Чулацаман тӀегӀо

Башкирийчоьнан географи

53° къ. ш. 28° м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Башкирийчоьнан географи
карта: Башкирийчоьнан географи
Дуьненан дакъа Европа
Регион Малхбален Европа,
Майда
  • 143 000 км²
  • латта:  %
  • хи:  %
Лекха меттиг Ямантау лам (1640 м)
Даккхий хиш КӀайниг (1420 км дакъа)

Башкирийчоь йу Малхбален Европехь.

Географин хӀоттам

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Башкортостан Республика йу Европин малхбалехь Урал лаьмнийн къилбан декъехь. ДӀалоцу Малхбален Европин акъарин малхбален дакъа, Къилба Уралан ломан аса, айбаелла акъарин Урал дехье а.

Акъарин амалаш
  • Майда 143 000 км² .
  • Йохалла къилбаседера къилбехьа — 550 км, малхбалера малхбузе — 430 км.
Йисттера меттигаш

Башкортостанан доза ду къилбаседехь Перман (340 км гергга) а, Свердловскан (170 км сов) областашца, малхбалехь — Челябинскан областаца (1 330 км сов), къилбехахь а, къилба-малхбузехь а — Оренбурган областаца (1 140 км гергга), малхбузехь а, къилбаседа-малхбузехь а — ГӀезалойн Республикица (420 км гергга), Удмуртин Республикица (100 км гаргга).

Административан йекъайалар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Локхаллин амалаш (рельеф)

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Шихан Юрактау

Башкортостана рельеф тайп-тайпана хилар доьзна ду цуьнан географин хӀоттамах а, лаьттан геологин а, тектоникин а хӀоттамах а. Башкортостанан малхбуза дакъа ду Малхбуза-Европин платформан къилба-малхбален декъехь (цуьнца цхьаьна йогӀу рельефан мегаформа — Малхбуза-Европин акъари) а; Башкирин мегантиклинорин, Магнитогорскан мегасинклинорин, Уралтау зонан (мегаформа — Уралан ломан системан къилба дакъа) чуьра йуккъера а, малхбален а декъехь.

Башкортостанан Малхбуза-Европин акъарин тӀехь билгалйоккху:

Башкортостанан къилба-малхбален декъехь йу Сакмаро-Таналыкан денудаци (локхалла 350—500 м) а, Кизило-Уртазыман денудацин‑аккумулятиван акъари (локхалла 350—400 м) а.

Инзерскан зубчаткехь гуьйре

Башкортостанан Урал кӀажойн макроформаш гойту малхбален декъуо — Бугульмин-Белебеевн акъари, Стерлибашев-Фёдоровскан акъари, Прибельскан увалан-тулгӀенан акъари, Уфан акъари, Юрюзано‑Айскан акъари; Башкирин Уралан — Уралтау, Каратау, Ирендык, Крака, Улутау, кхин а даккъаш, Зилаирскан акъари, цуьнан малхбален дакъа — Урал тӀиехьен акъари. Республикин рельеф къорза йо тайп-тайпанчу мезоформаш: хьехаш, сырташ, увалаш, гунаш, кхин а.

Республикин мохк акъареш а, Къилба Уралан лаьмнаш а долуш бу. Башкортостанан уггар лекха лам — Ямантау лам (1640 метр) бу.

Лаьмнаш-шиханаш: Тратау (402 м) Юрактау (336 м), Куштау (371 м), Шахтау (бух тӀе кхаччалц аьхкина) — Перман муьрера маржанийн гӀайренех дисина ду.

Башкирин (Къилба) Уралан лаьмнийн тектоникан кхоллам бу; хӀоттам — чкъоьрнийн а, чхаран-чкъоьрнийн а; локхаллийца — лоха а, йуккъера а, шарьяжан-тӀететтина хӀоттам бу.

