Котам
Котам | |||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
| |||||||||||||||||||||||||||||||||||
Ӏилманан классификаци | |||||||||||||||||||||||||||||||||||
йуккъера рангаш
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе | |||||||||||||||||||||||||||||||||||
Gallus gallus (Linnaeus, 1758) | |||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
Котам (лат. Gallus gallus) — уггаре дукха а, даьржина а карадерзийна олхазар ду, иза йу карайерзийна кеп банкиван джунглин котаман. ТӀома йолу гӀо а, гена а ца йоьду. Карайерзоран йехачу исторехь адамо даьхна дукха бес-бесара котамийн тайпанаш. Котамаш ду уггаре пайденчарех а, шен сурсаталлехь дика а, карадерзийна олхазарш. Кхоба уьш жижигна а, хӀоьашна а, цул сов, пелаг а, мас а.
Схьайалар а, карайерзоран истори а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Акха дай
[бӀаьра нисйан | нисйан]Караерзийна котамаш схьаевлла лору Азех ехачу акха банкиван котамех (Gallus gallus). Банкиван, йа цӀиен, джунглин котам йоцуш тӀилдагийн котамийн (Gallus) тайпана йукъайогӀу кхин а кхоъ кеп: сира джунглин котам (G. sonneratii), цейлонан джунглин котам (G. lafayettei), баьццара джунглин котам (G. varius). Оцу тайпанан акха векалш йеха ХӀиндин, ХӀиндоцийн, Къилба Цийн, ХӀинданезин, Филиппинийн мехкашкахь.
Хан а, карайерзоран центраш а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Шен белхашкахь Дарвин Чарлз тӀетийжина хьалхара тешаллаш[1], гойтура котамаш карайерзоран хан вайн эрал 2000 шо хьалха ХӀинди йолчохь. Гуттара тӀаьхьарчу талламхоша[2] чӀагӀдора, иза хила тарло вайн эрал 3200 шо гергга хьалха, кхин хьалха а кхечу Азин регионехь. Тахана гулйина дукха факташ, тешалла деш йолу котамаш карайерзоран кхин а шира истори хиларех — вайн эрал 6000 -8000 шо хьалха — Къилба-Малхбален Азехь а, Цийхь[3] а. Митохондриалан ДНК талламаш гайтина, таханлерачу котамийн дай караберзийна вайн эрал 3500 шо гергга хьалха азин регионехь[4]. Цул сов, митохондриалан ДНК анализо гайтина кхоъ гергара гаплотоба хилар карадерзийначу олхазарийн: гаплотоба Е (дуьненахь йаьржина дукхах йолу караерзийна котамаш), гаплотоба D (йаьржина Тийна океанан кӀоштехь), гаплотоба В (Къилба-Малхбален Азехь).
Ширачу заманахь котамаш йаржар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Шира Мисрахь котамаш йахкар йукъадаьлла вайн эрал 1,5 эзар шо хьалха Тутанхамонан маьлхан каш чохь (вайн эрал 1350 шо хьалха). Вайн эрал 900—800 шо хьалха дуьххьара котамаш гучуевлла Эфиопехь[5]. Мисрара Буто гӀалара котаман кӀорнийн даьӀахкаш йу вайн эрал 685—525 шераш хьалхара[6] КӀеззиг хьалха котамаш гучуевлла Гергара Малхбалехь. Желтойчу уьш кхаьчна антикан мур болабелчи, ткъа цигара йаьржина йерриг Европехула[7]. Афинехь Диоген Синопскийс котам тилийна, Платона адамах шина кога тӀиера месаш йоцург, аьлла чӀагӀдича.
Инжил чохь хьахайо ЯхӀудехь Понтий Пилатан заманахь котамаш лелор (Ӏийса пайхӀамара аьлла Петран, цуо кхузза дин дуьтара ду бӀоргӀал кхайкхале — Мф. 26:34). «Суьрташ долу йуьззина гӀарайаьлла йолу Библин Энциклопедин» тӀехь (1891) оцу чоьтан иштта хаам битина:
Котам, боргӀал — бахаман девзаш долу олхазар ду. Ӏийса пайхӀамаран заманахь котамаш чӀогӀа даьржина олхазарш дара ЯхӀудехь, иза хаъал гуш ду Инжийлан чохь. Цигара схьа хӀоа Керла Весетехь гойту даар санна (Лк. 11:12). Петр Делах къаьстачу хенахь боргӀал кхайкхаран тешалла до берриг Инжил йаздинчара (Мф. 26:34, 75, Мк. 14:30, 68, 72, Лк. 22:34, Ин. 13:38). БоргӀал кхайкхарца буьйса йоларан билгало хилар массарна а хууш гӀуллакх дара (Мк. 13:35). Тевна хиина котаман шен кӀорнешна дика нана а, Ӏу а хиларан къаьсташ йолу амал гойту Ӏийса пайхӀамара Иерусалиман хьажийна долу шен дешнашкахь: «Иерусалим, Иерусалим… массазза лиира суна цхьаьнатоха хьан бераш, олхазаро шена тӀемаш кӀела гулдеш санна, ткъа шуна ца лиира» (Мф. 23—37)[8].
Тайпанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дуьненахь йу дукха тайпана котамаш, тайп-тайпана кепара, беса[en], лелоран башхаллашца а, агӀонашца а. ХӀора тайпанан шен беса хӀоа хуьлу, масала: кӀайн, мокха, баьццара, айсина, цӀиен[9]). Таханлерачу заманахь зӀакардаьни лелоран европин стандарташца 180 гергга котамийн тайпа ду. Амма дерриг Дуьненан тӀехь уьш кхин а дукха ду.
Бахаман агӀора хьаьжчи, шен коьрта сурсатийн амалашца тайпанаш декъало ишттачу коьрта тобанашна:
- хӀоьаш доху тайпанаш (котамаш къаьста хӀоьаш дахарца),
- йукъаралелориш (жижиган-хӀоьийн тайпа),
- жижиган тайпанаш (алсама жижиган котамаш, царна йукъахь бройлераш а),
- декоративан тайпанаш (лелайо эстетикан Ӏалашонна, коьрта башхалла куц ду),
- леташъерш (леррина лелайо нӀаьнийн летаршна).
Оцу агӀонийн тайпанийн хуьлу конституционалан а, экстерьеран а башхаллаш. ХӀоьийн котамаш — кегийра,сиха йаккхий хуьлу, сиха кхуьу. Жижиган-хӀоьийн тайпана котамаш йаккхийро йо, дилха дика кхиина, кхуьу мелла меллаша. Цул сов, хьалха билгалдахара тайпанаш, экаме доцуш, тевна хууш, дегӀ доккхуш, деза долуш[10].
Хьалхе дуьйна девза хӀоьийн тайпа:
Баккхий зӀакардаьхний бахамаш кхуллучу заманахь (1920-гӀа — 1930-гӀа шераш) олхазарийн тайпанашна классификации йан йолийра хьесапашца; масала, М. Ф. Ивановс кховдийра олхазарийн тайпанашна географин хьесапан чот йеш классификаци йар[11].
Дукхаха долу хьалхалера котамийн тайпанийн, леггорн йоцург, ладамалла дайра таханлерачу йаккхий масштабашкахь хӀоаш даран хьолашкахь. Кегийчу доларчу бахамашкахь иза а, цхьадолу кхин а тевна ца доккху тайпанашна йаккхий меттигаш йеза йолайала, Ӏаьнна йовха чоь а йеза. Царех дукхах йолчара шеран 10 баттахь хӀоьаш доху. Шарахь цхьаьна котамо даьхна кхочу 250 а, сов а; алсама доху хӀоаш бӀаьста а, аьхка а.
Промышленностан зӀакардаьхний лелорехь, оцунна йукъахь жижиган промышленность а, хӀоаш дар а ду, лелайо гибридан а, котамийн кроссаш а. Цуьнца цхьаьна котамийн дика хӀу даккхаран белхан коьрта Ӏалашо йу башха хӀоьаш дахаран а, жижиган а асанаш йахар, гибридан хӀоьаш доху котамаш а, бройлераш а йахархьама церан хӀу иэдан магар зиер.
Куц
[бӀаьра нисйан | нисйан]Котамаш 1,5 - 5 кг хуьлу тайпане хьаьжжина. Боьршанаш йеза хуьлу стечарал: йукъара башхалла 1 кг кхочу. Цул сов, хуьлу буйдолан тайпанаш — 500 г тӀиера 1,2 кг кхаччалц.
Котамий чӀогӀа билгала йу сте-боьршаллин диморфизм. Боьршанаш къаьста стечарех уггаре хьалха къегина месашца, уьш дика къаьста дехачу семсачу цӀоган а, лаг а тӀехь. БоргӀалийн коган лахарчу декъехь кхуьу даьӀахкаш — тӀехьапӀелгаш. Котаман а, боргӀалан а коьрта тӀехь хуьлу дика къаьсташ маж а, тӀилдиг а. Уьш терморегуляцин меженаш йу, цӀий чкъоьре дӀахьажо таро ло. Дукха хьолахь боргӀалан тӀилдиг йоккха хуьлу котамчул. ТӀилдигаш хуьлу: гӀанкепара (масех церг ийолуш), ровзанкепара, чкъоьргкепара, кхечу кепара а. КӀорнийн дика къаста ца ло тӀилдиг а, маж а, уьш дегӀан басахь хуьлу. ЗӀок кӀеззиг хьевзина йу. ЗӀокан а, когийн а бос дукхаха долчу тайпанийн тера бу: можа, кӀайн-ровзанан, Ӏаьржа, кхин а. Месийн бос тайп-тайпана бу.
Лелор а, лелар а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дукхаха йолу котамаша йолайала тоам бо жимачу меттигах. Котамаш, халачу хенан хӀоттамна экаме ца хиларна, Ӏаьнан доккхаха долу дакъа доккху баннашкахь а, божалашкахь а. Промышленностан зӀакардаьхний лелоран хьолашкахь котамаш лелайо йаккхийчу гӀишлош чохь (цӀенкъахь йа цӀелиг чохь).
Котамашна йукъахь каннибализм хуьлуш меттиг а йогӀу, нагахь хаа гӀерта олхазаро зӀок йетта йолайахь кхечу котаман чов, ткъа кхин а бун тӀех йуьзина хиларна стресс хилчи, церан даарехь белокаш, метионин, цхьацца микроэлементаш (масала, саьнгал) тоьуш ца хилчи. Промышленностан зӀакардаьхний лелорехь иштта хӀума ца хилийта Ӏалашо йолуш (каннибализм, зӀакарш йеттар), хӀоъ дика баийтархьама а зӀакарш хедайо (⅔ лакхара а, ⅓ лахара а дакъош). И болх (дебикировани) лазаме бу котамашна, хӀунда аьлчи церан зӀок чохь йуткъа Нервийн чеккхенаш йу.
