Арсанукаев, Шайхи Ӏабдулмуслиман воӀ

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Арсанукаев Шайхи Ӏабдулмуслиман воӀ
Вина терахь 1930 шеран 15 апрель({{padleft:1930|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:15|2|0}})
Вина меттиг ССРС, РСФСР, Нохчийн автономин область, Дишни-Ведана,
Кхелхина терахь: 2012 шеран 14 март({{padleft:2012|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:14|2|0}}) (81 шо)
Кхелхина меттиг: Росси, Нохчийчоь, Соьлжа-ГӀала
Гражданалла:  ССРС
 Росси
ГӀуллакхан тайпа: прозаик, поэт
Жигара шераш: 1957—2012
Хьажам: реализм
Жанр: дийцар, повесть, байт
Произведенин мотт: нохчийн, оьрсийн
СовгӀаташ:

Арсанука́ев, Шайхи́ Ӏа́бдулмусли́ман воӀ (1930 шеран 15 апрелехь, ССРС, РСФСР, Нохчийн автономин область, Дишни-Ведана2012 шеран 14 мартехь, Росси, Нохчийчоь, Соьлжа-ГӀалахь) — нохчийн йаздархо а, поэт а, Российн йаздархойн бертан декъахо, Нохчийчоьнан йаздархойн бертан декъахо, Нохчийн Республикин Халкъан йаздархо.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина Нохчийчоьнан Веданан кӀоштан Дишни-Веданахь 1930 шеран 15 апрелехь. 1944 шеран февралехь махках ваьккхира гергарчаьрца цхьаьна Кхазакхстанехь. Ишкол чекхйаьккхира Семипалатинскан областан Новопокровскан кӀоштан Батнайхь. 1955 шарахь чекхйаьккхира Семипалатинскан финансийн техникум.

Байташ йаздан волавелла ишколехь дуьйна. Дуьххьарлера кхолламаш зорба туьйхира 1957 шарахь «Ленинан некъ» газетехь, «ДоттагӀалла» а, «Орга» а альманахашкахь.

Арсанукаевс чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Дешна ваьлча иза дӀахӀоттира «Колхозан дахар» цӀе йолу Веданан кӀоштан газетан редакторан когаметтинаг. Цул тӀехьа цо болхбира Нохч-ГӀалгӀайн книган издательстван коьрта редактор, «Орга» журналан литературин а, исбаьхьаллин а альманахан коьрта редактор.

Чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультет. Иза чекхйаьккхинчул тӀаьхьа хилира Веданан кӀоштан «Колхозан дахар» газетан редакторан гӀовс. Цул тӀаьхьа болх бира Нохч-ГӀалгӀайн жайнаш арахецараллин лакхара редактор, литературин-исбаьхьаллин «Орга» альманахан коьрта редактор. ССРС йаздархойн бертан декъахо хилира. 1986 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн йаздархойн бертан коьрте хӀоьттира, оцу даржехь болх бира 1997 шо кхаччалц. Шен дахаран тӀаьхьарчу шерашкахь болх бира Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литературин а, фольклоран а кафедран лакхара хьехархо.

«Ӏуьйре лаьмнашкахь», «Безаман шовда», «Кхолламан харжам», «Керла де», кхин а поэтийн гуламийн автор.

Къинхьегаман кхиамашна а, дуккха а шерашкара беркате къинхьегамна 2009 шарахь Арсанукаев Шайхин совгӀат дира ДоттагӀаллин орденца[1].

Нохчийчоьнан исбаьхьалла кхиорехь доккха дакъа лацарна Арсанукаев Шайхин йелла сийлаллин цӀе «Нохчийн Республикин Халкъан йаздархо».

Библиографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Интеллектуальный центр Чеченской Республики в лицах: популярная биографическая энциклопедия / Жеребило Т. В.. — Кеп:Мх.: ИП «Султанбегов Х. С.», 2013. — Т. 1. — С. 12-14. — 180 с. — 500 экз. — ISBN 978-5-906650-01-6.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]