Уралтаун даккъаш коьрта хидоькъе йу. Башкортостанан махкахь ду ломан даккъаш: Аваляк, Акбиик, Алабия, Акбулякъарка, Алатау, Алатаубала, Ардакты, Аютузаклаган, Баштау, Багарязы, Базал, Байрамгул, Балатау, Башташ, Бакты, Баштин, Белягуш, Бииктау, Биктарь, Доккха Калу, Доккха Карагас, Доккха Крака, Дзяуртюбе, Зигальга, Зильмердак, Ирендык, Инзерскан зубчаткаш, Кадералы, Калактау, Калты, Калу, Канчак, Каратау, Караташ, Кесек, Кибиз, Кисеарка, Крыктытау, Кумардак, Кумач, Куюшты, Кюмердяк‎, Хьехан лаьмнаш, Машак, Масим, Маярдак, Нары, Нургуш, Сарганскан дукъ, Салдыс, Седжек, Сингитау, Сулея, Суртанды, Такаты, Таштыкурятмас, Туйтюбе, Уварся, Улутау, Улугуртау, Урал-Тау, Уреньга, Утянеш, Ущарлак, ШайтӀантау, Ӏаьржа, Юкалы, Юрматау, Юша, Яшкады.

Даккъаш йукъахь локхаллийца билгалдевлла: Зигальга дукъ – локхалла 1427 м (Б. Шелом лам), Машак — 1382 м (Шуьйра лам), Нары — 1327 м, Баштау — 1271 м, Ардакты, Балятар, кхин а.

Баьржина бу хьаннийн баххьаш. Цхьадолчу даккъийн декъехь ломан баххьаш ирхнехьа тархийн кепаш йолуш ду (Караташ лам), ломан тайпана элювин кийсакаш йолуш ду (Б. Иремель а, Ямантау а лаьмнаш), цамза санна ира а ду (Арвякрязь лам). Башкирин Урал кӀажошкахь хаало доьхначул тӀехьа дисина лаьмнаш: Балкантау (319,6 м). Термоаномалан хиламаш хаало Янгантау лам (504 м) тӀехь.

Физикин амалаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Барамехь-континентан климат йу шийлачу дехачу Ӏаьнца а,барамехь тӀуьнчу йовхачу аьхкенца а.

Ӏумаран Ӏин

Континентан климат кхоллало Атлантикин а, Къилбаседа Шен океанан а хӀаваийн массийн Ӏаткъамца, амалехь ду шийла Ӏа а, йовха аьхке а.

Температуран раж

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Январан температуран йуккъера барам — «-15» градус; июнан — «+20» градус. ХӀаваан йовха температуран денош — 200—205, ткъа лаьмнашкахь — 188—193. ХӀаваан шеран температуран йуккъера барам — 0,3 - 2,8 градус.

Максимум аьхкен температура — +42°С, минимум Ӏаьнан — −53°С. 3—9 апрелехь, 20—26 октябрехь дуьйна Башкортостан Республикехь хӀутту аьтту температура.

Йочанийн шеран йуккъера барам бу 450 мм, максимум — 750 мм. Максимум де-буьйсанан аьхкенан йуккъера барам — 78-86 мм. Ло диллина денойн барам — 153—165, лаьмнийн кӀошташкахь — 171—177. Лайн кӀоргалла: лахара — 36 мм; йуккъера — 55 мм; максимум — 126 мм.

Башкирин Урал кӀажошкахь а, Башкирин (Къилба) Уралехь а алсама ду къилбехара а, къилба-малхбузера а мехаш. Аьхкенчу заманахь — къилбаседа а, къилбаседа-малхбузан а мехаш. Башкирин Урал тӀехьехь алсама ду малхбузан а, къилба-малхбузан а мехаш. Ӏаьнан заманахь кхузахь хьоькху малхбалера а, къилба-малхбузера а мехаш.

Механ йуккъера сихалла — 2,5 м/с - 4,3 м/с. ЧӀогӀа мох болу шеран денош — 7 - 36, кӀошташка хьаьжжина.

Салаватера Ӏам

Башкортостана хиш ду Ийдалан а, Уралан а хин бассейнашкахь. Уй шен лакхарчу геннашца, Миасс, кхин а — Обан бассейнехь[1].

Хин объекташ

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Башкортостанехь ду 12 000 сов охьадоьду хи а, 2700 сов Ӏам а. Алсама Ӏаьмнаш ду республикин малхбузехь. Мохк бехаш бу лаьттан бухара хин хьосташца[2]. Республикера 21 гӀаланах 19 гӀалахь мала Ӏалашонна леладо лаьттан бухара хиш.

Даккхий хиш: КӀайниг, Чехка Танып, Юрюзань, Уфа (Караидель), Дёма, Нугуш, Сакмара, Сим, Урал, Ашкадар, Уй, Миасс.

Кегий хиш: Сюнь, Касмарка, Зиган, Лемеза, Доккха Кизил, Урюк, Доккха Ик, Бирь, Кармасан, База, Жима Инзер, Ай, Иняк, Сухайля, кхин а.

20 — 25 миллион шо хьалха КӀайн хи къилбехьа доьдуш дара, Урал хих кхеташ а дара. Уфа хин тӀиера Мелеузан тӀекхаччалц хӀинцалерачу хин харш чухула Уфа охьадоьдий Урал хих кхоьтура. 15 миллион шо гергга хьалха лаьттан чкъор айбаделла Сакмаро-Бельскан хидоькъен декъехь, кхолладелла гунаш, цара къевлина Урал тӀе боьду КӀайчун а, Уфан а некъ. 14 миллион шо гергга хьалха КӀайчу хин тогӀенан меттехь лаьттина шира Акчагылан хӀорд. ХӀорд йухабаьлла цхьа миллион шо гергга хьалха.

Ӏаьмнаш: Култубан

Адамо йинарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Юмагузинан хилоттийла

Республикехь адамо йина хин объекташ йу 443 (Юмагузинан хилоттийла, Нугушан хилоттийла, кхин а).

Яккхийчу хилоттийлех йу Акъярскан Ташла хин тӀехь (49,4 млн м³), Сакмаран Сакмара хин тӀехь (26,1 млн м³), Таналыкан (Хворостянскан) Таналык хин тӀехь (14,2 млн м³), Маканан Макан хин тӀехь (9,3 млн м³), Матраевскан Бузавлык хин тӀехь (2,1 млн м³).

Башкортостанехь ду хӀара тайпана латта: байн-къовкъарийн латта (республикин къилбаседе, Буйскан-Таныпан шина хин йукъ), байн-карбонатийн (Уфан акъари, Бугульмин-Белебеевн акъари), хьаннийн сира латташ (хьунаренан аса), бен-Ӏаьржа латташ (чутаьӀначехь а, ломан басешкахь а), гидроморфан латташ, аллювийн латташ, ломан латташ.

Башкортостанан Туймазинан, Благоваран, Альшеевн, Давлекановн, Бижбулякан кӀошташкахь латташ чӀогӀа духуш ду. Республикехь латташ лардаран болх бу дӀахьуш — боьранашна гуонаха хьаннаш, коьллаш йуьй, боьран бух тӀехь сунташ йо.

Башкортостанан лаьттан башхалла лакхарчу барамехь гумус хилар ду, гумусан анасиз кӀезиг хилар ду, гумус а, пайден элементаш (къаьсттина фосфор) а гумусехь кӀезиг лелар, гранулометрин беза хӀоттам, лакхара карбонатолла, лахара биологин жигаралла.

Башкортостанан махкахь бараман асан зонаш йу: ийна хьаннаш, шуьйра гӀа долу хьаннаш, хьун-аренан а, аренан а зонаш. Башкортостан Республикин коьрта тайпана хьаннаш — дакх, хьех, зез, мах, база, наж. Кхин — ярезаз, коллаш — дак, хьармак.

Республикехь йу 77 кепара декха дийнаташ, 300 гергга кепара олхазарш, 42 кепара чӀара, 11 кепара текхаргаш, 10 кепара хин-лаьттан дийнаташ, 15 эз. тайпана сагалматаш, 276 тайпана гезгаш, 70 кепара веччалгаш, 120 кепара моллюскаш, 140 кепара искогберг, 1000 гергга тайпана нӀаьний. Башкортостан Республикин ЦӀиен жайнин чу язйина — 18 кепара декха дийнаташ, 49 кепара олхазарш, 7 кепара чӀара, 3 кепара хин-лаьттан дийнаташ, 6 кепара рептилеш, 29 кепара букъа даьӀахк йоцу дийнаташ, царна йукъахь 28 кепара сагалматаш.

