Кромвель, Оливер

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Кромвель Оливер
инг. Oliver Cromwell
Кромвель Оливер
Кромвель Оливер
Ингалсан, Шотландин, Ирландин лорд-протектор
 —  1658 3 (13) сентябрехь
Хьалха хилларг Карл I (Ингалс)
Карл II (Шотланди)
Когаметтаниг Кромвель Ричард

Дин конгрегационализм[d], Пуританаш[d]
Вина терахь 1599 шеран 25 апрель (5 май)({{padleft:1599|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:5|2|0}})
Вина меттиг Хантингдон, Хантингдоншир, Ингалсан паччахьалла
Кхелхина терахь 1658 шеран 3 (13) сентябрь({{padleft:1658|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:13|2|0}}) (59 шо)
Кхелхина меттиг Уайтхолл, Лондон, Протекторат
ДӀавоьллина
Да Кромвель Роберт
Нана Стюарт Элизабет
Зуда Буршье Элизабет
Бераш Роберт, Оливер, Бриджит, Ричард, Генри, Элизабет, Мария, Фрэнсис
Парти
Дешар Сидни Сассекс колледж
ГӀуллакхалла юьртабахам[d]
Динлелор конгрегационализм[d], Пуританаш[d]
Автограф Автографан сурт
ЦӀе полковник[d]
Латар
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Кро́мвель О́ливер (инг. Oliver Cromwell;  1599 25 апрелехь (5 майхь), Хантингдон —  1658 3 (13) сентябрехь, Лондон) — ингалсан пачхьалкхан гӀуллакххо а, баьчча а, индепендентийн тхьамда а, Ингалсан революцин куьйгалхо а, 16431650 шерашкахь — парламентан эскаран инарла-лейтенант, 16501653 шерашкахь — лорд-инарла, 16531658 шерашкахьИнгалсан, Шотландин, Ирландин лорд-протектор[1].

Схьавалар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина Хантингдонехь — иштта цӀе йолчу графаллин центрехь, хьалдолуш воцучу пуританийн лаьттан ден доьзалехь. Цуьнан да бейлифан (дуьненан суьдхо) декхарш кхочуш деш вара. ЦӀе тиллинера шен жӀар оьллина волчу ден вешин Оливеран цӀарах, церан генара дай схьабевллера Уэльсера[2], таро хилла, баха хевшинера паччахьан Генрих VIII-гӀачун (1509—1547) урхалла долуш, бахам гулбира килсанийн латтанаш схьадохуш.

Кромвелан ден ден нана Кэтрин йоккхаха йолу йиша йара Кромвель Томасан15321540 шерашкахь паччахьан Генрих VIII-гӀачун коьрта хьехамчан.

Йуьхьанцара дешар чекхдаьккхина Хантингдонера килсера ишколехь, ткъа 16161617 шерашкахь дешна Кембриджан университетан Сидней Сассекс колледжехь(ингалс.), иза къасталора чӀогӀа пуританийн синца[3]. Цуьнан гарш кхуллуш боккха Ӏаткъам бира ишколан хьехархочо Бирд Томаса(ингалс.), морса пуританхо, «Делан беркатан театр» (The Theatre of Gods Judgements, 1597) кхолламан автор.

1619-1620 шерашкахь Лондонехь Ӏамийра бакъо, амма зуда йалийча, дешар а дитина цуьнца Хантингдоне дӀаваха дийзира. Цуьнан зуда Элизабет Буршир лондонера чо болу цӀоканаш йухкучу махлелорхочун йоккхаха йолу йоӀ[4]. Ловзар динчул тӀаьхьа иза шен латтанаш тӀаьхь массара а санна сквайра-лаьттан ден гӀуллакхаш лелош, бахаман гӀуллакхаш дан волавелира: тӀаргӀа а, бепиг а духкуш, йий а, нехча а йоккхуш. ТӀаьхьа кура роялисташа дагадоуьйту Кромвелан «сийлахь боцу» болх, совгӀат до цунна емалваран цӀе туьллий «Йий доккхург» олий.

