Арбоархитектура

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Диттийн дина орамашах дина тӀай Индера Мегхалая штатехь

Арбоархитектура (лат. arbor — дитт) йа Ботаникан архитектура — дина диттанашахь гӀишлош йар хьоьхуш йолу архитектурин агӀо. Оцу боламан дика агӀонаш йу гӀишлон экологи а, дина диттийн йахкайаларан дуьхьало чӀогӀа хилар а, гӀишло ша ма-йарра хаза хилар а, оьшуш болу гӀирс борах хилар а; вон агӀо — гӀишло йеш дукха хан эшар а, ша-тайпа технологиш лелайар а. И болам кхуьуш а, бержаш а бу.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

ХӀиндин къилбаседе-малхбалехьа каучукан диттий орамаш леладо тӀайнаш дан. И орамаш хин кхоьча бердан тӀекхаччалц кхиадо. 10-15 шо даьлча царех онда тӀай хуьлу. Иштта тӀайс 50 стаг лов[1].

Шира Японехь кхозуш тӀайнаш дора кемсийн таьллангех. Ши таьллиг паргӀата кхиайора чӀожан шин бердантӀехь. Уьш тоалла йахйелча уьш вовшах йохкура. ТӀаккха царех тӀай дора. Схьахетарехь иштта тӀайнаш дан долийра XII бӀешерахь[1].

Уру халкъан хин тӀоьхула дӀасалела гӀайра

Уру халкъан нах Ӏаш бу Титикака хӀордан тӀехь. Цара эрзах до шайн хин кеманаш а, цӀенош а. Уьш тӀехь Ӏаш йолу дӀасалела гӀайренаш йу дина эрзашах. Оьшучу хенахь и гӀайренаш луучу дӀайига йиш йу. И халкъ оцу гӀайренаштӀехь Ӏаш 500 шо сов хан йу[1].

Таханлера хьал[нисйе бӀаьра | нисйе]

ГӀишлош йан леладо сиха кхуьу дитташ (дак, талл). И дитташ вовше тӀедугӀуш царех дина цхьа дитт до. Уьш оьшучу кепа нисдархьам эчиган биргӀийн каркас йо. Дитташ ца далита цера кхиор чӀогӀа дола дан дезаш ду.

Каркас хиларна бахьнехь дитташ гӀила хуьлу. Уьш чӀагӀдархьам йо компьютерс лелош йолу зеразакъийн а, нисдарийн а система. Оцу системас роже йо хьаьрк хийцалуш доттарш. ГӀишло йина йаллачултӀаьхьа каркас вовшахйоккху[2].

Иштта гӀишло йан бакъо оьшуш йац. Цундела и гӀишлош яр чӀогӀа даьржаш ду Германехь. ТӀаьххьара масийтта шарахь цигахь йина 10 000 сов диттийн гӀишло[3].

Хьажа иштта[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 3 Ботаническая архитектура (часть 1). ТӀекхочу дата: 2014 шеран 7 февраль.
  2. Живая башня пустила корни в немецкой земле. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 7 февраль.
  3. Архитектура из живых деревьев. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 7 февраль.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]