Колумбин истори

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди


Колумбин истори

Колумбин истори — Къилба америкин пачхьалкхан истори.

Колумбал хьалхара мур[нисйе бӀаьра | нисйе]

Колумбин хӀинцалерачу махкахь адам дахаран хьалхара лар хилла лору вайн эрал XV—XII хьалхара бӀешерашкахь, цунах тешалла до археологин ахкарша. Боготан хӀинцалерачу махкахь даьхна таллархойн а, лахьорхойн а тайпанаш, уьш коьртаниг даьхна Магдалена эркан тогӀенехь.

Вайн эра доладеллачу хенахь дуьйна хӀинцалерачу Колумбин махкахь баьхна индахой (карибаш, аравакаш, чибча-муиски), царна йукъахь алсама бара чибча. Цу тӀе чибча тайпанаш декъалора шина оьздангаллан ламасте — тайронаш а, муискаш а. Хьалхарниш бехира коьртаниг Карибан бердаца, шолгӀаниш — лекха лаьмнашкара Кундинамарка акъарин тӀаьхь.

Чибча-муискийн хилла оцу хенахь дика кхиина йукъаралла, церан йара Къилба Америкин уггаре кхиинчу цивилизацех цхьа (майян а, инкийн а дӀайаьккхича). Цара бора ювелиран хӀумнаш дешех, дешийн а, цӀестан а иэдарех, ахчан меттана лелара дешийн экъанаш. Чибча-муискаш Ӏибадат дора Маьлхан, стом кхийтаран хьост болун дела, гӀурба дуьйран цунна дийнаташца.

Колонизаци йанле махкахь вехара 2 миллион индахо. Уггаре дукха бара Кундинамарка акъарен бахархой муискаш (чибча). Муискийн бара 5 махкан кхоллам, уггаре боккханиг — Баката.

Даьхна мехкаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Таханлера Колумбин мехкан колонизаци хилла Колумб Христофора Америка дӀайиллинчул тӀаьхьа. Хьалха испанхой буьйлабелира колонизаци йан Карибан бердйистан, амма гӀортар аьттонза хилира. ШолгӀа а аьтту ца белира. Амма 1525 шарахь испанхойн аьтту белира хьалхара гӀала Санта-Марта кхолла. Оцу гӀалан тӀиера испанхой бахара Магдалена эркаца. 1536 шарахь конкистадорийн тоба Санта-Мартера кӀорге йаха йолайелира куьйгаллехь Хименеса де Кесада Гонсало а волуш. Индахошца тӀемашкахь конкистадорашна йукъара дайра 3/4 дакъа, амма уьш массо а кхечира муискийн латтанашка, уьш къарбан хала ца хилира. 1538 шеран 6 августехь Хименес де Кесадас йуьйгӀира Санта-Фе-де-Богота гӀала[1]. Латташ дохуш дакъа лецира кхин а Себастьян де Белалькасара. Цуо 1536 шарахь кхоьллира Попаян а, Кали а. Испанин паччахьо Белалькасар хӀоттийра Каук тогӀенан мехкан корта, ткъа Кесадах хилира Керла Гранадан губернатор — иштта цӀе тиллира Кесадас баьккхинчу мехкана.

Капитан Хорхе Робледо Ансерма а, Кимбая а провинцешка лелавахаран схема, 15391540 шо.

15391540 шерашкахь Ансерма а, Кимбая а провинцеш схьаехира капитана Хорхе Робледос. Кхин а леррина хиларца йаздина Колумбин провинцех лаьцна, уьш испанхоша схьайахарх, меттигерачу индахойн гӀиллакхех, тайп-тайпана меттанаш а, дешнаш а царех хрониста Сьеса де Леон, Педрос, ткъа кхин а теллина чибча цивилизацеш Симон, Педрос.

Чибча-муискийн хазна[нисйе бӀаьра | нисйе]

Конкистадора Гонсало Хименес де Кесадас Колумбехь чибча-муискашкара хӀонсан йаьхна хазнаш, экспедице лелабахна паччахьан даржахой Хуана де Сан Мартинан а, Антонио де Лебрихин а докладера ма-гарра, кӀезиг хилира, Франсиско Писаррос инкашкара йаьхначул (июль 1539):

Хименес де Кесадан гӀовс Тунхе йухавирзинчул тӀаьхьа, долу деший уьйзира, оьзнарг хилира, Тунхехь даьккхинарг а, Согамосонарг а, кхин махкахь даьккхина кӀеззиг барам деший а цхьа бӀе дезткъе цхьайтта эзар а, цхьа бӀе дезткъе дейтта песо цӀена деший а, кхин а, лахарчу цӀеналлин деший, ткъе вуьрхӀитта эзар ши бӀе ткъе берхӀитта песо а, кхин лом олу деший гулделира берхӀитта эзар кхо бӀе дезткъе итт песо. Карабеира цхьа эзар бархӀ бӀе пхийтта изумрудан тӀулг, царна йукъахь дара лакхара дикаллин тӀулгаш, цхьадерш даккхий, ткъа кхин дерш — кегийра а, дукха кепара а.

