ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ХӀокху агӀонан йац
хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах
ца хоттийна болучу барамца.
Къорза куьйра |
---|
|
|
Accipiter virgatus (Temminck, 1822) |
- Accipiter virgatus abdulali Mees, 1981
- Accipiter virgatus affinis Hodgson, 1836
- Accipiter virgatus besra Jerdon, 1839
- Accipiter virgatus confusus Hartert, 1910
- Accipiter virgatus fuscipectus Mees, 1970
- Accipiter virgatus nisoides Blyth, 1847
- Accipiter virgatus quagga Parkes, 1973
- Accipiter virgatus quinquefasciatus Mees, 1984
- Accipiter virgatus gularis Temminсk et Schlegel, 1843
- Accipiter virgatus rufotibialis Sharpe, 1887
- Accipiter virgatus rhodogaster Sсhlegel,1862
- Accipiter virgatus sulaensis Schlegel, 1866
- Accipiter virgatus vanbemmelli Voous, 1950
- Accipiter virgatus virgatus (Temminck 1822)
|
|
|
Къорза куьйра — (en. Accipiter nisus ), (оьрсаша "Малый перепелятник" олу). Къорза чукъело йолу куьйра кхокханал жима ду. Боьршачуьнан букъ овкъаран басахь бу, чукIело хьаьрса ю, пурхалхьаша кIай сизаш а долуш. ЦIога а пурхалхьа шуьйро моханаш йолуш ду. БIаьргаш можа ду цуьнан. Дахар хин тогIешкахь ду. ДIай-схьай кхелхаш а, кIезгачех а олхазар ду иза. ХIоьаш июньехь до диъ я пхиъ. ХIоьаш цIиэ тIедарчий а долуш кIайн хуьлу оцу олхазаран. Цуьнан даар кегийра олхазарш ду. Кхин цхьа тайпа а ду куьйра. Оьрсаша "Перепелятник" олу цунах. ТIемаш таьIначу ал басахь ду. Логера дуьйна охьа накха а чукIело а, пурхалхьа кIайн, хьаьрсан сизаш а долуш къорза ю цуьнан. Стечуьнан таьIна ал бос болуш ю. БIаьргаш можа ду.
- Дахар хин берда йистошкахь, хин тогIешкахь, хьаннийн кортошкахь ду. Бакъду, луьста юькъа хьаннаш ца еза царна. Цхьана меттехь ду церан дахар. Цхьацца новкъарлонаш йичи дIай-схьай а кхелха уьш. Баннаш дитташ тIехь до цара. ХIоьаш кхаанне тIера ялхан тIе кхаччалц до. ХIоьаш кIай хуьлу, цIиэ тIедарчий а долуш. Тойна июнь баттахь доккху. Даар вукха куьйранийн санна ду. Декар чIогIа зевне ду: "къив-къив-къив-къив!" Кегийра хьозий цо дайарна зуламе лоруш олхазар ду иза.