Лаьхьарчий дуу аьрзу

Хlара гlирс Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Láh́arçiy duu árzu

Láh́arçiy duu árzu, Лаьхьарчий дуу аьрзу — (en. Short-toed Eagle), (оьрсаша "Змееяд" олу), Дехийра тIемаш а долуш, боккха корта а болуш олхазар ду иза. Букъ Iаьржа бу цуьнан, моккха бос а бетталуш. ЧукIело кIай ю Iаьржа хийцалуш томмагIнаш а долуш. ТIемийн йоьхьигаш а Iаьржа ю. Цуьнан цIоганан дохалла 3-4 сиз ду. БIаьргаш можа а, баккхийра а бу. Месаш нилха а до долуш а ю. ТIемаш дIай-схьай даржичи I,8 м.

  • И тайпа аьрзунаш ю Европан декъехь а Къилбаседехьа Ленинграде а, Рыбинске а, Казани а кхаччалц, Сибрехьа къилбаседа-малхбузехьа кхаччалц болчу мехкашкахь а, Юккъерчу Азехь а, Кавказехь а, Закавказехь а, дозанал дехьа къилбехьа Европехь а, Африкехь а къилба-малхбузехьа Азехь а. Вайн Нохч-ГIалгIайн республикехь и тайпа аьрзунаш ю ламанца а, лаха аренашкахь а, хьаннийн хотешкахь а, хин тогIешкахь а. Баннаш нилха синтарш а дохкуш , диттийн баххьашкахь до цара. Цхьа хIоа до апрель я май баттахь. Иза кIай хуьлу.
  • Тойна 45 дийнахь доккху. КIорни хIоьачуьра схьаяьккхинчул тIаьхьа шиъ бутт баьлчи, тIемашца гIотту. Ядар атта ду цуьнан. ХIаваэхь тIам ца ластош готуьйсу цо. Ижонна лаьтта охьа хьоьжуш, тIемаш а лестош, цхьана меттехь лаьтта иза. ТIома гIаьттина иза йоьдучу хенахь, дика го некъа тIехь Iаьржа томмагI. Екаран аз дахдеш ду. Масала, иштта "хиий-о". Цуьнан коьрта даар лаьхьарчий ду. Наггахь моьлкъа а боу цо, пхьид а йоу. Уьш кIезиг хиларна ларо езаш ю.

Súrtaş[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажа. кхин[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]