1628 шарахь дуьххьара хаьржира Хантингдон гӀалан цӀарахь «Бакъонех петици» тӀе а эцна, йуха сихха Карл I-рачо дӀасахецначу парламенте. 1629 шеран 2 мартехь паччахьо омар дира парламентан гулам сацабе аьлла, Кромвела ла а ца доьгӀна, дийзира провинци цӀа верза. 1630 шеран майхь, Хантингдонехь шен боллу бахам боьхкина, доьзалца кхелхира Сейнт-Айвзе(ингалс.) (Кембриджшир), цигахь дийзира мах луш неха латта лело, боккъал а Керла Ингалсе дӀакхалха ойла йолуш[5].

ТӀеман карьера. Политикин гӀуллакх[нисйе бӀаьра | нисйе]

Адриан Ханнеман. Кромвелан сурт. 1650 шо гергга.

Дукхаха болчу историкашна хетарехь, тӀеман кечам Кромвель Оливеран ца хилла[6], ткъа XVII бӀешарахь 20-30-гӀа шерашкахь континент тӀехула некъбарах, Ткъе итт шеран тӀамехь дакъалацарх, кхин а хаамаш бу кхоьллина[7].

Ингалсан гражданийн тӀом болалуш Кромвель капитан даржехь кхузткъа шайн лаамца баьхкинчу дошлойн тобан коьрте хӀоьттира, тардолийта и тоба шен ахчанах кхоллар. Иза билгалйелира 1642 шеран 23 октябрехь парламентан агӀончаш эшначу Эджхиллера тӀамехь. ТӀаьхьа оцу тобанах хилира гӀарайаьлла «Эчиг агӀонаш болу дошлойн» тоба, шен рогӀехь, цунах хилира цуьнан «Керла кепара эскар»[8].

Жигара дӀахьуш шен тӀеман хийцамаш, Кромвель емаллийца хьежара парламентан эскаран йуьхьанцарчу эскаре: «Шун эскар лаьтта дукхах дерг къена, лела а ца лучу лакейшах, кабакхошха, царах тера цхьаьнатоьхначарах. Ткъа мостагӀийн эскарш — элийн кӀентех а, гӀарабевлла къона нахах а. Шуна шайн салтий санна лахарчу нехан майралла, мацца а цкъа, ларалур йу моьтту теша, даг чохь сий, майралла, хӀуъа а дан кийча болчеран майраллийца?»[9]

1643 шеран бӀаьста Кромвель йухавирзина Малхбален бердистте, цигахь цуо шен лаамца эскаре богӀурш гулбина, кхоьллира 2000 стагах полк. Шен тоба вовшахтухуш цуо хаьржира низам а, дин а долу эпсарш. 1643 шеран 13 майхь Грантемера (Линкольншир) тӀамехь Кромвелан аьтту белира хӀаллакван шозза сов волу мостагӀа, ткъа 1643 шеран 28 июлехь иза туьйлира Гейнсборора тӀамехь(ингалс.)[10].

1644 шеран январехь баьхна толамаш бахьнехь Кромвелан Малхбален ассоциацин инарла-лейтенант тӀемлойн цӀе йелира, ткъа оцу шеран июне иза куьйгалла деш вара 3000 ст. волу эскаран Йорк[11] уллехь.

Уггаре чӀогӀа говзалла гайтира Кромвела боккхачу Марстон-Мурера тӀамехь (1644 шо), цуьнан жамӀашца Ингалсан йерриг къилбаседе парламентан Ӏедалан карайахара. Цуьнан эскарша, кхин дӀа а, хийцам боцуш толамаш бехира паччахьан агӀончашкара. Цул сов, Кромвелан аьтту белира эскарехь демократизаци ян: «Шайн лаамца дарж дитар билльца» парламентан берриг декъашхоша охьадехкира шайгара баьччаллаш. Пэрашкара дӀайаьккхира тӀеман ницкъашца баьччалла даран ламастан бакъонаш.

Кхоьллира 22 эзар барамехь «Керла кепара эскар», иза тӀетевжина дара демократин элементашна, лаьттара 11 дошлойн полкех «эчиг агӀонаш болчеран» кепара, керла мажаран тоьпаш йолу 12 гӀашлойн полкех, драгунийн полкех[12]. Цуьнан коьрта баьчча хилира инарла Томас Ферфакс, оцу хенахь дошлойн баьчча вара ша Кромвель Оливер. Эскаран коьрта ницкъ бара йоменех вовшахтуху дошлой, церан низам шайн лаамца омарш кхочушдаран бух тӀехь дара.

