Ахьмад ибн Хьанбал
Ахьмад ибн Хьанбал | |
---|---|
Ӏаьр. أحمد بن حنبل | |
Исламуль шайх, Имаму АхӀлу-с-Суннати валь ДжамаӀат, Ӏалимуль Ӏаср, ЗахӀиду-д-ДахӀр, Мухьаддису-д-Дунйа, Ӏаламу-с-Суннат | |
Вина терахь | 780 |
Вина меттиг | БагӀдад, Ӏиракъ, Ӏаббасийн халифат |
Кхелхина терахь | 855 |
Кхелхина меттиг | БагӀдад, Ӏиракъ, Ӏаббасийн халифат |
ДӀавоьллина меттиг | |
Къам | Ӏаьрбий |
Да | Мухьаммад ибн Хьанбал |
Нана | Сафийят бинт Маймунат |
Динлелор | ислам, суннатан а, джамаӀатан а охӀла |
МазхӀаб | хьанбалийн |
Устазаш | Мухьаммад аш-ШафиӀи, Супьян бин Ӏуяйнат[d], Ӏабдурраззакъ ас-СанӀани[d], Абу Юсуп[d][1], Яхья бин МаӀин[d], Бихз ибн Асад[d], Абу Давуд ат-Таялиси[d], Хусейн ибн Али аль-Джуфи[d], Абу Мухаммад Абдуллах ад-Дарими[d], Абдуррахман ибн Махди[d], Ибрахим аз-Зухри[d], Мутаммар ибн Сулейман[d], Яхья аль-Каттан[d], Ваки ибн аль-Джаррах[d], Язид ибн Харун[d], аль-Валид ибн Муслим[d], Хушайм ибн Башир[d], Исхак ибн Рахавейх[d] |
Абу ӀабдуллахӀ Ахьмад ибн Мухьаммад ибн Хьанбал аш-Шайбани аз-ЗухӀли (Ӏаьр. أبو عبد الله أحمد بن محمد بن حنبل الشيباني الذهلي; 780 — 855, БагӀдад, Ӏиракъ, Ӏаббасийн халифат) — иза бусалба Ӏеламстаг а, факъихӀ (бусалба бакъо йевзарг) а, мухьаддис (хьадисаш хуург) а ву. Суннатхошна гергахь веачу имамах воьалгӀаниг ву. Хьанбалийн мазхӀаб диллинарг ву.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Иза ву: Абу ӀабдуллахӀ Ахьмад бин Мухьаммад бин Хьанбал аш-Шайбани аз-ЗухӀли. Вина 780-чу шарахь БагӀдадехь. Ахьмад дукха жима волуш цуьнан да кхелхина. Да кхелхинчул тӀаьхьа цунна цхьацца дахаран гӀирсаш а, иза шен ненаца Ӏаш волу цӀа а дисна. Баттахь 17 дирхӀамал дукха пайданаш а ца хилла. «Суна сайн да а, деда а ца гина. Сан нанас кхийна со» — иштта аьлла дагаяийтира Имам Ахьмада шен бералла[2].
15 шо долуш 816 шере кхаччалц цо хьадисаш а, фикъхӀ а Ӏамийна. Бусалбанийн коьрта центрашка а хьажа вахана, шен хенахь болчу массо а гергга коьрта Ӏуламаашца цхьаьнакхетта иза, йукъахь хиллачу Абу Юсупца а, аш-ШафиӀица. Лоруш йолчу Хьиджазца, Шемаца, Ӏиракъца а уьйраш хӀиттийна цо.
Кхалхар[нисйе бӀаьра | нисйе]
855-чу шарахь Ахьмад бин Хьанбал кхелхина. Дукха дешархой а, лархой а бисна цунна[3]. Царех цхьаболчеран цӀераш йу хӀорш: Салихь а, ӀабдуллахӀ а (имам Ахьмадан ши кӀант), Хьанбал бин Исхьакъ, Хьасан бин Саббахь Баззар, Ӏаббас бин Мухьаммад, Мухьаммад бин ИсмаьӀил аль-Бухари, Абу Зура ар-Рази, Ибраьхим Хараби, Хьусайн бин Мансур, Дауд бин Ӏамр, Халаф бин ХӀишам, Абуль-Къасим аль-БагӀави[4].
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Али-заде А. Ахмад ибн Ханбал // Исламский энциклопедический словарь — М.: Ансар, 2007. — ISBN 978-5-98443-025-8
- ↑ Имам Ахьмад бин Хьанбаль . Askimam.ru (2011 шеран 8 февраль). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 24 май.
- ↑ Ислам: ЭС, 1991.
- ↑ Имам Ахмад бин Ханбаль . Askimam.ru (2011 шеран 8 февраль). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 24 май.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- «Ахьмад бин Хьанбал» Архивйина 2007-09-27 — Wayback Machine — казанийн газетан агӀо «Вера» kcn.ru сайтан чохь
- «Имам Ахьмад бин Хьанбал» islamhouse.com