Брюссель

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ГIала
Брюссель
нидерл. Brussel, фр. Bruxelles
Сурт
Байракх[d] ХӀост
Байракх[d] ХӀост
50°50′48″ къ. ш. 4°21′09″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Бельги
Регион Брюсселан коьрта гӀалин регион
Мэр Фредди Тилеманс
Истори а, географи а
Йиллина VI бIешо
Дуьххьара хьахор 966
Майда 32,61 км²
Центран локхалла 13 м
Сахьтан аса UTC+1:00[d], UTC+2:00[d]
Бахархой
Бахархой 163 210[1] стаг (2011)
Официалан мотт Французийн мотт, недерландхойн мотт
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +32 2
Поштан индекс 1000[2], 1020[2], 1040[2], 1050, 1120[2], 1130[2]

bruxelles.be
(Франц.)(Нидерл.)(ингалс.)
Картин тӀехь
Брюссель картан тӀехь
Брюссель

Брюссель[3] (нидерл. Brussel [ˈbrʏsəl], фр. Bruxelles [bʁyˈsɛl]) — Бельгийн а, Брюсселан гӀалийн кӀоштан коьрта гӀала йу. Брусселехь йу Французийн а, Фломанцийн а, Фландрийн а йукъараллийн меттигаш. Иштта Брусселехь ду Еврокхетшон коьрта цӀа, офис НАТО, Бенелюкс пачхьалкхийн секритариат а, Малхбузен Европин Кхеташо а.

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Брюсселан кеп, нийса йоцу кеп лерина йу, кхаъ декъех хотта йелла: шуьйра къилбеседа, готта йукъера, кхин готта малхбале. Гlалийна Къилбседа агlор Лакен кӀошта йу, иштта цlе йолуш Пачахьан цlа лаьтташ. Гlалийн ширачу декъо бульварийн пхикlов кхуллу, хьалха тlеман чlагlонаш лаьттинчу меттехь. Брюссель Сенна хин тlехь лаьтташ йу, амма гlалийн дозанашкахь и хи гуш дац, XIX бхьей шарахь Анри Мо куьйгаллийца белгхойн инженераш хи дхьа къовлар бахьан долуш.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Гlалийн цlе bruoc (ширанедерл., «сацlар») а, sella (ширанедерл., «юрт») дешнех кхолла йелла. Гоч - «сацlар тlехь юрт». Къoман дийцарехь, Брюссель VI бхьей шарахь Горикс (Сен-Жери) кхоьллина. Амма доьхьара Историхь Bruocsella цlе йолу юрт 996 шарахь хьахийна йу, Сийлахь Оттонан яздаршкахь. 977 - 979 шерашкахь Лахарлотарингийн Карло Сенна хин тlехь гlап а йоьгlна, йуьртан гlала кхоллалуш гlулч йаьккхира.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. бахархой муниципалитетов на 1 января 2011(Нидерл.)(Франц.)
  2. 1 2 3 4 5 Crossroads Bank for Enterprises
  3. «Русско-чеченский словарь» (авторы — А. Т. Карасаев, А. Г. Мациев)