Едешко, Иван Иванович
Арахьара суьрташ | |
---|---|
Баскетболист Иван Едешко |
Едешко Иван Иванович (белорус. Iван Iванавіч Ядэшка вина 1945 шеран 25 мартехь, Стецки, Гроднон кӀошт, Гроднон область, Белоруссийн ССР) — советийн баскетболхо. ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1972); совгӀат дина «Сийлаллин Билгало» орденца (1972).
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Гроднон баскетболан кхиорхо. Хьалхара тренер — Фруман Яков Иосифович[1].
Чекхйаьккхина Белоруссин пачхьалкхан физикин оьздангаллин университетан спортан ловзарийн а, вовшахлатарийн а спортан-хьехархойн факультет (1970).
Левзина «Спартак» (Минск), РТИ (Минск), ЦСКА (Москох), СКА (Киев) баскетболан клубашкахь.
Даймехкан а, дуьненан а баскетболан истории йукъа вахана Белов Александрега, Мюнхенера Олимпиадехь (1972) АЦШ гулйина командица хиллачу финалан матч чекхйала кхо секунда йисича «дешин пас» йаларца. Оцу хенахь чолхе а, дуладелла хьал а долучу матчан чаккхенгахь советийн гулйина командин баскетболхоша кхузза йукъакхоьссира буьрка сецор а, ловзарна хан лараран бала а бахьнехь, тӀаьххьара, схьабаьккхира америкахошкара толам 51:50 чоьтаца[2].
ССКП декъахо ву 1979 шарахь дуьйна. ССРС гулйина командин тренер хилла ДЧ-82 (чемпион) а, 1987 шеран Европин чемпионатехь (2-гӀа меттиг) а.
Российн хьакъ долу тренер, ССРС хьакъ долу тренер.
Божарийн ЦСКА командин тренер, иза 1992 шеран Российн чемпион хилира. 1993 шарахь болх бира ливанан «Спортинг» клубан коьрта тренеран даржехь, иза мехкан чемпион хилира, ткъа клубан коьрта ловзархой бара самархо Кулагин Виктор а, саратовхо Щепоткин Сергей а.
1998—1999 шерашкахь Российн гулйина жимахойн командин коьрта тренер.
1999—2001 шерашкахь Российн гулйина кегийрхойн командин коьрта тренер.
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Едешко Иван Иванович // Олимпийская энциклопедия / Павлов С. П.. — М.: Советская энциклопедия, 1980. — 415 с.
- 100 лет российского баскетбола: история, события, люди: справочник / Автор-составитель В. Б. Квасков. — М.: Советский спорт. — 274 с.: илл. ISBN 5-9718-0175-9
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Бинарш 25 мартехь
- Бинарш 1945 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Гроднон кӀоштахь
- ССРС Спортан хьакъ долу говзанчаш
- Сийлаллин орден йелларш
- Сийн хьаьрк» орденан кавалераш
- «Къинхьегаман Силаллийн» мидал йелларш
- Спортхой абатца
- Баскетболхой абатца
- ССРС баскетболхой
- Баскетболех ловзаран ССРС гулйина командин ловзархой
- ССРСн Олимпийн чемпионаш
- Баскетболех ловзаран Олимпийн чемпионаш
- 1972 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн чемпионаш
- 1976 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхой
- Баскетболхой 1972 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Баскетболхой 1976 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Баскетболан Европин чемпионаш
- Баскетболех ловзарехь дуьненан чемпионаш
- Баскетболех ловзаран ССРС чемпионаш
- ССРС къаьмнийн Спартакиадин чемпионаш
- БК РТИ ловзархой
- БК ЦСКА Москох ловзархой
- БК СКА Киев ловзархой
- ССРС баскетболан тренераш
- Российн баскетболан тренераш
- СССР Сийлахь тренераш
- Российн хьакъ долу тренераш
- ССКП декъахой
- Белоруссин физикин оьздангаллин университетан арахецархой