Купер Абрахам. Кромвель Оливер Марстон-Мурера тӀамехь. 1821 шо
Эрнест Крофтс. «Кромвель Марстон-Мурера тӀамехь». 1877 шо

Кромвелан эскаро вохийра Карл I тӀаьххьарчу Нейзбера тӀамехь 1645 шеран 14 июнехь. Парламентан пуританийн коалицин тхьамда санна (кхин а бевза «гоьрга кортошберш» йоцца лергина месаш бахьнехь) а, керла кепара эскаран баьчча санна а, Кромвела иэшийра паччахь Карла I, дӀайаьккхира цуьнан ойла абсолютан Ӏедале йолу.

Кромвель даиман а тӀевирззина протестант вара, массара а къобал вина гоьрга кортошболчу пуританийн куьйгалхо вара.

Кромвель Ӏедалехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Эндрю Каррик Гоу. Кромвель а, «эчиг агонашберш» а Данбарера тӀамехь (1650)

Цхьацца бакъонаш шега кхаьчна, Кромвела дӀайаьккхира парламентан лакхара палата, шен тӀеман накъостех-протестантех кхеташо хӀоттийра. Керлачу куьйгалхочуьнца арахийцира омарш: эскарехь дуэль яр, гражданийн махбаран юридически статусех (таж тилларан ламаст доцуш) браков, берриг паччахьан бахам пачхьалкхан хазна чу балар. Амма, Ӏедал шен кара каьчначул тӀаьхьа (керла дарже лорд-протекторе кхаьчна), иза луьра низам хӀотто волавелира, фактехь хӀоттийра шен диктатура (Кромвелан протекторат).

Оливер Кромвель
Кромвель» йаззам йукъара сурт,
«Сытинан тӀеман энциклопеди»)

Кромвела къиза охьатаӀийра Ирландин а, Шотландин а гӀовттамаш. 1649 шарахь Кромвелан эскаро дӀалецира Ирланди, кхин тӀе мохк баккхуш къизаллаш а йира. 1652 шарахь парламенто тӀеэцначу «Ирландин хӀоттамах долчу актаца», меттигера латтан дайн доккхаха долу лаьттан дакъа схьа а даьккхина, дӀасадийкъира эпсаршна а, салташна а[13].

1650 шеран 3 сентябрехь Данбарера тӀамехь хӀаллакдира шозза сов долу шотландин эскар. Нисса цхьа шо даьлчи, 1651 шеран 3 сентябрехь, ингалсхоша Вустеран пенаш кӀелахь Кромвель Оливеран баьччаллийца чеккхенца толам баьккхира шотландхошна тӀаьхь.Мохк бийкъира шийтта тӀеман губернешна, коьрте хӀиттийра шений бенч от ца луш болу инарла-майораш. Йукъадаьккхира коьрта некъаш лардар. ХӀоттийра налогаш гулйаран система. Берриг хийцамна ахча, кӀезиг ца хилла иза, цуо схьадаьккхина эшийначу паччахьан агӀончашкара. Шен урхаллин заманахь Кромвела машар бина Даница, Швецица, Нидерландашца, Францица, Португалица, дӀабаьхьира тӀом Ингалсан шира мостагӀчуьнца — Испаница. 1654 шарахь Кромвелан эскаро толам баьккхира Голландегара — Ингалсан коьрта хӀордан мостагӀчуьнгара. ЖамӀ – Голландин хӀордан тӀиера олалла чекхделира. Оцу толамо Ингалсан роль айира дуьненан политикехь, ладаме Ӏаткъам бира хӀордаца махлелор шордарехь. Протекторатан шерашкахь Испанегара схьайаьккхира Ямайка.

Махкахь низам хӀоьттинчул тӀаьхьа, Кромвела къобал дира керла парламент хилар. 1653 шеран апрелехь 1640 шарахь дуьйна йуха харжаза болчу парламентан декъашхоша барт бира шайн харжар даллалц дан, Кромвела мушкетёрийн тобанца гуламе веана, лаьхкира гулбелларш дешнашца: «Аса кхачор ду шун деса къамелаш». Оцу хенахь дуьйна цуо махкана урхалла дира ша. 1653 шеран июлехь кхоьллина керла йукъараллин палатин декъашхой, хаьржина бацара, ткъа хӀиттийна бара Пачхьалкхан кхеташоно, аьлчи а Кромвела. Амма керла меже йуьззина къера ца хилира, 5 бутт баьллачул тӀаьхьа дӀасахийцира[14].

