Брусилов, Алексей Алексеевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Брусилов Алексей Алексеевич
Инарла Брусилов Алексей 1917 шарахь
Инарла Брусилов Алексей 1917 шарахь
Вина терахь 1853 шеран 19 (31) август({{padleft:1853|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:31|2|0}})
Вина меттиг Тиблиси,
Российн импери
Кхелхина терахь 1926 шеран 17 март({{padleft:1926|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (72 шо)
Кхелхина меттиг: Москох, ССРС
Пачхьалкх  Российн импери
 РСФСР
 ССРС
Эскаран тайпа Императоран российн эскар, Рабоче-крестьянская Красная армия[d]
Дарж дошлойн инарла,
инарла-адъютант
БӀахойн дакъа Дошлой
Куьйгалхо 8-гӀа эскар
(1914 шо 28 июль1916 шо 17 март)
Къилба-Малхбузен фронт
(1916 шо 17 март1917 шо 22 май)
Оьрсийн эскаран Лакхара Коьртабаьчча
(1917 шеран 22 май19 июль)
ТӀемаш
СовгӀаташ
Сийлахь Георгийн 3 тӀеганан орден Сийлахь Георгийн 4 тӀеганан орден КӀайн аьрзун таррашца йолу орден
1 тӀегӀанера Сийлахь Аннин орден Сийлахь Аннин 2 тӀегӀанан орден
Георгийн герз Бирланташца кечдина Георгийн герз
Сийн легионан сийлахь эпсаран орден Сийн легионан орденан командор Сийн легионан орденан эпсар
ТӀеман мидал (Франци) Италин тажан орденан эпсар ЦӀен аьрзун 2-гӀа тӀегӀанан орден
«Сийлахь Александр» орден 3 тӀегӀанан «ТӀеман гӀуллакхашна» орденан йоккха эпсаран жӀар
Лоьман а, Маьлхан а 1 тӀегӀанан орден Лоьман а, Маьлхан а 5 тӀегӀанан орден
Уьйраш ваша Брусилов Л. А.
вешин кӀант Брусилов Г. Л.
Куьг Brusilov's signature.jpeg

Бруси́лов Алексе́й Алексе́евич (1853 шеран 19 [31] август, Тиблиси17 март 1926, Москох) — оьрсийн а, советийн а тӀеман хьаькам а, тӀеман хьехархо а, кавалери инарла (1912 шеран 6 декабрехь дуьйна), инарла-адъютант (1915 шеран 10 апрелехь дуьйна). Оьрсийн эскаран Лакхара коьртабаьчча (1917 шеран 22 май — 19 июль), БАЦӀЭ дошлойн коьрта инспектор (1923).

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

БрусиловгӀеран схьабовлар элех ду. Вина Тиблисехь оьрсийн инарлин Брусилов Алексей Николаевичан (1787—1859) доьзалехь. Нана — Мария-Луиза Антоновна, полякех йара, схьайалар дара коллежски асессоран А. Нестоемскийн доьзалера.

1867 шеран 27 июнехь (9 июлехь) дӀахӀоьттира Пажески корпусе. Иза чекхйаьккхира 1872 шеран 17 (29) июлехь, арахийцира 15-гӀа драгунийн Тверан полке. 1873—1878 шерашкахь — полкан адъютант. Кавказера 1877—1878 шерашкара Оьрсийн-туркойн тӀеман декъахо. Билгалавелира туркойн Ардаганан а, Карс а гӀопаш йохуш, иза бахьнехь йелира 3-гӀа а, 2-гӀа а тӀегӀанан Сийлахь Станиславан орден а, 3-гӀа тӀегӀанан Сийлахь Аннин орден а. 1879—1881 шерашкахь вара эскадронан баьчча, полкан дешаран командин хьаькам.

1881 шарахь кхечира эскаран гӀуллакх дӀадахьархьама Петарбухе. 1883 шарахь чекхйаьккхира эскадронийн а, бӀаьннийн а баьччин декъан Ӏилманийн курс «тӀехдика» мах хадорца. 1883 шарахь дуьйна гӀуллакхехь вара Дошлойн эпсарийн ишколехь: адъютант; 1890 шарахь — говрахь леларан а, говр тӀехаа Ӏаморан а декъан хьаькаман гӀоьнча; 1891 шарахь дуьйна — эскадронийн а, бӀаьннийн а баьччин декъан хьаькам; 1893 шарахь дуьйна — драгунийн декъан хьаькам. 1898 шеран 10 ноябрехь — ишколан хьаькаман гӀоьнча, 1902 шеран 10 февралехь дуьйна — ишколан хьаькам. Брусилов гӀараваьлла хилла ца Ӏара Россехь бен, дозанал арахьа а вевзара говр хахкаран а, спортан а говзанча санна. Оьрсийн-японин тӀом болалуш ишколехь цуьнан куьйга кӀела гӀуллакхехь хилла К. Маннергейма дагалоьцу[1]:

Иза чӀогӀа тидаме, къовламе, куьйгакӀеларчарна лехаме куьйгалхо, чӀогӀа дика Ӏилма лора. Цуьнан тӀемех ловзар а, меттигера Ӏамораш а шен кечамца а, кхочушдарца а масала хӀоттош а дара, чӀогӀа хаза а дара.

Боккха тидам бохуьйтура Парфорсан талларан Поставски ишколехь говрахь леларан практикин.

Сийлахь элан Николай Николаевичан дашца 1906 шеран 19 апрелехь хӀоттийра 2-гӀа гвардин дошлойн дивизин хьаькам. 1909 шеран 5 январехь — 14-гӀа эскаран корпусан баьчча. 1912 шеран 15 майхь дуьйна — Варшавин тӀеман гуон эскаран баьччин гӀоьнча. 1913 шеран 15 августехь дуьйна — 12-гӀа эскаран корпусан баьчча.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Маннергейм К. Г. Мемуары. — М.: Вагриус, 1999. — 508 с. — (Мой 20 век). — 7000 экз. — ISBN 5-264-00049-2.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]