ИбраьхӀиман макъам

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ХьаьжцӀахь йолу ИбраьхӀиман меттиг (Макъам ИбрахӀима), оцу чохь тӀулг бу, ИбраьхӀиман когийн лараш тӀехь йолуш

ИбраьхӀиман макъа́м (Ӏаьр. مقام إبراهيم‎‎‎‎‎ — ИбраьхӀиман меттиг) — Аль-Хьарам маьждиган дозанца меттиг ю иза, КаӀбат дечу хенахь ИбраьхӀим وصلة= лаьттина меттиг ю. ХӀинцалерачу хенахь цигахь йина нартолца гӀишло ю.

Макъам ИбрахӀим цӀе къуръан тӀехь хьехош ю, 97-чу аятехь 3-чу Къуръанан суратехь.

Исламан дийцарехь ма-бохху, АллахӀ-дала ИбраьхӀиме КаӀбат ден аьллачул тӀаьхьа, шен кӀант ИсмаьӀилца иза болх бан волавеллера. ИсмаьӀила тӀулгаш кхоьхьуш хилла, а ИбраьхӀима царах хазна еш хилла. Пенаш лакха хьаладоьттича, ИсмаьӀила тӀулг лаьтта охьабиллина хилла, ИбраьхӀим тӀекхачийта. ТӀулган тӀеваьлча ИбраьхӀим шен болх беш вара. Оцу тӀулган тӀехь ИбраьхӀиман когийн ларш ю.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]