ХӀусаман котаман иттех озан хаам бу. Орцан хаамо билггала къаьставо хӀаваан а, лаьттан а мостагӀ. ХӀаваан орцан хаам — йеха цахедда къекъар, ткъа шолгӀаниг — хиедаш къекъар[12].
КӀорнис, хӀоан чохь доллушехь, схьадала масех де диссинчк хенахь озаца хабар дуьйцу, иттех кепара хаамца, тевнахь йолчу котамца[13], масала:
- Хаам «дӀахеца со» — цӀеххьана гӀовгӀа, тера хуьлу хӀинцца схьадаьллачу кӀорни караэцчи хьокху махьарх.
- Реза хиларан хаам — лакхара чкъардеш аз, хӀоьан чуьра кӀорнис цуьнца жоп ло паргӀата йаха гӀерта къурдйоьллачу котаман хаамна йуург гучуйаьлчи.
- Къайлайаларан хаам — хӀоанчуьра долу лоху а, сингаттаме а аз, кӀорни ненан тӀома кӀела лачкъа лааран хаам бу. Котамо жоп ло кӀакъари дарца, тӀаккха кӀорни паргӀата долу.
- Орцан хаам — лакхара чӀеӀар, хӀоьан жоп ду сингаттаме орцан хаамна мостагӀ гучуваьлчи.
Котамо доггаха доккху бедан а, гӀезан а тевна[12].
Даар а, даор а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Котаман потакан хӀоттамца, цуо буу хӀоъ, хила беза кӀезгачу барамехь а, сих-сиха бууш а. Котамаш хӀуъа а йуу: цара дуу кегийра хӀуш, буц, гӀаш, нӀаьний, сагалматаш, кегийра букъа даьӀахк ерш[14].
ЦӀерачу бахамехь котамийн коьрта даар тайп-тайпана кепара йалташ ду, царех сула, мукх, ал дуга, хинджбуц уггар дика дуу. Уьш котамашна дао мега могашаллин новкъа а доцуш, тӀе а йогӀуш гуттаренна а. Котамаш сих-сиха латта охку йаккхий сагалматаш, нӀаьвцицигаш, хӀуш лоьхуш. ХӀоъ тӀе кӀеззиг барам буц, дийнатех дина даар (хьалха, масала, говр жижиг, йакъийна чхьаьвриг тухуш хилла), котамаш йажош ца хилчи, пайден йу: цуо хӀоаш дахар тӀетуху. Деккъа беца даар (аьхкенан йуьххьехь, хӀуш кхиале) йа алсама жижиг тоьхна хӀоо (из ало цхьаболчу котамаш лелочара) организм гӀелйо, ишттачу котамийн хӀоа пайден дац тевна даккха. Муьлхха а хӀоъ балахь а котамашна гӀум а, кегийра тӀулгаш а дала деза, алсама кира кхеттадерш. Тарло, цара потак чуьрчарна херонаш еш хилар, таккха йуург ахьа атта хуьлу, цхьа дакъа даша а деший, хӀоан чкъуьйриган а, дегӀан даьӀахкашна а доьду. Революцин хьалхара Россехь (1917 шо кхачале) котамашна йуурган магош дара тайп-тайпана демех куьйга дина хьокхамаш, бод хьакхабора шурийн тӀехь думца, амма иза йукъа ца делира (механа деза дара)[10].
Йаккхий тайпана котамашна оьшу хӀоъ, йуккъерачул кӀезиг а, кӀезиг а барамера. Гуттаренна цхьа норма хӀотто йиш йац (Ӏай аьхка паргӀатонехьчул алсама); йуккъера барам 85 г йалта цхьаьна коьртана тоьуш хилар лору. Ӏай хӀоъ шозза ло: Ӏуьйрана а, сарахь а, аьхка цкъа ло. Тайп-тайпана хӀоъ болчара сих-сиха йаайо, цундела котамаш экама а, схьайоьхуш хуьлу, йуста а йо.
Промышленностан хьолашкахь котамашна баабо башха хӀоъ, тӀе белок а, йалта а тухуш. Рацион йукъа туху 2—3 кепара йалта — хьаьжкӀаш, мукх, кхин дӀа а. 65—70 % бекъа хӀоъ, даххаш (8—12 %), бекъа дийнатех баьккхина хӀоъ — чӀеран а, жижиган-даьӀахкан а дама (3—5 %), йекъа дрожжеш (1—3 %), жӀовнеш, бецан дама, минералан хӀоъ а, витаминаш а. ЗӀакардаьхний кхиина долчу мехкашкахь, тайп-тайпана хенара котамашна хӀоъиэбаран промышленносто арахоьцу кийчча йуьззина рожан комбинации йина хӀоъ.
