Астероид

Хlара гlирс Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Цхьана масштабехь хӀоттийна астероидашан сурт: (4) Веста, (21) Лютеция, (253) Матильда, (243) Ида а, цуьна спутник (243) Дактиль а, (433) Эрос, (951) Гаспра, (2867) Штейнс, (25143) Итокава.
Цхьана барамехь (4) Веста астероидан а, Церерин а, Беттан а даьккхина сурт. Цхьа пиксель — 20 км

Астеро́ид — Малхан гонах хьийза Маьлхан системин жима стигалан хӀума. Астероидаш дукха жима ю планеташел йозаллица а, барамца а, цера нийса йоцу кеп ю, цера атмосфера яц, амма цера спутникаш хила тарло.

Къастамаш[нисъе | нисъе чухулара]

Характерные оценки размеров для различных классов малых тел Солнечной системы

Астероид (шира.-грек. ἀστεροειδής — «седах тера», дош хӀотталуш ду шина грецийн дешнех ἀστήρ — «седа» а, εῖ̓δος — «кеп») дош юкъадеккхина Уильям Гершельс. И цӀе цо тиллира уьш телескоп чу хьаьжца тӀадамаш сан гуш хиларна седарчий санна — телескоп чу хьаьжца планеташ гуш хуьлу дискаш санна. ХӀинца а билгал яккхина яц астероидашан нийса къастам. 2006 шо кхаччалц астероидашах олура жима планеташ.

Астероидаш къастаяш йолу коьрта билгало бу цера барам. Астероидаш лору 30 м сов диаметр йолу хӀуманаш. Оцу барамал жима хӀуманех олу метеороидаш[1].

Астероидаш Маьлхан системехь[нисъе | нисъе чухулара]

Коьрта астероидашан го (кӀай бос), Юпитеран астероидаш (баьццара бос)

Тахана Маьлхан системехь йовзуш ю масийтта бӀе эзар астероид. 2013 шаран 11 январехь уьш яра 97 853 768, царех 600 853 астероидан орбита лерин яра, царна номераш а еллера[2], 17 620 цӀераш техкинера[3]. Схьахетарехь Маьлахан системехь 1,1 миллион тӀера 1,9 миллион тӀе кхаччалц хӀума ю 1 км сов барам болуш[4]. Евзуш йолу астероидах дукхах ераш Марсан а, Юпитеран а юккъе астероидан гонехь ю.

Маьлхан системехь массарелла йокху астероид лоруш яра Церера. Цуьна барамаш бу 975×909 км гергга, амма 2006 шаран 24 август дуьйна иза лоруш ю жима планета. Шиъ важа йоккха астероид (2) Паллада а, (4) Веста ю 500 км гергга диаметр йолуш. (4) Веста ю астероидан гонехь цхьаъ бен йоцу бӀаьрган къеста астероид. Кхийолу астероидаш га тарло уьш Дуьненан улле йогӀучу хенахь (масала, (99942) Апофис).

Коьрта астероидан гонан массо астероидан йозалла лоруш ю 3,0—3,6×1021 кг[5]. Иза ю Беттан йозаллин 4 % гергга. Церерин йозалла ю 9,5×1020 кг — массо а астероидан йозаллин 32 %. Йиъ массарелла а еза астероид цхьана (Церера, Веста (9 %), Паллада (7 %), (10) Гигея (3 %)) — 51 %. Кхочу астероидан йозалла чӀогӀа жима ю.

Астероидаш таллар[нисъе | нисъе чухулара]

Хьалхара астероид Церера цахууш гучуяккхира Джузеппе Пиаццис 1801 шарахь. Кхиъ кхоъ астероид ((2) Паллада, (3) Юнона, (4) Веста) гучуяккхира ялх шарахь. ТӀаьххьара Веста гучуяккхира 1807 шарахь. Шовзткъа шарахь кхи керла астероидаш гучуяккхина яцар.

Карл Людвиг Хенкенс 1845 шарахь гучуяккхира (5) Астрея, хьалхара керла астероид 38 шарахь. Кхиъ кхо шо даьлча цо гучуяккхира (6) Геба. Цул тӀаьхьа кхиболу астрономаш болабелира астероидаш лаха. ХӀара шарахь керла астероидаш гучуйоккхура цара.

1891 шарахь Макс Вольфас астероидаш лохуш астрофотографи лело йолира. Йоккха экспозицица даьккхина суьрташ тӀехь астероидаш сизнаш дора. Астрофотографис астрономийн болх хьалхачулла атта а, эвсара а бира: Макс Вольфас ша гучуяккхира 248 астероид (323) Брюсий тӀера. Цул хьалха карийнаш 300 гергга бен яцар.

