Лекъ

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Лекъ
Weibliche Wachtel (Coturnix coturnix).jpg
Сте лекъ
Ӏилманан классификаци
Халкъашна юккъера Ӏилманан цӀе

Coturnix coturnix (Linnaeus, 1758)

Ларяран статус
Wikispecies-logo.svg
Викихаамашкара
систематика
Commons-logo.svg
Суьрташ
Викигуламехь
ITIS   553871
NCBI   9091
EOL   914847

Лекъ (инг. Common Quail, оьрс. Перепел) — Котамийн тайпанах уггаре а жимах дерг лекъ ду. Iаьржа тIедарчий а долуш, ал бос бу цуьнан. ЦIога доца ду. ЧукIело сирла ю. НIаьнин лог кIело Iаьржа ю. Меан хаьндарг къорза ю. Лекъаш ялтийн аренашкахь, цанашлахь хуьлуш ду. Шиъ цхьана кхетий ца лела уьш. Бен бацалахь а, ялташна юккъехь а бо лекъо, жимма ор а доккхий, чу бецаш а йохкий. Тойна май баттахь доккху. ХIоьаш даккхийра тIедарчий а долуш хуьлу 7-I5. Дукхах йолу хан лаьттахь йоккху лекхаша. Бацалахь лечкъий хуьлу уьш. Дитташ тIе ховшуш Iедал дац церан. ТIома гIаьттича гена далале охьахоу лекъ. ТIемаш тохар чиха а, дадар чехка а ду. Декар иштта ду боьршачу лекъан "пит-пипить, пить-пипить". Лекъийн даар коьртачу декъана бецан хIу ду. Садолу хIумнаш а йоу цара.

Хьажа. кхин[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]