Дебар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьалха йеза тайпана котамаш (брама, кохинхин) лелош цхьаьна боргӀална тоуьйтура 15 - 20 котам, йайн а, партала хьуьнаралла а долчу котамашна — 30 - 50, ткъа наггахь 100 кхаччалц а. Оре лаца уггаре дика хан лорура 1 шо. ХӀоьаш дахар долалора январехь; мартехь довха денош даьхкича иза тӀекхетара, цахеддаш а дора; уггаре алсама хуьлура апрелехь, майхь, июнехь; совцура тила йолаелчи. Шеш 20 - 50 хӀоа даьккхича котамаш тевна ховшу. Бена чу дуьллура 10 - 15 хӀоа, котаме хьожжий. Котам тевнахь Ӏа кхаа кӀирнах. Тевна ца доккху тайпана котамаш лелош, ткъа кхин а шортта кӀонеш дохучу баккхий бахамашкахь а, тевнара котамаш аьттонца хуьйцура инкубаторца[10].
ХӀинца сте-боьршаллин дакъа дикачу хӀун котамашна йукъахь — цхьа боргӀал 8—12 котаман. Котамаш сиха кхиаралла (дуьххьара хӀоа даран хан) — 5—6 бутт. Тилар дикачу котамийн лаьтта 2—3 кӀирнах, гӀуочеран — ши бутт сов. Тилар чекхдаьлчи, хӀоаш даха йолало, нагахь дика даош кхобуш йалахь. Котамийн таро йу хӀоьаш даха 10 шарахь. Промышленностан бахамашкахь экономикин пайден ду котамаш хӀоьаш доху хьалхара шарахь лелайар, хӀунда аьлчи хӀоьаш дахар хенаца охьадолу 10—15 % шарахь; дика хӀу лелочу бахамашкахь — 2—3 шарахь, кхин тӀе 2—3-гӀа шарахь йуьту лакхара сурсаталлин олхазар бен ца дуьту. Дикачу хӀун жӀуга лаьтта 55—60 % кегийрачарех, 30—35 % ши шо долчарех, 10 % кхо шо долчарех. БоргӀалаш лелайо ши шо кхаччалц, уггаре мехалнаш — кхаа шарахь.
Даа хӀоьашна котамаш боргӀал йоцуш а лело мегар ду, хӀунда аьлчи котамаша пхьарданза хӀоьаш доху[15]. Котаман хӀоа дан боргӀалан пхьардар оьшуш а дац, ткъа котамийн лакхара хӀоьаш дахаран селекцино таро ло, котамашкара дуккха а пхьарданза дааран хӀоьаш даха дерриг шарахь а[16]. Цул сов, ехачу селекцин жамӀашца дукхаха йолу котамийн тевнахааран инстинкт гӀийла йу. ХӀоьийн инкубаци а, кӀорнеш дахар а инкубаторашкахь леладо. КӀорнин эмбрионан кхиаран мур 21 дийнахь-буса хуьлу. КӀорнеш даха пайден долу хӀора котамера хӀоьэх масех иттаннашкахь кӀорнеш дахало.
Кегийра котамаш кхиор
[бӀаьра нисйан | нисйан]ЦӀера бахамехь схьадевлла кӀорнеш ненаца дуьту йовхачу гӀишло чохь; цхьа кӀира даьлчи, нагахь йовха йалахь, арадоху. КӀорнешна массанхьа а ло тайп-тайпана токхе хӀоъ: кхехкийна дохийна хӀоьаш, Ӏевнан, цӀиен дуган, дуган хударш, кхин а. КӀорнийн берриг кхиаран мур, уьш кхиина довллалц боькъу шина декъе: 1) схьадовларгара 3 бетте кхаччалц а, 2) 3 беттера 6 бетте кхаччалц а. Хьалхарчу декъехь хуьлу хьалхара, ткъа тӀаьхьарчу — шолгӀа месаш йовлар. Цу декъашка хьожжий хуьйцу хӀоъ а. Кхуьучу кӀорнешна, церан организм чӀагӀйаларе а, кхиаре хьаьжжина чон меттана месаш йовлу, ткъа хьорзамах даьӀахкаш хуьлу (1-ра дакъа), тӀаьхь-тӀаьхьа лагӀбан беза кӀеда хӀоъ, иза хийца беза декъа йа Ӏа тоьхна йалтанца тӀе даьӀахкийн дама а тухуш. ТӀаккха, чо месашца хийцабелчи (2-гӀа дакъа), царна ло декъа эран доцу йалта.
Кегийра котамаш кхиор
[бӀаьра нисйан | нисйан]Йалх бутт кхочучу хенахь йуккъера (барамца а, кхиина даларца а) кӀорнин хуьлу дика кхиина дегӀан даьӀахкаш а, месаш а, лору кхиина йаьлла котам. Гуьйрана буьйлало харжа. Дикачех дакъа (йоккхаллийца а, могашаллийца а, кхиарца а) йуьту хӀудоло, йиснарш кечйо йайа йа хьалха йустайо. Хьалха цхьацца мехкашкахь, дукхах дерг Ингалсехь а, Америкехь а, йусто билгалйаьхна боргӀалш йоӀура[10].
Йустор
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьалхарчу хенахь йустош лелабора йустайале хьалха луш хилла болу йалтан сортан хӀоъ, амма алсама даман кепара, кӀезиг йа дукха коча бод а хьакхабой. Йустош йоккха роль лелайора шуро а, дуьмо а; хьалхарчо жижиган ховхалла а, кӀайлла а лора, шолгӀачо гӀо дора сиха йустийта. Аьхка котамаш йустайора шина кӀирнах. ГӀийла котамаш хьалха баабора бекъа хӀоъ, тӀаккха уьш ховшайора йусторан бенаш чу, царна чохь котамаш меттаха ца йовлалора, цундела уьш йустор сиха хуьлура. Йуьхьанца котамаша сутараллийца тӀеетталора кӀедачу хӀоъна, амма йастарца аппетит тойан тайп-тайпана чамбийриш йаайора, йа нуьцкъала тӀуьна хӀоъ харданган чубуттура иза йуззалц, йа чутоттура бедан авголаш. Йустийна котамаш 3,6 кг кхочура[10].
