Ле Корбюзье

1000 йукъара цхьа йаззам
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ле Корбюзье
Le Corbusier
Ле Корбюзье, 1964 шо
Ле Корбюзье, 1964 шо
Бакъ цӀе Шарль-Эдуард Жаннере-Гри
ГӀуллакхан тайпа архитектор, исбаьхьалча, йаздархо, градостроитель, фотограф, рисовальщик, художник по текстилю
Вина терахь 1887 шеран 6 октябрь({{padleft:1887|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:6|2|0}})
Вина меттиг Ла-Шо-де-Фон, Швейцари
Кхелхина терахь 1965 шеран 27 август({{padleft:1965|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:27|2|0}}) (77 шо)
Кхелхина меттиг ГӀокбгӀуьн-Кап-МагӀтен, Франци
Корматалла архитектор, художник, дизайнер
Гражданалла

Швейцари Швейцари

Франци Франци
Да Georges-Édouard Jeanneret[d]
СовгӀаташ
  • 1953 — Британийн архитекторан Паччахьан институтан Дашо мидал;
  • 1961 — Америкин архитекторан институтан Дашо мидал;
  • 1961 — «Кхиамашна» цӀе йолу Францин орден;
  • 1961 — Франк Браунан мидал;
  • 1963 — Флоренци гӀалин Дашо мидал.
Сайт http://www.fondationlecorbusier.asso.fr/
Куьг таӀор Куьг таӀор
Ле Корбюзье Викилармехь

Ле Корбюзье (фр. Le Corbusier; бокъул цӀе Шарль-Эдуар Жаннере-Гри (фр. Charles-Edouard Jeanneret-Gris); 1887 шеран 6 октябрь, Ла-Шо-де-Фон, Швейцари — 1965 шеран 27 август, ГӀокбгӀуьн-Кап-МагӀтен, Франци) — Швейцарехь вина французийн архитектор, модернизман пионер, художник, дизайнер.

Корбюзье хатӀ башхалаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ле Корбюзье ву ХХ бӀешеран вокхучарах архитектор. Цьуна цӀе йоккху Фрэнк Ллойд Райт а, Вальтер Гропиус а, Мис ван дер Роэ а цӀарашна уллехь. Иза, уьш санна, архитектурин реформатор вара.

Корбюзье гӀарвелла шен башха проекташ бахьнехь а, шен исбаьхла публицистика бахьнехь а.

Цьуна проекташца дуьне мадду гӀишлош йина — Швейцарехь а, Францехь а, Германехь а, Америкехь а, Аргентинехь а, Японехь а, Россиехь а, ХӀиндехь а, Бразилехь а.

Ле Корбюзье архитектурин билгалонаш йара — лаьттан тӀоьхула айбина блокаш; царна бухаш паргӀата летта колоннаш; шера тхойнаш-терассаш («тховтӀехь йолу бешаш»); чекх са гуш фасадаш («паргӀат фасадаш»); гӀоргӀа, тӀехуле кеч ца йина бетон; шорта паргӀат меттиг йолу этажаш. Цкъа маццахь цуьна шен йолу кепаш, хӀинца уьш таханлера архитектурехь массара лелош хӀумнаш ду[1].

Цуьна кхоларалла дуьне мадду даржар бахьанш ду цуьна боламе универсаллала а, цуьна ойлане йукъариллина чулацамца а. Цу йукъайехира архитектурехь паргӀата кепаш. Цуьна проекташ а, гӀишлош а бахьнехь архитекторий дог-ойла хицаелла. Цундела паргӀат кепаш архитектурехь дуьне мадду йержира.

Иза ша-тайпа стаг вара: мистик а, йукъараллин лидер а, Халкъан йуккъера вайн хенан архитекторин конгрессаш вовшахтохархо а, нахах лечкъаш Кап-МагӀтен мысехь долу шен жима цӀахь Ӏаш волу халбатхо а, пайден боламе апологет а, цуьна заманехь Ӏийна архитекторашна цхьа а пайда боцуш хетна гӀишлош йина архитектор а.

Цуьна доладийрашна йукъахь бара Андре Мальро а, Джавахарлал Неру а.

Цо даимна лелайора таьӀна костюм а, галстук-полла а, горга маьӀа куьзганаш а.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Пять отправных точек современной архитектуры

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Кеннет Фремптон. Современная архитектура: Критический взгляд на историю развития. М., Стройиздат, 1990. ISBN 5-274-00223-4
  • Уиттик Арнольд. Европейская архитектура XX века. Эра функционализма (19241933 гг.), т.2. М., 1964
  • Всеобщая история архитектуры, т. 11. Москва, 1973
  • Ле Корбюзье. Архитектура XX века. Изд. Прогресс, 1977
  • Ренато Де Фуско Ле Корбюзье — дизайнер. Мебель, 1929. «Советский художник», 1986
  • Ле Корбюзье. Модулор: Опыт соразмерной масштабу человека гармоничной системы мер, применимой как в архитектуре, так и в механике. Стройиздат. 1976
  • Ле Корбюзье, М. В. Предтеченский Путешествие на Восток. Стройиздат. 1991
  • Коэн, Жан Луи ЛЕ КОРБЮЗЬЕ. Арт-Родник, 2008. Архивйина 2014-05-13 — Wayback Machine ISBN 978-5-9794-0136-2
  • Le Corbusier: textes et planches. Prèface de Maurice Jardot. Editions Vincent, Frèal & Cie Paris. 1960. (Переиздана на русском яз. в 1970 г.)
  • Миронов А. В. Философия архитектуры: Творчество Ле Корбюзье. — М.: МАКС Пресс, 2012. — 292 с., ил., 500 экз., ISBN 978-5-317-03961-5

Хаьжорагаш[нисйе бӀаьра | нисйе]