Хуан де Сан Мартин и Антонио де Лебриха. Доклад о завоевании Нового Королевства Гранада (июль 1539 года)[2].

Колонин мур[нисйе бӀаьра | нисйе]

1549 шарахь кхоьллира Перун вице-паччахьан куьйгакӀелара Боготан паччахьан аудиенси. ТӀаьхьуо оцу вице-паччахьаллин гуран чохь кхоьллира инарла-капитаналла Богота коьрта шахьар а йолуш. 1718 шарахь Керла Гранадех хилира вице-паччахьалла (и статус дӀайаьккхира 1723 шарахь, меттахӀоттийра 1740 шарахь). Керла вице-паччахьаллин йукъабахара кхин а хӀинцалера Эквадора, Венесуэлин, Панамин мехкаш. Испанхойн дара дерриг хьена лаьтташ, амма йуьртан бахам церан коьртаниг бацара. Царна оьшург самарташ, деши, туьха даккхар дара. Дешар оцу хенахь килсан карахь дара, хьал долчу нахе бен деша ца лора. Дешаран говза 5 % бахархой бара.

Маршо[нисйе бӀаьра | нисйе]

Маршонан къовсам болабелира XVIII бӀешо чекхдолуш. 1781 шарахь герзашца гӀевттира чӀаьнкъаш а, креолаш а, гӀаттам баьржира берриг махкахула. ГӀаттам чӀогӀа хала охьатаӀийра. 1809 шарахь Наполеон тӀелетира Испанин. 20 июлехь креолийн коьртехь болчара кхайкхийра Керла Гренадан ша шена урхалла хилар. 20 июль лору мехкан маршонан де. Цхьа могӀа меттигера хунташ цхьаьнакхийтира Керла Гренадан Цхьаьнатоьхна Провинцеш аьлла мехкан цӀе тиллина. 1815 шарахь Керла Гранаде низам хӀотто хьовсийра испанхойн дукха тобанаш, цара 1816 шарахь испанхойн олалла метта хӀоттийра. 1819 шарахь Боякерачу тӀамехь испанхой иэшийра Боливар Симона. Кхайкхийра Сийлахь Колумби, цунна йукъа, хӀинцалера Колумби йоцуш, йодара таханлера Венесуэла, Панама, Эквадор. 1830 шарахь Венесуэла а, Эквадор а дӀакъаьстира.

Керла Гранада[нисйе бӀаьра | нисйе]

1832 шарахь Боливар веллачул тӀаьхьа мехкан президент хаьржира Сантандер. Цуо аьтту бира финансаш а, дешар а кхиоран, чоьхьара паргӀато латто, амма 1839 шарахь махкахь иккхира гражданийн тӀом, иза бахбелира 1842 шо кхаччалц. Махкахь кхоллайелира ши парти — Либералан а, Консервативан а. 1845 шарахь мехкан президент хаьржира Томас Сиприано де Москера-и-Арболеда, иза Консервативан партин декъашхо вара. Иза волуш низаме далийра финансаш, дохкура керла некъаш, кхуьура кеманаш лелар. 1849 шарахь харжамашкахь туьйлира либерал Хосе Иларио Лопес. 1853 шарахь тӀеийцира керла конституци, цуо дӀадаьккхира лолла, кхайкхийра килс пачхьалкхах дӀакъастор. Иза хилира цхьа могӀа гӀаттаман а, гражданийн тӀеман а бахьна. 1863 шарахь тӀеийцира керла конституци, цуо лора штаташна кхин а йоккха автономи, ткъа мехкан цӀе хийцира Колумбин Цхьаьнатоьхна Штаташ аьлла. 1867 шарахь президент Москера вожийра даржера, махках ваьккхира. Мехкан экономикехь тӀаьхь-тӀаьхьа къаьхьуон роль алсама йолура, цхьа хан йаьлча цунах хилира монокультура. Экспорте додара кхин а тонка, хинин, деши, бамба. 1880 шарахь президент хилира Рафаэль Моледо, иза тӀаьхьа дӀакхийтира консерваторех. Цуьнгахь президентан дарж хилира 18801882 а, 1884 - 1894 а шерашкахь.