Адамаш а, котамаш а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Бахамехь иэшар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Котамаш уггаре а чӀогӀа дуьненахь даьржина бахаман олхазар ду: 2003 шарахь церан популяции хилира 24 млрд корта[17]. Котамаш лелоро йоккха роль ловзийна ца Ӏа зӀаькарадаьхни лелорехь, берриг йуьртабахамехь а ладаме йу уьш, цара ло даалуш, дораха дааран сурсаташ (жижиг а, хӀоьаш а), ткъа иштта мас, мехала удобрени (боьхалаш). Котамийн хӀоьаш а, жижиг а промышленностан бух тӀехь дархьама йина йаккхий зӀакардаьхнилелоран фабрикаш а, леррина зӀакардаьхнийлелоран бахамаш.
- Уггаре йаккхий импортераш: Росси — 1,22 млн т, Цийчоь — 0,87 млн т, СаӀудийн Ӏаьрбийчоь — 0,43 млн т, Мексика — 0,37 млн т, Япон 0,35 млн т[18].
Россехь котамаш лелайаран истори[10]
[бӀаьра нисйан | нисйан]Революцел хьалхарчу Россехь Москохахь а, Пиетарбухехь а, Ӏай динчу керлачу хӀоьэх дика махлучехь, хӀоьаш ден тайпанаш кӀезиг лелайора: уггаре пайден йара Ӏай бен хӀоьаш ца доху, готта меттигехь кхаба мега котамаш (плимутрок, лангшан[da], виандот, брама, кохинхин). Ӏа чекхдаьлчи уьш йохкара йа жижиган, йа тевна ховшо, церан мах мартехь, апрелехь кхочура 5 соьме. ХӀоьаш дохкар а, котамаш хӀоьашна лелор а Россехь шо шере мел дели даьржара.
Нагахь хӀоьашна муьлхха а дегӀ долу котам магахь (масала, йай куц долу гамбурган, цхьаьна агӀора, йеза партал брама а, кохинхинка а, вукха агӀора), жижиган магара дегӀ долу котамаш. Оцу Ӏалашонна лелайора жижиган котамаш, кхечарех къаьста коьрта башхалла — башха йолу некхан даьӀахк, иза бахьнехь накха шуьйра а, буьззина а, арагӀоьртина а хуьлу. Ишттачу накхан тӀехь алсама жижиг кхуьу (жижиган котамийн и жижиг мехала лорура), кхечу тайпана котамийн накхан тӀехьчулла. Жижиган котамашна йукъара йу йевза кхаа тайпана котамаш: доркинг[en], гудан[en], кревкер[en]; цул сов, флешан а, лета а тайпа. ТӀаьххьара шиъ кхиар сиха ца хуьлу. Жижиган тайпана котамийн кӀорнийн 4 бутт хан йолуш 2,7 кг йозалла хуьлу, чӀогӀа пайден дара дусто, лакхара мехах дохка а лора уьш.
Ярославлан губернера Ростов гӀалан уллехь хӀора шарахь сентябрера февраль кхаччалц ахархоша йустайора 100 эзар гергга боргӀалаш а, котамаш а. Цхьаьна котамера шарахь йуккъера барам кхочура: 12—20 кӀорни, 60—80 (муьлххачу котамера, муьлххачу хьолехь лелийча а) тӀиера 200 (дикачу хӀун котамо) хӀоьъне кхаччалц, кхаа сортан 0,3 кг месаш, 6,3 кг боьхалш.
Жижиган тобанаш хуьлу экаме, хала лов климатан хьолийн халонаш; алсама лара дукха кӀорнеш. Цундела царна оьшура дика Ӏуналла, дика токхе йуург. Дийцина кхачам бацарех гена бовла хьовсура жижиган котамийн кхечу онда оцучу котамашца хӀу иэдеш, уьш йу плимутрок, орпингтон, виандот, лангшан. Дагардина тайпанаш къастало хӀу даккхарца, лекха, онда хуьлу, дика хӀоьаш доху, готта меттигехь йустало, шеш тевна доккху. Оцу хьолаш кхетадора церан шуьйра йаржар. Дика тевна доккху аьлла йевзаш йара брама а, кохинхинка а, йаккхий йа аьлла — брама, кохинхинка, лангшан, доркинг, флешь.
Паччахьан Россехь котамийн коьрта масса лелайора ахархоша. И котамаш йара гӀочу хӀух лелайора чӀогӀа атта. Аьхке дӀайаллалц уьш йожура нӀаьний лехьош, асаран бецийн хӀуш лехьош, гурахь бен ца лора йалта оьшучу барамехь. Ӏай царна лора боьха йалта, дуьйраш, наггахь Ӏаьнарх йаьхна кегаш. Оьрсийн котамаш лоха а, йайн а йара: котам — 1,4 кг, боргӀал — 2 кг. Уьш лара мегар дацара жижиган тайпана, хӀунда аьлчи, гӀуо лелайарна церан онда, декъа жижиг хуьлура. Цара кӀезиг хӀоьаш дохура: тӀаьхьа а дохура, шарахь 70 хӀоа бен ца доккхура. Йусто а пайден йацара акха хиларна, кегийра йара, жижиг дика дацара. Тойина оьрсийн котам, хӀу иэдина йаьккхина, йара 2,3 кг, хӀоьаш дика дохура, ткъа кхин а лора дика гибридаш хӀу иэдича дикачу хӀух йолчу гамбурган а, лета а тайпанашца, доминикан[en] а, малайн а.
