Классикин хелхар

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Классикин хелхар

Кла́ссикин хелхарбалетан коьрта гайтаран гӀирс; XVI бӀешо чекхдолуш Италехь юкъаяьлла, кхин дӀа, паччахьан кертан балет бахьнехь Францехь яьржина тайп-тайпана тобанийн боламан чӀогӀа экама кхоьллина система.

Когийн, куьйгийн, дегӀан, коьртан билгалаяьхна позицеш ларъяр а, когаш нийса лелоран хьесапаш а, нисса догӀмаш лелор а бахьнехь, классикин хелхаран болам гӀерта геометрийн кхетаме.

Россеха классикин хелхар деина XVIII бӀешеран хьалхарчу декъехь. 1738 шарахь Петарбухехь Ланде Жан-Батиста бина болх бахьнехь Россехь дӀайиллира дуьххьарлера хелхаран ишкол (цунах тӀаьхьа хилира Оьрсийн балетан А. Я. Вагановин академи). Оьрсийн классикин хелхаро шена чу ийцира французийн а, италихойн а хелхаран ишколаш.

Классикин хелхаран баххаш кечбо экзерсисан гӀоьнца, цунах лаьтта дешархочун а, профессионалан балетан артистан хелхаран доьшийла.

Классикин хелхаран чуьра эцна упражненийн дакъош, исбаьхьаллин а, спортан а гимнастика, куьцара хехкар, эстрадин хелхарш, спортан рок-н-ролл, акробатика, спортан балан хелхарш Ӏаморан программашна юкъадахна.

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]