. (Переиздана на русском яз. в 1970 г.)
  • Миронов А. В. Философия архитектуры: Творчество Ле Корбюзье. — М.: МАКС Пресс, 2012. — 292 с., ил., 500 экз., ISBN 978-5-317-03961-5

Хаьжорагаш[нисъе | нисъе чухулара]

1000HA.png