2010 шарахь астрономашан карийра Фемида цӀе йолу астероидан тӀехь ша карийра. И гучудаккхар бахьнехь Дуьненан тӀехь хи тенгар даьлла хаа тарло. Дуьненан хилар долалуш хенахь иза тӀех довха дара хи тӀехь диса. Хи Дуьненан тӀе тӀаьхьа астероидаш деана хила тарло. Иштта, Ӏилманчашна карийна астероидашан тӀехь чоьлхе углеводородаш[6].

Астероидашан цӀераш тахкар[нисъе | нисъе чухулара]

Хьалха астероидашан Шира Риман а, Грецин а мифологин турпалийн цӀераш тохкура. ТӀаьхьа астероидаш гучуяккхинчарна бакъо еллера шеш гучуяккхина астероидан шайн луу цӀе тилла — масала, шайн цӀе. Хьалха астероидашан зударийн цӀераш тохкура. Божарийн цӀераш тохкура ша-тайпа йолу астероидашан.

ХӀинца билгал орбита лерина йолу астероидан бен цӀе ца туьллу. Наггахь астероидан цӀе туьллу и гучуяккхинчул тӀехь масийтта шо даьлча. Орбита лараре цунна номер ло. ЦӀе тиллинчул тӀехь астероидан цӀе хӀотталуш я шина декъахь: номер а, цӀе а, масала (1) Церера.

Астероидан барам а, кеп а таллар[нисъе | нисъе чухулара]

Астероид (951) Гаспра. Космосан аппаратас даьккхина астероидан хьалхара сурт. Сурт даьккхина «Галилео» зондас Гаспра астероидан уллехь нисйелча 1991 шарахь

Массарелла хьалхара астероидан барам буста гӀоьртира Уильям Гершель 1802 шарахь. Цул тӀаьхьа иза да гӀоьртира Иоганн Шрётер 1805 шарахь. Амма цера бустамаш чӀогӀа башха бара — уьш иттуза къесташ бара.

Тахана астероидаш юста лелош ю поляриметри а, радиолокаци а, спекл-интерферометри а, йовхон радиометри а, транзитан некъ а[7].

Массарелла атта а, дика а бу транзитан некъ. Астероидас наггахь седа дуьхьул хутта. Серлон жимъялар юстича а, астероидан геналла хиича а цуьна барам тоал нийса буста йиш ю. Иштта юстало Паллада санна яккхи астероидаш[8].

Поляриметри ю астероидан барам бустар цуьнан серлонега хьаьжна. Астероид йоккху мел хилла цо алсамо Маьлхан серло юхатугӀу. Амма астероидан серло цуьнан альбедога хьаьжина ю. Альбедо ю астероидан маьӀданашан хьаьжна. Масала, Веста астероидан альбедо йоккха хилар бахьнехь цо Церерелла доьазза алсам серло ло. Цундела Веста массарелла сирла астероид ю. Иза наггахь бӀаьрган къесташ хуьлу.

Альбедо юста атта ду. Астероидан серло къезга мел хили (цо мел къезга Маьлхан серло юхатуху) иза алсам йохло. Йохъелча цо инфрацӀен зӀенарш алсам туха.

Иштта поляриметрица астероидан кеп хаа йиш ю цуьнан серлонан хийцам бустуш иза хьизаш хенахь. Цул совнах оцу хьийзар чехкалла а юста йиш ю, цуьнан тӀехулехь йолу хӀумнаш къасто а йиш ю. Кхи тӀе а, инфрацӀен телескопаш гулбина хаамаш лелош ю йовхон радиометрица барам бустархьам.

Астероидан классификаци[нисъе | нисъе чухулара]

Коьрта астероидан классификацин тӀейогӀа цера орбиташна тӀехь а, цера тӀоьхулонас юхатуху Маьлхан серлонан спектран тӀехь а.

Орбиташ[нисъе | нисъе чухулара]

Астероидаш цхьанатуху группашка а, тайпанашка а цера орбиташка хьаьжна. Группина оцу орбитехь хьалхара гучуяккхина астероидан цӀе туьллу.

Спектран классаш[нисъе | нисъе чухулара]

1975 шарахь Кларк Р. Чапменс, Дэвид Моррисонс, Бен Целлнерс кхоьллира астероидан классификацин система. Иза хоӀттийна ю астероидан бесан а, альбедон а, юхатугӀу серлонан спектран а хьаьжна.[9] Дуьххьара дӀа оцу классификацин юкъйогӀуш яра кхаа тайпа астероидаш[10]:

  • Класс С — углеродан, 75 % евзуш йолуш астероидашах.
  • Класс S — силикатан, 17 % евзуш йолуш астероидашах.
  • Класс M — эчиган, йисинчарах дукхахъераш.