Котамаш оьздангаллин элемент санна
[бӀаьра нисйан | нисйан]ХӀусаман котамаш а, боргӀалаш а оьрсийн оьздангаллин ладаме элемент йу, лелайо фольклорехь, оьрсийн туьйранашкахь, литературин кхолламашкахь, уьш цигахь коьрта турпалш йу («Къорза котам», «БоргӀал — дешийн тӀилдиг», А. С. Пушкинан «Дешийн боргӀалах туьйра», кхин а), кицанашкахь («КӀорнеш гурахь дагардо», «КӀорнеш котам ца Ӏамайо», «БоргӀал кхайкхина — ткъа цул тӀаьхьа са а ма тасахьара», «Котам олхазар а дац — Болгари дозанал аре а йац», «Чорпан чуйоьжна боргӀал санна», «Кхаьрзина боргӀало зӀок тохалц»[19], «Йаздо — котамо когашца санна», иштта кхин а), халкъан эшаршкахь (масала, «Кхаьрзина котам»).
Котамаш а, боргӀалаш а — кхечу мехкийн а, къаьмнийн а дӀакъасто йиш йоцу оьздангаллин элемент йу. БоргӀал — Францин а, Кенин а (официалан дац) къоман олхазар ду. АЦШхь цӀиен род-айланд тайпана котам курица хаьржина Род-Айленд штатан официалан олхазаран сийлалла, ткъа айсина тайпана боргӀал (инг. Blue Hen Chicken) — Делавэрштатан[20]. Котамаш йа боргӀалаш сийлаллаш лерина дуккха гӀаланийн (масала, Кадзуно Японехь, Ки-Уэст АЦШхь) а, кхин эвланийн а, церан хӀосташ тӀехь йу уьш. А. Нумеровн хаамашца[21], хӀусаман йа банкиван котамаш тӀейаьхна 16 мехкан нахарташна, йу абсолютан хьалха нахарташ тӀехь долчу олхазаршна йукъахь.
-
Бедаш, кхокхарчий, кӀорнеш, котамаш, боргӀалаш йолу зӀакардаьхнийн керт (Отто Шойереран (нем. Otto Scheuerer) сурт, 1862—1934)
-
Котамаш Фарерийн гӀайренийн поштан маркаш тӀехь (2007)
Котамаш шуьйра гайтина таханлерачу компьютеран ловзаршкахь[22].
Генетика
[бӀаьра нисйан | нисйан]Котам — уггаре йаьржина лабораторин объект йу олхазаршна йукъахь, классикан а, таханлера а генетикан моделан организмех коьртачарех цхьаъ[23][24][25][26]. Лелайо мутацин процессан анализан, генаш тасйаларан карташ хӀиттош, кхин дӀа а[27] Котаман эмбрион йу классикан культуралан хьал вирусологехь.
Кариотайп: 78 хромосома (2n)[28].
- Депонировани йина нуклеотидан тӀехьадазар хаамийн базехь EntrezNucleotide, GenBank, NCBI, АЦШ: 884 453 (2015 шеран 15 февралан хьолехь).
- Депонировани йина белокийн тӀаьхьадазар хаамийн базехь EntrezProtein, GenBank, NCBI, АЦШ: 53 250 (2015 шеран 15 февралан хьолехь).
Котаман — генетикехь уггаре дика теллинчу олхазаран — ду доккхаха дакъа депонировании йина тӀаьхьадазаран Aves классехь.
Микросателлитийн а, кхечу генетикийн а маркершца талламаш бо генетикан дукхаллин, филогенетикан гергарлона, эволюцин йукъаметтигашна, тайпанашна а, цӀера котамийн популяцешна а , Gallus тайпана чохь (царна йукъахь акха котамийн да — банкиван джунглин котам)[29][30][31].
Котам хилла дуьххьара олхазар а, дуьххьара хӀусаман дийнат, шена генетикан а, физикин а карташ дина, геноман рогӀан йуьззина секвенировани йина (2004 шарахь)[26][32][33][34][35]. Котаман дуьххьара генетикан картан хьалхе а, иза 1930 шарахь зорба тохар а[36][37] йу советийн оьрсийн Ӏилманчийн А. С. Серебровскин[38] а, С. Г. Петровн[39] а.
Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Darwin C. Fowls // The Variation of Animals and Plants under Domestication. — L., UK: John Murray[en], 1868. — Ch. VII. — P. 225—275.; 2nd edn., revised. — New York, NY, USA: D. Appleton & Co.[en], 1883. — Ch. VII. — P. 236—289.(ингалс.)(Хьаьжина 4 мартехь 2015) Error in Webarchive template: Empty url.