Пачхьалкхан заповедникаш а, Ӏалам лардар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Республикехь 3 заповедник йу (Башкирин заповедник, Къилба-Уралан заповедник, заповедник «Шульган-Таш» Къилба Уралан малхбуза кӀажошкахь), дарбанан ораматаш ларден 12 заказник, 15 таллархойн заказник, Къоман парк «Башкири» (83 эз. га), 2 Ӏаламан парк, 150 сов Ӏаламан иэс.

Республикера шайолу заповедникийн майда 327,1 эз. га йу.

Пачхьалкхан заповедникаш а, Ӏалам лардар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Республикехь 3 заповедник йу (Башкирин заповедник, Къилба-Уралан заповедник, заповедник «Шульган-Таш» Къилба Уралан малхбуза кӀажошкахь), дарбанан ораматаш ларден 12 заказник, 15 таллархойн заказник, Къоман парк «Башкири» (83 эз. га), 2 Ӏаламан парк, 150 сов Ӏаламан иэс.

Республикера шайолу заповедникийн майда 327,1 эз. га йу.

Башкортостанан геологин структура иштта йу: малхбузера малхбалехьа охьайоьду Малхбален-Европин (Оьрсийн) платформан къилба-малхбален басе, Урал кӀажошкара чутаьӀна) меттиг, Малхбуза-Уралан чкъоьрнийн зона, Йуккъера-Уралан шу а, Магнитогорскан мегасинклинори[3]. Кристаллин бухан кӀоргенах доьзна Ийдал-Уралан антеклизан махкахь билгалйолу шолгӀа структура: ГӀезалойн а, Башкирийн а гуламаш, Бирскан а, Лакхара-Каман тогӀенаш, Оьрсийн пилтан къилба-малхбален басе.

Башкортостанехь ткъе итт гергга йаккхийчех хьехаш йу («Толам» Гафурийн кӀоштахь, Каповн, кхин а).

Атыш чухчари

Пайден маьӀданаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Башкортостан Республика йехаш йара пайден маьӀданашца:

ХӀокху заманахь болх беш йу 165 мехкдаьтта а, газ а йоккху меттигаш. Йуха метта ца хуьтту Ӏаламан маьӀданаш гӀелдалар бахьнехь, республикера кечдаран предприятеш болх бо тӀееанчу аьргаллица (Оренбургера а, Карачаганакскера а (Кхазакхстан) газ).

Республикин махк тӀехь дӀайиллина 3 эзар сов меттиг кхузткъа гергга кепарчу минералан аьргаллин.

Башкортостанехь 936 хьех йу шайолу йохалла 106 км йолуш, уггар йаккхийнаш: Каповн хьех, Киндерлинскан хьех, Сумган, Зигзаг, Ойланийн хьех, Олимпи.

Дукхах йолу хьиехаш йу кхиаран йекъачу тӀегӀанехь, 20 % хьиехаш — хин тӀегӀанехь йу.

Хьиехаш кхоллайала йолайелла хьалхарчу плейстоценехь, ткъа сихха уьш кхиара миоцен чекхйолуш — плиоцен йолалуш. Дукхах йолу гипсан хьиехаш кхоллаелла йуккъерчу плейстоценехь Уршак-Бельскан а, Уфа‑Симскан а хишшана йукъахь, кир-маьӀданийн хьехаш — хьалхарчу плейстоценехь Уфан акъари тӀехь.

Башкотостанан 79 хьиехашна чохь ду охьадоьду хиш, 68 чохь — Ӏаьмнаш, 42 чохь — шаш. ХӀаваан аьхкенан температура хьиехаш чохь 10°С сов йу. Уггар шийлачохь йуккъера температура хуьлу 0°С: Аскынскан хьех, Косубай, Кутукийн 1‑ра а, 3‑гӀа а, Леднёвн, Шен‑Хьехан, Гуьйренан, Шийла Ор.

Хьиехаш чохь деха 97 кепара дийнаташ, царех 3 кеп троглобионташ (куогацӀогнаш) йу, 54 — троглофилаш йу, 40 — троглоксенаш йу. БукъадаьӀахк йолчарех — куьйга-тӀемаш долчеран колонеш (бирдолаг).

Ӏилманан белхаш бан говзанчаш кечбо БПУ, УПМТУ, Геологин институтан, Ӏилманан-кхолларан «Геофизика» фирман аспирантурехь.

