ЦӀиэкогашберг

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди


ЦӀиэкогашберг
Травник
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Tringa totanus (Linnaeus, 1758)
Ларйен статус

ЦIиэкогашберг — (en. Common Redshank), (Оьрсаша "Травник" олу цунах). Кхин цхьа тайпа а ду вайн кхузахь хуьлуш хин олхазар. Хи чохь нека дан а хууш хин йистошка хуьлуш долчух олу хин олхазар. Царех ду кхин цхьакха тайпа олхазар цIиэ когаш а болуш. Ехийра ю цуьнан настарш. ЗIок ира а, нийса а ю цуьнан. Букъ мокха бу луьста Iаьржа тIедарчий а долуш. Чукъело кIай ю, цIога а тIоьхлара кIай ду цуьнан. Шина а тIома тIехь кIайн моханаш ю, гIаьттича гуш.

  • ЗIок юххера цIиэ ю. Хин берда йистошкахь Iаьмнашкахь, тIуьнчу тогIешкахь ду цуьнан дахар. Бовхачу махка дIай-схьай доьлхачех ду иза а. Цхьайолчу меттигашкахь яккхийра гIеранаш хуьлу церан. Бецан тоьлгашлахь до цара баннаш. ХIоа диъ хуьлу тIехь тIедарчий а долуш. Тойна май баттахь, июнь юккхе кхаччалц а йолчу хенахь доккху. Декар "тю-ли, тю-ли", бохуш ду.

Суьрташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажа. кхин[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]