Чулацаман тӀегӀо

Туркменийн административни декъадаларш

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди


Туркменин Велаяташ:
1 — Ахалан; 2 — Балканан; 3 — Дашогузан; 4 — Лебапан; 5 — Марын.

Законаш кхоллар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

ХӀинца йолу Туркменин лаьттан административни кхоллам билгалбоккху Туркменин «Низамех долу Туркменин лаьттан административни кхолламан гӀуллакхаш, пачхьалкхан предприятешна, организацешна, урхаллашна, кхечу объекташна цӀераш тахкар а, хийцар а» цӀе йолчу, 2009 шеран 18 апрелехь тӀеэцначу Законо[1]. Закон тӀетевжина ду 2008 шеран Туркменин Конституцина, билгалйоккху пачхьалкхан лаьттан административни кхолламан структура, лаьттан административни дакъа кхолларан а, дӀаяккхаран а, цӀераш яларан а, хийцаран а, дозанаш хийцаран а низам. Законаца, лаьттан административни кхолламан гӀуллакхаш, Туркменин Министрийн Кабинето кховдадой Туркменин Меджлисо къастадо.

2009 шеран 18 апрелехь арадаьллачу Законаца Туркменин нах беха меттигаш галийн (гӀаланаш а, посёлкаш а) а, яртийн (ярташ) а меттигашна йекъало. Туркменехь (2014 шеран 1 январан терахьаш) кхаа административни категорера 24 гӀала, 77 посёлок, 1901 юрт.

Административни агӀора Туркмени лаьтта велаятех, этрапех, генгешликех, пхеа административни категорийн нах беха меттигех (2014 шеран 1 январан терахьаш):

  • велаяташ (5);
  • велаятийн бакъо йолу гӀаланаш (500 эзар сов вахархо волу гӀаланаш; цхьа Ашхабад бен йац);
  • этрапаш (50 велаяташкахь, 9 гӀаланашкахь — 5 Ашхабадехь, 2 Туркменабатехь, 2 Туркменбашехь);
  • этрапан бакъо йолу гӀаланаш (30 эзар сов вахархо волу гӀаланаш; ишттанаш 15 ю);
  • этрапера гӀаланаш (оцу категори йукъатоха йиш ю 8 эзар сов вахархо волу посёлкаш, ткъа кхин а перспектива йолу кӀезиг бахархой болу посёлкаш а, нагахь цигахь промышленни предприятеш елахь, гӀишлойн-коммуналан бахам белахь, социальни-оьзднгаллин урхаллийн маша белахь, йохка-эцаран а, бахаман а организацеш елахь; оцу категорера гӀаланаш 9 ю);
  • посёлкаш (оцу категорийн йукъайоьду 2 эзар сов вахархо волу ярташ, ткъа кхин а кӀезиг бахархой болу перспективан, бахаран аьтту билгалчу тӀегӀане кхаьчна йолу, дозан тӀехь лаьтташ предприятеш а, организацеш а, цӀерпоштнекъан станцеш, гидротехникан гӀишлош, гӀирсаш, санатореш, кхин дарбанан урхаллаш йолу ярташ; Туркменехь ю 77 посёлок);
  • генгешликаш (552; генгешлик кхуллу цхьана я масех юртах);
  • ярташ (оцу категорийн йукъайогӀу даиман Ӏаш 50 сов вахархо волу, низамехь йина гӀишлош йолу нах беха пункт; Туркменехь 1901 юрт ю);[2].
Нохчийн
цӀе
Туркменийн
цӀе
Администра-
тивни
центр
Бахархой,
стаг (2005)
Латта,
км²
Дуькъалла,
стаг/км²
КӀоштийн
барам
(этрапаш)[3]
ГӀалийн
барам[3]
Поселкийн
барам[3]
Генгеш-
ликийн
барам[3]
Яртийн
нах беха
меттигийн
барам[3]
1 Ашхабад Aşgabat
şäheri
871 500 470 1854,26 7
(гӀалийн
кӀошташ)
1 1 - -
2 Ахалан велаят Ahal
welaýaty
Аннау 939 700 97 160 9,67 9 4 11 96 252
3 Балканан велаят Balkan
welaýaty
Балканабат 553 500 139 270 3,97 6
(цул сов
2 Туркменбашы
гӀалахь)
7 16 40 128
4 Дашогузан велаят Daşoguz
welaýaty
Дашогуз 1 370 400 73 430 18,66 9 2 8 140 654
5 Лебапан велаят Lebap
welaýaty
Туркменабат 1 334 500 93 730 14,24 14
(цул сов
2 Туркменабат
гӀалахь)
5 27 119 485
6 Марын велаят Mary
welaýaty
Мары 1 480 400 87 150 16,99 12 5 14 157 382
Массо а 6 550 000 491 210 13,33 61
(оцу йукъахь
11 гӀалахь)
24 77 552 1901

