Лигурийн республика

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди


Историн пачхьалкх
Лигурийн республика
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
 
 
Коьрта гӀала Генуя
Мотт (меттанаш) Италин
Официалан мотт Итальянийн мотт
Майда
Бахархой
  • 600 000 стаг (1797)
Истори
 • 14 июнь 1797 Кхоллар
 • Июнь 1805 ДӀалаьцна Францис
 • 28 апрель 1814 МеттахӀоттор
 • 28 июль 1814 ДӀалаьцна Сардинин паччахьалло
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Лигури́йн респу́блика (итал. Repubblica Ligure) — 1797—1805 а, 1814 а шерашкара Къилбаседа Италин пачхьалкх.

1797 шарахь, Италин кампани чекхъяьккхича, Наполеон Бонапарта дӀалаьцначу Генуэн республикин мехкашкахь кхоьллира республикин Францин Лигурийн республика цӀе йолуш протекторат.

Лигурийн республикин Суверен яра цуьнан гражданийн цхьаалла. Закон кхолларан меже яра шина советех лаьтташ йолу (Синьорийн Совет а, Кхузткъан Совет а) Закон кхолларан Корпус. Кхочушдаран меже хилла пхеа декъашхочух лаьтта Директори.

1805 шарахь республиках Французийн империн департамент йина. Таханлера Лигури регионан мохк боцуш, республикин йукъайахара Капрая-Изола (тахана — Тосканехь) гӀайре а, хӀинцалерачу Пьемонтан дакъа а. Лигурийн республикин бахархой 600 эзар гергга бу, царех 90 эзар гергга Генуяхь бу.

Наполеон воьжначул тӀаьхьа Лигурий республика меттахӀоттийра, лаьттира 1814 шеран 28 апрелера 28 июль кхаччалц (БӀе де), цул тӀаьхьа Сардинин паччахьаллин дакъа хилира, официалан цунна тӀетохар хилира 1815 шеран 3 январехь.

Шен йохаллехь, Лигурийн республико официалан лелайора Генуэн республикин символаш.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]