Башкортостанан географи язйина йу Академин 1768—1774 шерийн экспедицийн материалашкахь, Ӏилманчийн В. И. Геннина а, В. Н. Татищева а, кхечеран а белхашкахь. 19 бӀешеран хьалхарчу декъехь хӀинцалерчу Башкортостанан мехкан географин талламаш боьзна бу Г. П. Гельмерсена, А. Гумбольдта, Э. К. Гофмана, Г. Розен, Г. Е. Щуровскин, Э. А. Эверсмана, кхечу а цӀерашца.

19 бӀешеран шолгӀачу декъехь кхоьллира Ӏилманан йукъараллаш (Оьрсийн географин йукъаралла, Уралан Ӏаламдовзархойн йукъаралла кхин а), церан декъашхой бара Ӏилманчаш В. Д. Аленицын, О. Е. Клер, А. И. Оводов, С. Г. Рыбаков, Л. П. Сабанеев, Д. И. Соколов, А. А. Тилло, кхин а. 19 бӀешеран 60‑гӀа шерашкахь дуьйна дӀахьуш бу талламаш геоботаникехь, биогеографехьа, геоморфологии, 19 бӀешеран годов 70‑гӀа шерашкахь дуьйна — гидрологи а, метеорологи, 20 бӀешо долалуш — ландшафтӀамор, 30‑гӀа шерашкахь — экономикин географи, 80‑гӀа шерашкахь — геоэкологи.

Хьажа иштта: Башкортостанан топоними.

Дешаран меттиг

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1931 шарахь К. А. Тимирязевн цӀарахчу Педагогикан институтехь Уфахь дӀайиллина хилла Суьйренан институт, цигахь йара географин отделени, 1934 шарахь педагогикан институтехь кхоьллина хилла географин факультет (хьалхара декан Х. Х. Зайни).

Башкирийн пачхьалкхан университет — кечбо хӀокху агӀонашна: географи, прикладан геологи, картографии, информатика, гидрометеорологии, туризм.

Башкортостан Республикин геологин а, пайден маьӀданийн а музей (1934 г.).[5] Геологин а, пайден маьӀданийн а музейхь гулдина ломан маьӀданаш а минералаш а.

Географаш-Ӏилманчаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Хисматов Мухамедьянов Фазыльянович — географ-экономист.
  • Сафиуллин Радик Газизович — географийн Ӏилманийн доктор, БПУ профессор.
  • Губкин, Иван Михайлович (1871—1939) — советийн геолог, советийн мехкдаьттан геологи коьллинарг, ССРС ӀА академик.
  • Псянчин, Айбулат Валиевич — российн Ӏилманча, географийн Ӏилманийн доктор, профессор. Башкортостан Республикера Оьрсийн Географин Йукъараллин декъан председатель, БашПУ географин факультетан физикин географин, мохкӀаморан, туризман кафедран куьйгалхо.
  • Бекчурин, Мирсалих Мирсалимович (Бикчурин, Биксурин) — Оьрсийн Географин Йукъараллин декъашхо, Ӏилманча-демократ.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Хисматов М. Ф., Очерки по географии Башкирии, Уфа, 1963
  • Маслов М. Д., Цветаев А. А., География Башкирии, Уфа, 1963
  • Природные условия и ресурсы Башкирской АССР, Уфа, 1959
  • Балков В. А. Водные ресурсы Башкирии. Уфа, 1978
  • Хисматов М. Ф. Башкирия: Экономико-географический очерк. Уфа, 1979
  • Хисматов М. Ф. Минерально-сырьевой потенциал республики //Экономика и управление, 1995, № 2.
  • Рождественский А. П. Новейшая тектоника и развитие рельефа Южного Приуралья. М., 1971.
  • Сафиуллин Р. Г. Эффективность территориальных промышленных систем Республики Башкортостан: экономико‑географический подход. Ч.1 Уфа, 1995.
  • Богомолов Д. В. Почвы Башкирской АССР. М., 1954;
  • Мукатанов А. Х. Горно-лесные почвы Башкирской АССР. М., 1982;
  • Хазиев Ф. Х. Почвы Республики Башкортостан и регулирование их плодородия. Уфа, 2007.
  • Пучков В. Н. Геология Урала и Приуралья (актуальные вопросы стратиграфии, тектоники, геодинамики и металлогении). Уфа, 2010.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]