Республика Колумби[нисйе бӀаьра | нисйе]

1886 шарахь тӀеийцира консервативан конституци, цуо чӀагӀйира централизаци йина урхалла, штатех ира департаменташ, мехкан цӀе хийцира Республика Колумби аьлла, килсан гӀоле хьал йухадерзийра. Нуньес веллачул тӀаьхьа кхаа шарахь урхалла дира консерваторша Мигель Антонио Карос (18941898), Мануэль Антонио Санклементес (18981900), инарлас Хосе Мануэль Маррокина (19001904). 1899 шарахь йолийра либералийн герзашца йолу дуьхьало, цунах хилира, 1902 шо кхаччалц бахбелла, гражданийн тӀом.

Колумбин правительство бакъо ца йелира АЦШн, хӀинцалера Панаман мехкан тӀоьхула, трансӀапказан татол даккха. Цунна дуьхьала Панамехь дӀакъастаран гӀаттам болийра, АЦШс гӀо а лоцуш. 1903 шеран 3 ноябрехь гӀовттамхоша кхайкхийра Панама Колумбех дӀакъастар а, маьрша республика Панама кхоллар а. Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташца йукъаметтиг йулайелла лаьттира 1921 шо кхаччалц. Панама дӀакъастаран дуьхьала къоман гӀаттам болабелира, жамӀехь правительство дӀайелира 1909 шарахь.

1910 шарахь тӀеийцира керла конституци, цуьнца президент хоржура 4 шарна.

19141918 шерашкахь мехкан урхалла дира консерваторша. Мохк чӀагӀбелира. 19161918 шерашкахь Колумбин латташ тӀехь карийра дукха мехкадаьтта, оцу хенахь дуьйна америкин корпорацеш чуерза йолайелира колумбин экономикин. Йуьртан бахамехь даккхий латташ ийцира «Юнайтед Фрут» компанис. Сих-сиха болх охьатосура «Юнайтед Фрут» мехкадаьттахоша а, белхалоша а, оцу белхо цӀий Ӏаноре а кхачадора, царех уггаре доккханиг хилира Магдалена департаментехь 1928 шарахь. 19291933 шерашкара дуьненан экономикин къоьлло чӀогӀа ницкъ бира Колумбин экономикин, дуьненахь къаьхьуон мах охьабожарна. Консервативан парти йекъайелира, Ӏедале баьхкира коьртехь Энрике Олаи Эррера волу либералаш.

1934 шарахь президент хилира Лопес Пумарехо Альфонсо, цуо хийцамаш бира ширачу 1886 шеран конституцин. Хийцамаша белхалошна йелира дуккха алсама бакъонаш. Хийцамаш дӀабаьхьира Сантос Монтехо волуш а, масала, килс дӀакъастийра ишколан дешарх. 1942 шарахь Лопес Пумарехо йухавеира Ӏедале. Амма махкахь йоьдура инфляци, реза боцарш бара белхалошна йукъахь а, тӀемлошна йукъахь а. 1945 шарахь иза даржера дӀавелира. 1946 шеран август кхаччалц президентан декхарш кхочушдира Льерас Камарго Альбертос.

Хуан Мануэль Сантосан президенталла[нисйе бӀаьра | нисйе]

2010 шеран 30 майхь Колумбехь хилира президентан харжамийн хьалхара тур. Уггаре дукха (47 % сов) харжамхойн аьзнаш гулдира дуьхьалонан министр хилла, урхаллехь йолу Социалан къоман цхьааллин партин декъашхо а, Урибен бартхо а волу — Хуан Мануэль Сантоса. ШолгӀа меттиг (22 %) йаьккхира экологин «Баьццарчеран партин» векало, Боготанан хилла мэро Моккус Шивицкас Антанаса (литвара мухӀажирийн доьзалера). ШолгӀачу турехь президент хилира Сантосах. 2014 шарахь Сантос йуха а хаьржина президент.

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Гонсало Хименес де Кесада. Краткое изложение завоевания Нового Королевства Гранада» (1539; 1548—1549). www.kuprienko.info (А. Скромницкий) (2010 шеран 20 апрель). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 20 апрель.
  2. Хуан де Сан Мартин и Антонио де Лебриха. Доклад о завоевании Нового Королевства Гранада и основание города Богота (июль 1539 года). www.kuprienko.info (А. Скромницкий) (2010 шеран 4 апрель). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 4 апрель.