ТӀаьхьа и список шорйира. Тахана а иза кхидӀа а шорлуш ю астероидашах лаьцна хаамаш сов мел болу:

  • Класс A
  • Класс B
  • Класс D
  • Класс E
  • Класс F
  • Класс G
  • Класс P
  • Класс Q
  • Класс R
  • Класс T
  • Класс V

Спектран классификацин проблемаш[нисъе | нисъе чухулара]

Дуьххьара дӀа спектран классификаци хӀоттинера евзуш йолу астероидаш хӀоттош йолу материалаш хьаьжина:

  • Класс С — углерод (карбонаташ).
  • Класс S — кремний (силикаташ).
  • Класс M — эчиг.

Амма шеко ю и классификаци нийса хиларах. Цхьана спектран классехь йоцу астероидашан цхьабоса хӀоттам ца хиларх, цхьана классехь йолу астероидаш цхьана тайпа хӀоттам бу ала йиш яц. Цундела Ӏилманчаш тӀе ца лецийра спектран классификаци.

Барамца дӀасаекъар[нисъе | нисъе чухулара]

Астероидаш йоккха мел хилла цера дукхалло жимло[11].

Приблизительное количество астероидов N с диаметром больше чем D
D 100 м 300 м 500 м 1 км 3 км 5 км 10 км 30 км 50 км 100 км 200 км 300 км 500 км 900 км
N 25 000 000 4 000 000 2 000 000 750 000 200 000 90 000 10 000 1100 600 200 30 5 3 1

Астероидан кхерам[нисъе | нисъе чухулара]

Дуьне массо а евзуш йолу астероидал доккху делахь а, 3 км йоккха астероид Дуьненан тӀекхетахь массо адам хӀаллак хирду. Цул жима астероид тӀекхетахь (амма 50 метрал доккха) шортта адам лийра ду, экономикан доккха зен хирду.

Астероид йоккха а, еза а мел хилла иза кхераме ю. Амма тӀаккха иза гучуяккха атта ду. Массарелла а кхераме тахана лоруш ю Апофис цӀе йолу астероид. Иза ю 300 м диаметр йолуш. Иза Дуьненна тӀекхетахь цо йоккха гӀала хӀаллак ян тарло.

2013 шаран 1 июнехь 1998 QE2 цӀе йолу астероид Дуьненна 5,8 млн км улле тӀееара[12].

Хьалхара 30 астероид[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Церера (хӀинца лоруш ю жима планета)
  2. (2) Паллада
  3. (3) Юнона
  4. (4) Веста
  5. (5) Астрея
  6. (6) Геба
  7. (7) Ирида
  8. (8) Флора
  9. (9) Метида
  10. (10) Гигея
  11. (11) Парфенопа
  12. (12) Виктория
  13. (13) Эгерия
  14. (14) Ирена
  15. (15) Эвномия
  16. (16) Психея
  17. (17) Фетида
  18. (18) Мельпомена
  19. (19) Фортуна
  20. (20) Массалия
  21. (21) Лютеция
  22. (22) Каллиопа
  23. (23) Талия
  24. (24) Фемида
  25. (25) Фокея
  26. (26) Прозерпина
  27. (27) Эвтерпа
  28. (28) Беллона
  29. (29) Амфитрита
  30. (30) Урания

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Шустова Б. М., Рыхловой Л. В. Рис. 1.1 // Астероидно-кометная опасность: вчера, сегодня, завтра / Под ред. Шустова Б. М., Рыхловой Л. В.. — М.: Физматлит, 2010. — 384 с. — ISBN 978-5-9221-1241-3
  2. MPC Archive Statistics. Архив йина хьалхара хьастачура 24 январь 2012. Теллина 11 январь 2013.
  3. Minor Planet Names. Архив йина хьалхара хьастачура 5 июль 2012. Теллина 11 январь 2013.
  4. New study reveals twice as many asteroids as previously believed. Архив йина хьалхара хьастачура 5 июль 2012. Теллина 28 март 2006.
  5. Krasinsky, G. A.; Pitjeva, E. V.; Vasilyev, M. V.; Yagudina, E. I. (July 2002). «Hidden Mass in the Asteroid Belt». Icarus 158 (1): 98—105. DOI:10.1006/icar.2002.6837.
  6. Впервые найден водяной лёд на астероиде
  7. E. Tedesco. Asteroid Albedos and Diameters proceedings of the 160th International Astronomical Union. p. 55—57. Kluwer Academic Publishers. June 14—18, 1993. Belgirate, Italy.
  8. Lang, Kenneth R. The Cambridge Guide to the Solar System. 2003. Cambridge University Press. ISBN 978-0-521-81306-8. Asteroids and meteorites. P. 390—391
  9. Chapman, C. R., Morrison, D., & Zellner, B. (1975). «Surface properties of asteroids: A synthesis of polarimetry, radiometry, and spectrophotometry». Icarus 25: 104—130.
  10. McSween Jr., Harry Y. Meteorites and Their Parent Planets
  11. Davis 2002, «Asteroids III», cited by Željko Ivezić
  12. В ночь на 1 июня большой астероид пролетит рядом над Землей

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]

1000HA.png