1653 шеран 16 декабрехь керла хаьржина парламенто кхайкхийра Кромвель валлалц волу мехкан «лорд-протектор» (ма-дарра: Лакхара турсло), факт хилла паччахьан бакъонаш йолуш. Хьалха лорд-протектор дарж наггахь лора ингалсан паччахьан кӀенташна, цара регентан декхарш кхочуш дора паччахь жима волуш, чӀогӀа цомгуш волуш йа дукха хенахь воцучу хенахь. Кромвелал хьалха тӀаьххьара и дарж лелийнарг хилла Сеймур Эдуард, цуо урхалла дина 1547—1549 шерашкахь жимачу Эдуард VI-гӀачун цӀарах[15].

Хаьржира керла парламент (1654 шеран сентябрь) 400 депутатех, иза лаьттира кӀеззиг шарал сов, 1655 шеран январехь дӀасахийцира. Керла парламенто (1657) «Къера хиларан петицихь» кховдийра Кромвелан паччахьан дарж. Ша Кромвела схьа ца ийцира таж, амма, шен когаметтаверг (керла лорд-протектор) хӀотто бакъо елчи, реза хилира шен Ӏедал тӀаьхьене дӀалуш дита[16]. Формалан Ингалс республика йисира. ТӀеэцначу законаца Кромвелан дарж дара «Цуьнан Сийлалла» (инг. His Highness), куьйгалла дора тӀеман гӀуллакхехь, кхечу мехкашца долчу гӀуллакхехь, дӀахӀиттабора, дӀабахара пачхьалкхан хьаькмаш, законашна куьг йаздора, кхоллара лордийн даржаш (уьш республико дӀа ца даьхнера).

1655 шеран октябрехь Амстердамера Лондоне веира гӀараваьлла жуьгтийн гӀуллакххо Манассе бен-Израиль, иза Ингалсе веира петицица, 1290 шарахь паччахьан Эдуарда I-ра Деха когаш долчуьн эдикта лаьхкина шен къоман нах чу бита аьлла. Декабрехь кхайкхина Уайтхоллера къоман гуламо(ингалс.) массо а агӀора сецадора бен-Израилан гӀуллакх, тергал ца бора цуьнца боьзна экономикин пайданаш, Кромвела официалан доцуш жуьгтий шайн махка 1656 шарахь дуьйна бита шен Ӏаткъам баллалц[17].

Ша валлалц Кромвель нахана дукха везаш вара, Бахьна дара цуьнан «халкъан» политикин имидж йара, джентрийн а, паччахьан а йоцу. Оцу меттигехь башха ладамалла долуш йара цуьнан амал, иза вохкалуш ца хилар. Иштта ладаме ду билгалдаккхар, Кромвель гуттаренна а ларвеш вара (масех дакъа дара, массо хенахь раж хӀоттийна вовшашца хийца а луш), сих-сиха буьйса йоккху меттиг а хуьйцура цуо.

Валар а, схьаваккхар а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Веллачул тӀаьхьа йаьккхина маска
Кромвель Оливеран хьокхан тӀиера коьртан сурт, XVIII бӀешеран чеккхе

Кромвель цӀеххьана велира 1658 шеран сентябрехь, иза ле валар дахьачу шина лазарх хоршах а, чоьнан уьнах[18] а. Иза веллачул тӀаьхьа лорд-протектор хӀоьттина цуьнан воккхаха волу кӀант Ричард, ткъа ша Оливер дӀавоьллира йукъахь доцу тӀех хӀумнашца. ТӀаккха махкахь болабелира боккъал а болу гӀурт, луъург лелор, низамаш дохор.

Депутаташ, кхерабелла махкахь долчу оцу хьолах, 1659 шеран 25 майхь дӀавала дийзийтара, Ӏарше кхайкхира Карл II-гӀачуьнга, дукха хан йоцуш кхелаца вийначу паччахьан Карла I-чун кӀанте. Керла хаьржинчу Ингалсан парламентан омарца, кхо де даьлчи, паччахь виерна бехке бина беллачул тӀаьхьа байаран кхел ян, Кромвелан дакъа схьадаьккхира Брэдшо Джонан а, Айртон Генрин а дакъанашца цхьаьна. 1661 шеран 30 январехь, Карл I вийна 12 шо кхочуш, бехке болчеран декъий Лондонан урамашкахула дӀадаьхьира Тайбернера тангӀалкх тӀе. Масех сахьтехь нахана хьалха кхезина декъий охьадехира, ткъа кортош 6 метр дехачу хьокханашна тӀе доьхкира Вестминстеран гӀалан уллехь. Тамашийна ду, Кромвелан корта тӀаьхь болу хьокха каггийра мохо 1680-гӀа шераш чекхдовлуш, ткъа корта лачкъийра муха лачкъийна а ца хууш. Ткъа иза лаьттира коллекционерийн а, музейн коллекцешнга йукъахь а 1960 шеран 25 мартехь Кэмбриджан цхьаьна колледжийн часовнехь дӀаболлалц[19].

Иэс[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вестминстеран гӀалара Кромвель Оливеран иэс, Лондон. Скульптор Х.Торникрофт, 1899

1776 шарахь АЦШ марша йаккхаран тӀом болуш, америкин тӀеман кеманех дуьххьарлерчарех цхьанна цӀе тиллира «Оливер Кромвель»[20].

XIX бӀешарахь ингалсан лорд-протектор лоручех цхьаъ волчу Ричард Тэнджиса гулйира Кромвелан хӀуманех йоккха коллекци, царна йукъахь йара велчи йаьккхина маска, долара Инжил, цуьнан кхин жайнаш, коша тӀиера йоза, кхин дӀа а. Тэнджи веллачул тӀаьхьа и йерриг раритеташ Лондонан музей дӀа а йелла, дӀахӀиттийра Революцин муьран экспонаташна йукъа[21].

XIX бӀешеран чеккхенгара дуьйна Йоккха Британехь йукъайовла йуьйлайелира Кромвелан иэсаш. Хьалхарниг хӀоттийра Манчестерехь килсан уллехь 1875 шарахь[22][23]. Паччахь-аьзни Викторис иэс дӀайаккхар тӀедиллира, амма гӀалан Ӏедал реза ца хилира цунна. 1899 шарахь кхин цхьа иэс йуьйгӀира скульптора Х. Торникрофта, иза йогӀар бахьнехь буьрса меттах бевлира ирландхой[24][25]. XX бӀешарахь йира Кромвелан кхин а ши иэс — Сент-Ивехь (St Ives, Cambridgeshire) а, Уоррингтонехь а. Кромвелан корта дӀабоьллинчехь хӀоттийна иэсан табличка[26].

Уинстон Черчилль, ша тӀеман-хӀордан министр («адмиралтеяллин хьалхара лорд») волуш, шозза гӀоьртира Кромвелан сийнна тӀеман цхьаьна кеманан цӀе тилла, амма паччахьо Георг VI-гӀачо, ирландхойн керла бунт йаларх ларлуш, ца магийра иштта цӀе тилла[27].

1945 шеран августехь Гринокехь (Шотланди) динчу британин флотан эскадран минанашлелориг «Кромвелан»(ингалс.) оццу шарахь цӀе хийцира «Критхо» (Cretan) аьлла, ткъа шолгӀачу 1946 шарахь доьхкира Норвегин, ткъа цигахь цунна «Берген» цӀе тиллира, иза гӀуллакхехь лаьттира 1967 шо кхаччалц.

Кромвелан цӀе йелла шолгӀачу дуьненан тӀеман муьрерачу британин йуккъера крейсеран танкан Mk.VIII «Кромвель» (1942-1945), 1951 шарахь — ингалсан цӀерпоштан цхьа тайп.

Лорд-протекторан дарж[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кромвель Оливеран хьоме йоьӀан Элизабет Клейпоулан, художник Джон Майкл Райт, 1658 шо. Къоман портретан галерей (Лондон)

Исбахьаллера васт[нисйе бӀаьра | нисйе]

Театрехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кинематографехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Павлова Т. А. Кромвель(ТӀе цакхочу хьажорг). — М., 1980. — С. 15.
  2. Оливер Кромвель. Жизнеописание // Мир знаний.
  3. Барг М. А. Великая английская революция в портретах ее деятелей. — М., 1991. — С. 157.
  4. Барг М. А. Великая английская революция в портретах ее деятелей. — С. 159.
  5. Коггинс Джек. Эволюция вооружения Европы. — М., 2009. — С. 158.
  6. Ковард Бэри. Оливер Кромвель. — Ростов-на-Дону, 1997. — С. 16.
  7. Алексинский Д. П. «Железнобокие» Оливера Кромвеля. 1640—1650 гг. // Всадники войны: Кавалерия Европы. — М.: ООО «АСТ»; СПб.: Полигон, 2005. — С. 471.
  8. Владимир Шишов. Оливер Кромвель и его «железнобокие» // «Дилетант». Исторический журнал для всех.
  9. Алексинский Д. П. «Железнобокие» Оливера Кромвеля. — С. 468.
  10. Коггинс Джек. Эволюция вооружения Европы. — С. 160-161.
  11. Владимир Шишов. Оливер Кромвель и его «железнобокие».
  12. Акт об устроении Ирландии // «Хронос». Всемирная история в интернете.
  13. Павлова Т. А. Кромвель(ТӀе цакхочу хьажорг). — С. 285-295.
  14. Loach, Jennifer, Bernard, George. Edward VI, New Haven. — Connecticut: Yale University Press, 1999. — P. 19—25. — ISBN 0-300-07992-3.
  15. Roots Ivan. Speeches of Oliver Cromwell. — Everyman classics, 1989. — P. 128. — ISBN 0-460-01254-1.
  16. Ковард Бэри. Оливер Кромвель. — С. 234.
  17. Врачи назвали причину скоропостижной смерти Кромвеля. Lenta.ru (2015 шеран 25 октябрь).
  18. Oliver Cromwell’s head.
  19. Hahn, Harold H. Ships of the American Revolution and their Models. Pp. 74-101. Naval Institute Press, Annapolis Maryland, 2000.
  20. War websites. Channel4. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 5 июнь.
  21. Greater Manchester Photographic Memories. Francis Frith. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 29 июль. Архивйина 2012 шеран 11 январехь Архивйина 2012-01-11 — Wayback Machine
  22. Oliver Cromwell. Public Monument and Sculpture Association. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 12 январь. Архивйина 2012 шеран 9 февралехь
  23. STATUE OF OLIVER CROMWELL. Hansard.millbanksystems.com (1899 шеран 25 апрель). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 29 июль. Архивйина 2011-09-20 — Wayback Machine
  24. The Cromwell Statue at Westminster – Icons of England. Icons.org.uk. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 29 июль. Архивйина 2009 шеран 14 мартехь
  25. Comerford, Patrick Is Cromwell’s head buried in Sidney Sussex Chapel? Patrick Comerford: my thoughts on Anglicanism, theology, spirituality, history, architecture, travel, poetry and beach walks (2009 шеран 6 июль). ТӀекхочу дата: 2014 шеран 16 июль.
  26. Kenneth Rose, King George V, New York: Alfred A. Knopf, 1984, p. 160-1. The King also vetoed the name HMS «Pitt» as sailors might give the ship a nickname based on its rhyming with a «vulgar and ill-conditioned word».

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Дерюжинский В. Ф. Кромвель, Оливер // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Луначарский А. В. Оливер Кромвель. Ист. мелодрама в 10 картинах. — М.: Гиз, 1920.
  • Вольский Ст. Кромвель. — М.: Журнально-газетное объединение, 1934. — 304 с. — (ЖЗЛ).
  • Павлова Т. А. Кромвель / Гравюры Ю. Берковского. — М.: Молодая гвардия, 1980. — 352, [34] с. — (Жизнь замечательных людей. Серия биографий. Вып. 18 (611)). (в пер.)
  • Бэри Ковард. Оливер Кромвель / Пер. с англ. О. А. Гуньковой. — Ростов-на-Дону: Феникс, 1997. — 320 с. — (След в истории). — ISBN 5-222-00005-2.
  • Коггинс Джек. Эволюция вооружения Европы. От викингов до Наполеоновских войн / Пер. с англ. В. Д. Кайдалова. — М.: ЗАО «Центрполиграф», 2009. — 254 с. — ISBN 978-5-9524-4226-9.
  • Барг М. А. Великая английская революция в портретах её деятелей. — М.: Мысль, 1991. — 397, [16] с. — 80 000 экз. — ISBN 5-24400418-2. (в пер.)
  • Хилл К. Английская революция / Пер. с англ. Ш. А. Богиной. Под ред. В. Ф. Семенова. — М.: Государственное Издательство иностранной литературы, 1947. — 184 с.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]