См. также русский перевод: Дарвин Ч. Куры // Изменение животных и растений в домашнем состоянии = The Variation of Animals and Plants under Domestication / Пер. П. П. Сушкина и Ф. Н. Крашенинникова; под ред. К. А. Тимирязева; вновь пересмотренный проф. Ф. Н. Крашенинниковым и проф. С. Н. Боголюбским. — М.—Л.: ОГИЗ—Сельхозгиз, 1941. — Гл. VII. — С. 168—198. — 611 с. — (Классики естествознания). — 20 000 экз.(Хьаьжина 10 мартехь 2015) Error in Webarchive template: Empty url. - ↑ См., например: Wood-Gush D. G. M. A history of the domestic chicken from antiquity to the 19th century // Poultry Science[en]. — 1959. — Vol. 38. — P. 321—326.(ингалс.)
- ↑ См. обзор Daniele Focosi «Multicellular Eukarya Genome Sequencing Projects».(ингалс.)
- ↑ Lenta.ru: Прогресс: Митохондриальная ДНК подтвердила азиатское происхождение кур
- ↑ Учёные выяснили, когда на Чёрном континенте появились первые куры
- ↑ Africa’s oldest domestic chicken bones are relics of ancient Red Sea trade route. November 3, 2016.
- ↑ История одомашнивания птиц
- ↑ Кеп:ВТ-БЭАН
- ↑ См. статью Яйцо (пищевой продукт).
- ↑ 1 2 3 4 5 6 Исторические сведения о разведении кур в дореволюционной России (до 1917 года) и других странах взяты из Энциклопедического словаря Брокгауза и Ефрона со ссылкой на издания: О. Грюнвальдт, «Искусственное птицеводство» (пер. с нем. И. Вильбушевича, 1886); П. Елагин, «Практическое птицеводство» (1891); И. Абозин, «Птицеводство» (1895).
- ↑ См. подробнее об этом в книге: Птицеводство России. История. Основные направления. Перспективы развития / М. Г. Петраш, И. И. Кочиш, И. А. Егоров и др. — М.: Колос, 2004. — 297 с.
- ↑ 1 2 Морозов, 1987, с. 70—75.
- ↑ Морозов, 1987, с. 76—79.
- ↑ Mabasa I. When Christmas chicken kills, eats a snake (инг.). Zimbabwe: The Herald (2014 шеран 30 декабрь). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 8 март. Архивйина 2015 шеран 8 мартехь
- ↑ Растения и животные / Животные в народном хозяйстве / Домашние птицы // Детская энциклопедия. — 1-е издание. — М.: Академия педагогических наук РСФСР, 1960. — Т. 4. — 607 с.
- ↑ Baird C. S. Why did evolution create a chicken that lays so many unfertilized eggs when that is so wasteful? (инг.). Categories: Biology. Science Questions with Surprising Answers; Christopher S. Baird (2013 шеран 21 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 14 март. Архивйина 2017 шеран 14 мартехь Архивйина 2017-03-14 — Wayback Machine
- ↑ Согласно энциклопедии «Firefly Encyclopedia of Birds». Архивйина 2006-10-15 — Wayback Machine(ингалс.)
- ↑ По данным 2007 года в информационной базе FAOSTAT (ФАО): Imports: Commodities by country (инг.). FAOSTAT. FAO. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 17 декабрь. Архивйина 2012 шеран 8 февралехь (ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ См. соответствующую статью в Викисловаре.
- ↑ См. статью Список символов штатов США (птицы).
- ↑ См. статью А. Нумерова «Птицы на монетах». Архивйина 2013-01-16 — Wayback Machine
- ↑ Краткая история куриц в видеоиграх
- ↑ Кеп:En2. Inheritance of Characteristics in Domestic Fowl. — Washington, D. C., USA: Carnegie Institution of Washington, 1909. — 100 p. — (Carnegie Institution of Washington Publication No. 121; Papers of the Station for Experimental Evolution, No. 14).(ингалс.)
- ↑ Арефьев В. А., Лисовенко Л. А. Англо-русский толковый словарь генетических терминов / Науч. ред. Л. И. Патрушев. — М.: Изд-во ВНИРО, 1995. — 407 с. [См. о курице в Приложении 1 «Животные, растения и микроорганизмы — наиболее распространённые объекты генетических исследований».](Хьаьжина 19 июнехь 2007) Error in Webarchive template: Empty url.
- ↑ Dodgson J. B., Romanov M. N. Use of chicken models for the analysis of human disease (en) // Current Protocols in Human Genetics : журнал. — New York, NY, USA: John Wiley & Sons, Inc., 2004. — Vol. Chapter 15, no. Unit 15.5. — P. 1—11. — ISSN 1934-8258. — DOI:10.1002/0471142905.hg1505s40. Архивйина 2015 шеран 10 февралехь.(Хьаьжина 28 февралехь 2015)
- ↑ 1 2 Romanov M. N., Sazanov A. A., Moiseyeva I. G., Smirnov A. F. Poultry // Genome Mapping and Genomics in Domestic Animals / Ed. by N. E. Cockett and C. Kole. — Berlin—Heidelberg—New York: Springer-Verlag, 2009. — P. 75—141. — (Genome Mapping and Genomics in Animals: Vol. 3). — ISBN 9783540738343.(ингалс.)(Хьаьжина 15 февралехь 2015) Error in Webarchive template: Empty url.
