Ионийн республика
Историн пачхьалкх | |||||
Ионийн республика | |||||
---|---|---|---|---|---|
|
|||||
1815 — 1864
|
|||||
Коьрта гӀала | Корфу | ||||
Мотт (меттанаш) | желтойн, италин | ||||
Официалан мотт | Желтойн мотт, Итальянийн мотт | ||||
Ахча | газета иониана, Ионийский обол | ||||
Майда |
|
||||
Бахархой |
|
||||
Урхаллин тайпа | республика | ||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Ионийн республика (желт. Ηνωμένον Κράτος των Ιονίων Νήσων; итал. Stati Uniti delle Isole Ionie) — 1815 - 1864 шерашкахь хилла йолу историн пачхьалкх. Йоккха Британин протекторат хилла. Желтойн пачхьалкх кхоьллинчул тӀаьхьа Йоккха Британис совгӀатан йелла грекийн паччахьна I-чу Георгана.
Ионийн гӀайренаш бӀешерийн дохаллехь Венецин республикин йукъахь хилла, амма 1797 шарахь Кампо-Формийн машарца дехьайаьхна революцин Францин. 1798—1799 шерашкахь оьрсийн-туркойн ницкъаша французаш гӀайрен тӀиера аракхийсина, кхоьллира цигахь ВорхӀ гӀайренан республика, иза лаьттира 1800 - 1807 шерашкахь. Цул тӀаьхьа Францис йуха а дӀалецира Ионин гӀайренаш, уьш йукъатуьйхира Иллирийн провинцешна.
1809 шеран 2 октябрехь Закинфан уллохь ингалсаша йохийра французийн флот, дӀалецира гӀайренаш Закинф, Кефалини, Китира. 1810 шарахь ингалсаша дӀалецира Лефкас. Корфу йисира французийн урхаллехь 1814 шо кхаччалц.
Венин конгрессо санкци йелира Йоккха Британин «доттагӀаллин протекторатан» уьш дӀадала. Йоккха Британис хӀоттош йара цигахь тӀеман администраци, ткъа Австрийн империс гӀайренашна гаранти лора Йоккха Британица цхьабосса коммерцийн статус яла. 1817 шеран 26 августехь чӀагӀйира «Мэйтлэндан конституци», цуьнца кхуллура ворхӀ гӀайренан федераци, ткъа сэр Томас Мэйтлэнд хуьлура цуьнан хьалхара Лакхара комиссар.
1864 шеран 29 мартехь Йоккха Британис, Желтойчоьс, Францис, Российс Лондонехь куьг йаздина, ратификаци хиллачул тӀаьхьа гӀайренаш Желтойчоьнан долайовлу аьлла. 28 майхь Лакхарчу комиссаро арадаьккхина прокламаци Ионин республика Грекийн паччахьаллах дӀатухуш.
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |