Гарсиев, Хьамзат Ӏелин кӀант

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Футбол
Гарсиев Хьамзат Ӏелин кӀант
Вина терахь 2001 шеран 22 декабрь({{padleft:2001|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:22|2|0}}) (22 шо)
Вина меттиг Луцк
Гражданалла  Украина
Локхалла 193 см
Йозалла 81 кг
Лоьмар 4
Украинин байракх«Волынь»
Кегийрхойн клубаш
Клубан карьера[* 1]
2017—ХӀ. а. Украинин байракх Волынь 12 (0)
2021—ХӀ. а. Украинин байракх Волынь-2 8 (0)
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара, карладаьккхина 2 январехь 2022 шераш.

Гарсиев Хьамзат Ӏелин кӀант (вина 2001 шеран 22 декабрехь, Луцкехь Украина) — украинин, нохчийн футболист, Луцкан «Волынан» йуккъера тӀелатархо. Тайпана АргӀано.

Дахарах лаьцна[нисйе бӀаьра | нисйе]

Луцкан Волынан кхиорхо, цунна йукъахь ловзу 2013 - 2017 шерашкахь, левзина Украинин берийн-жимахойн футболан лигехь (УБЖФЛ). 2018 - 2019 шерашкахь левзина Волынан жимахойн (U-19) командехь. Футболех ловзаран Украинин (шолгӀа лига) чемпионатан А тобанан Волынь-2 йукъахь дебют хилира 2021 шеран 18 мартехь 13-гӀа туран эшначу (0:3) хьошалгӀара матчехь «Ужгородан» дуьхьала. Хьамзат йукъавелира стартан хӀоттамехь, ткъа 83-гӀа минотехь иза хийцира Уманец Дмитрийца.[1][2]. 2020/21 шарахь левзира Украинин ШолгӀа лигин 8 матчехь. Луцкхойн хьалхара командин йукъахь дебют хилира шолгӀачу дийнахь, 2021 шеран 19 мартехь, цӀахь тоьллачу (4:0) 17-гӀа туран Украинин хьалхарчу лигин матчехь «[ВПК-Агро]]н » дуьхьала. Гарсиев ловза аравелира 90-гӀа минотехь, цуо хийцира Орынчак Богдан[3].

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]