АхӀлу-с-суффа

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Ахӏлу-с-суффа тӀера хьажжина кхуза)

АхӀлу-с-суффа йа Асхьа́бу-с-суффа (Ӏаьр. أصحاب الصفة؛ أهل الصفة‎‎ — тхов кӀелонан дай) — уьш Мухьаммад пайхамаран ﷺ къен сахьабаш бу, Мадинатехь Ӏан меттиг йоцуш Пайхамаран маьждиган тхов кӀелахь Ӏаш хилла болу. Царна йукъара 93 стеган цӀе бен йац хууш, цул совнаха маьждиг чохь Ӏаш 30 сов стаг хилла. Царна юкъахь некъахой а хилла, Мухьаммад пайхамар ﷺ ган баьхкина.