- ↑ Romanov M. N., Sazanov, A. A., Smirnov A. F. First century of chicken gene study and mapping — a look back and forward (en) // World's Poultry Science Journal : журнал. — Cambridge, UK: World's Poultry Science Association; Cambridge University Press, 2004. — Vol. 60, no. 1. — P. 19—41. — ISSN 0043-9339. — DOI:10.1079/WPS20043. Архивйина 2015 шеран 10 мартехь.(Хьаьжина 15 мартехь 2015)
- ↑ 1 2 Detailed Record for Gallus domesticus (инг.). Animal Genome Size Database[en]. T. Ryan Gregory[en]. — База данных о размерах геномов животных. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 15 февраль. Архивйина 2015 шеран 15 февралехь
- ↑ Romanov M. N., Weigend S. Анализ генетического родства между различными популяциями домашних и диких джунглиевых (банкивских) кур с использованием микросателлитных маркеров (en) = Analysis of genetic relationships between various populations of domestic and jungle fowl using microsatellite markers // Poultry Science : журнал. — Champaign, IL, USA; Oxford, UK: Кеп:En2; Oxford University Press, 2001. — Vol. 80, no. 8. — P. 1057—1063. — ISSN 0032-5791. — DOI:10.1093/ps/80.8.1057. — PMID 11495455. Архивйина 2015 шеран 10 февралехь.(Хьаьжина 22 февралехь 2015)
- ↑ Moiseyeva I. G., Romanov M. N., Nikiforov A. A., Sevastyanova A. A., Semyenova S. K. Evolutionary relationships of Red Jungle Fowl and chicken breeds (en) // Genetics, Selection, Evolution : журнал. — Les Ulis, France: INRA, EDP Sciences, 2003. — Vol. 35, no. 4. — P. 403—423. — ISSN 0999-193X. — DOI:10.1186/1297-9686-35-5-403. — PMID 12927074. Архивйина 2015 шеран 10 февралехь.(Хьаьжина 22 февралехь 2015)
- ↑ Моисеева И. Г., Никифоров А. А., Севастьянова А. А., Семенова С. К. Оценка уровня генетической изменчивости популяций кур с использованием разных генетических маркеров Архивйина 2012-12-21 — Wayback Machine // Электронный журнал; Лаборатория сравнительной генетики животных Архивйина 2007-02-06 — Wayback Machine, Ин-т общ. генетики им. Н. И. Вавилова РАН. — 2004. — Вып. 2.(Хьаьжина 3 июнехь 2007)
- ↑ Ren C. W., Lee M.-K., Yan B., Ding K., Cox B., Romanov M. N., Price J. A., Dodgson J. B., Zhang H.-B. A BAC-based physical map of the chicken genome // Genome Research. — 2003. — Vol. 13. — No. 12. — P. 2754—2758.(ингалс.)(Хьаьжина 15 февралехь 2015) Error in Webarchive template: Empty url.
- ↑ International Chicken Genome Sequencing Consortium. Sequence and comparative analysis of the chicken genome provide unique perspectives on vertebrate evolution // Nature. — 2004. — Vol. 432. — No. 7018. — P. 695—716. (Erratum in: Nature. — 2005. — Vol. 433. — No. 7027. — P. 777).(ингалс.)(Хьаьжина 15 февралехь 2015) Error in Webarchive template: Empty url.
- ↑ Wallis J. W., Aerts J., Groenen M. A., Crooijmans R. P., Layman D., Graves T. A., Scheer D. E., Kremitzki C., Fedele M. J., Mudd N. K., Cardenas M., Higginbotham J., Carter J., McGrane R., Gaige T., Mead K., Walker J., Albracht D., Davito J., Yang S. P., Leong S., Chinwalla A., Sekhon M., Wylie K., Dodgson J., Romanov M. N., Cheng H., de Jong P. J., Osoegawa K., Nefedov M., Zhang H., McPherson J. D., Krzywinski M., Schein J., Hillier L., Mardis E. R., Wilson R. K., Warren W. C. A physical map of the chicken genome (en) // Nature : журнал. — L., UK: Nature Publishing Group, 2004. — Vol. 432, no. 7018. — P. 793—800. — ISSN 1476-4687. — DOI:10.1038/nature03030. — PMID 15592415. Архивйина 2015 шеран 10 мартехь.(Хьаьжина 15 мартехь 2015)
- ↑ Chicken (Galgal4): Gallus gallus — Description (инг.). Ensembl Кеп:En2 78: Ensembl release 78. WTSI / Кеп:En2 (2014 шеран декабрь). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 15 февраль. Архивйина 2015 шеран 15 февралехь
- ↑ Серебровский А. С., Петров С. Г. К составлению плана хромосом домашней курицы // Журнал экспериментальной биологии. — 1930. — Т. 6. — Вып. 3. — С. 157—180.
- ↑ См. рисунок, изображающий карту Серебровского и Петрова, который был опубликован в статье «К составлению плана хромосом домашней курицы» (1930).(Хьаьжина 15 февралехь 2015) Error in Webarchive template: Empty url.
- ↑ Кеп:Источник/БСЭ(Хьаьжина 25 майхь 2007) Error in Webarchive template: Empty url.
- ↑ См. некролог С. Г. Петрова (1903—1999): Moiseyeva I., Romanov M., Pigaryev N. Sergey Petrov — Obituary // World’s Poultry Science Journal. — 2000. — Vol. 56. — No. 4. — P. 437—438.(ингалс.)(Хьаьжина 15 февралехь 2015) Error in Webarchive template: Empty url.
Хьажорагаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |