Дуьненайукъара акушеркин де

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Дуьне́найукъара акуше́ркин де — дуьненайукъара де, даздо хӀора шарахь 5 майхь[1].

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Акушеркин де дӀадахьаран ойла дагатесира Дуьненайукъара акушеркийн конференцехь 1987 шарахь Нидерландашкахь. ХӀора шарахь дӀакхехьа долийра 1992 шарахь дуьйна, тахана даздо 50 сов махкахь, царна йукъахь Росси а, Беларусь а.

Ойла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дуьненайукъара акушеркин де — иза бахьна ду хӀора акушеркин оцу белхаца боьзна массарех ойла ян, дӀатаса керла уьйранаш, дерриг дуьненна а акушеркаш дийриг довзийтархьама. 2015 шо кхачале Дуьненайукъара акушеркийн конфедерацис даздора и де девизца «Тахана дуьненна акушеркаш чӀогӀа оьшу, хьалха ца эшшанчу кепара», иза акушеркаш алсама безар довзуьйту кампанин дакъа дара.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. International Day of the Midwife :: Healthy Women, Health Babies, Healthy Nations :: ТӀекхочу дата: 2010 шеран 30 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2010 шеран 27 январехь Архивйина 2010-01-27 — Wayback Machine

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]