Советийн мур

[бӀаьра нисйан | нисйан]
XX бӀешеран Российн юккъераазин латтанаш

1917 шарахь хӀинцалера Туркменин латта Каспийндехьара областан (Столица — Асхабад) а, Бухарийн эмиратан а йукъадодара. 1919 кхоьллира Туркестанан Советийн Федерацин Республика коьрта гӀала Ташкент а йолуш, оцу йукъа дагӀара дукхаха долу Туркменин дакъа. Туркмени, къаьстина болу административни кхоллам бина 1921 Туркменийн областах. 1924 Бухарийн ХСР дӀаяьккхича, цуьнан малхбузера кӀошташ тӀетуьйхира Туркменийн областан, цунах йира Туркменийн ССР.

Туркменийн ССР дуьхьанца йекъалора округашна: Керкинан, Ленинан (тӀехьа — Чарджуйн), Мерван, Полторацкан (тӀехьо — Ашхабадан) а, Ташаузан а. 1939 йукъадаьккхира областашна декъадалар:

1943 шарахь Чарджоун областан декъах кхоьллира Керкинан область, иза лаьттира 1947 шо кхаччалц. Оцу шарахь дӀаяьккхира Красноводскан область, кӀошташ дӀаелла Ашхабадан областан.

1952 шарахь Красноводскан область юха меттахоттийра, амма 1955 юха а дӀаяьккхина, кӀошташ юха а дӀаелла Ашхабадан областан.

1959 шарахь дӀаяьккхина Ашхабадан область. Кировн, Серахан, Тедженан кӀошташ дӀаелла Марыйн областан, йисина кӀошташ дехьевлла республикин куьйга кӀела.

1963 шарахь дӀайоккху Марыйн, Ташаузан, Чарджоун областаш, цхьайолу кӀошташ дӀаяьхна, областийн йисина кӀошташ дехьаевлла республикин куьйга кӀела. Иштта, 1963 шарахь дуйна Туркменийн ССР лаьттара республикин куьйга кӀелара кӀоштех.

1970 шарахь меттахоттайо Марыйн, Ташаузан, Чарджоун областаш.

1973 шарахь меттахоттайо кхин а Ашхабадан а, Красноводскан а областаш, республикин куьйга кӀелара кӀошташ дӀайовлу.

1988 шарахь Ашхабадан а, Красноводскан а областаш юха а дӀайоху.

1991 шарахь Красноводскан областан хиллачу латта тӀехь кхуллу Балканан область коьрта гӀала Небит-Даг йолуш.

Советийн мурал тӀехьа

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1992 шарахь Ашхабадан областан латта тӀехь кхоллало Ахалан велаят коьрта гӀала хьалха Ашхабад, ткъа тӀехьо Аннау, цул тӀехьа, «Рухабад» проект кхочушъян йолийча, Рухабад. Балканан а, Марын а областийн цӀераш хуьцу, Балканан, Марын велаят. Ташаузан областах хуьлу Дашогузан велаятом, Чарджоун — Лебапан велаят. Ашхабад гӀала ю ша лаьтта административни кхоллам, дӀанисйина велаяте.

Велаяташ йекъало этрапашка (кӀошташ) а, этрапийн бакъо йолу гӀаланашка а, царех хӀорачун коьртехь хьаькам ву. Этрапашна йукъахь ю меттигерчу куьйга кӀелара гӀаланаш, посёлкаш, генгешликаш (цхьаннах я масех яртех лаьтта).

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]