Берелла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Берелла, Российн Империн, Уралан асанан гӀазакхий, 1834—1836 шераш.
«Жима пирамида».
»ТӀам» цӀе йолу береллин дакъолгах цхьаъ.
Береллин дакъолгах цхьаъ.
Ши говр хахкар.
Команчийн береллин говзалла. Джордж Кэтлинан сурт

Берелла[1], дошлочо говр хохкуш гимнастикин а, акробатикин а упражненеш йен, говран спортан тӀеман-прикладан кеп[2].

Берелла кхоллайелла Кавказан, Йуккъера Азин, гӀазакхийн къаьмнашкахь тӀехиина хахкаран хила деза хьесап санна, берие а, говр а кечйеш. ГӀазакхийн спортан кеп[3]. Берелла вольтижировкин бух бу.

Береллациркан жанр[4]; тӀехиина хахкаран тайпа, хохкучу хенахь дошлоша:

  • гойту башха Ӏамийна говран тӀехдика урхалла;
  • Ӏалашонна хаьхкина боьлхушшехь герз туху;
  • кхочуш йо жӀаккица эффектан упражненеш а, хала акробатикин кхийсадаларш а.

Берелла гӀоле йу дошлойн вольтижировкел, шен боларца а, трюкаш алсама хиларца а.

Дуьххьарлера артист — берие, циркан жанран бух биллинарг, лору Гудцов Агубе (1880—1968), XX бӀешеран йуьххьера хӀирийн циркан берие, цуо шен говзаллица дукха мехкашкара хьовсархой тӀеберзийра шена[5][6].

Советийн а, российн а циркан береллин жанрера гӀарабевлла говзанчаш: Алибек Кантемиров, Михаил Туганов, Ирбек Кантемиров, Мухтарбек Кантемиров, Дзерасса Туганова, Тамерлан Нугзаров, Хьаким Зарипов, Давлет Ходжабаев, Юрий Мерденов, кхин берш а.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дуьххьара берелла хьахийнарг Ксенофонт[7] ву.

Чолхе дакъалгаш а, XIX бӀешарахь уггаре чӀогӀа йаьржина а йара берелла гӀазакхашна йукъахь . 1899 шарахь арахецна МогӀанера гӀазакхийн гӀуллакхан уставехь дуьйцу: (хӀокху заманан орфографи)

Ст.205. Береллин Ӏалашо гӀазакхийчунна майралла а, каделла а кхиор йу, цундела берелла оьшу хӀора гӀазакхийчунна.
Ст.209. Берелла йекъало: 1) Берриг гӀазакхашна декхар дина тӀейиллинарг (кхочуш йо герзаца а, новкъан мохьца а); 2) паргӀата а, герз а, мохь а боцуш.

Декхар дина тӀейиллина береллин йукъайогӀу:

  • говран тӀера герз тохар а, мундина тур тохар а
  • лаьттара хӀуманаш схьаэцар
  • гӀаш волу накъост говр тӀеваккхар
  • цхьамма йа шимма бериечо човйинарг дӀавахьар
  • ор чохь говр тӀера охьаэккхар а, тӀеэккхар а.

ПаргӀата береллин упражненеш йара:

  • берелла гоьмукъца,
  • ор чу говр йижо хаар,
  • шина йа кхаа говр тӀехь цхьаьна говр тӀера кхечунна тӀе а хууш хахкар,
  • тобанашца хахкар,
  • ирахь хахкар,
  • корта Ӏункара болуш хахкар,
  • ор чохь говр тӀехь хьовзар, уьхь тӀехьа йирзина хахкар,
  • Хаьхкина воьдушехь говран нуьйр дӀайаккхар.

Сытинан арахецаран тӀеман энциклопедехь (1911—1915) билгалйоху береллин лахара кепаш:

Сурт хӀоттор[нисйе бӀаьра | нисйе]

ХӀокху заманан спортан берелла — говран спортан тайпа ду, хьалхе билгалйоккху уггаре дикачу бериечун, индивидан спортан «тӀеман» приемаш, хенан гуранна чохь а, кхочушдарехь а баллашкахь мах хадорца.

Берелла хьажийна йу спортхочун каделла, майралла, доьналла, говр лелоран лакхара говзалла кхио.

Къийсамашна йукъахь хуьлу дакъош: «Лерина берелла» а, «ПаргӀата берелла» а. «Лерина береллин» декъана йукъайогӀу упражненеш: «Гоьмукъ лелор», «Тапча кхоссар а, урс ластор а», «ЖӀакка лелор», «Стела Ӏад кхоссар».

«ПаргӀата береллин» декъехь цкъа дӀахахкарца бериено 6 упражнени кхочуш йан йеза, уьш шайн рогӀехь чолхаллин 4 категори йу. Упражнени шозза йан цамагадо. Категорин тӀегӀане хьаьжжина упражнении йаран мах оьцу чолхаллин коэффициентца — 1, 2, 3, 4.

Упражненийн кепаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

I категорин чолхаллера упражненеш. Коэффициент — 1.

1. Луьйтанна тӀехь латтар.

2. Пурхнехьа нуьйран тӀевижина хахкар.

3. Говран вортанан тӀехула нуьйранна чу а хууш охьаэккхар.

4. Говран гаъ тӀехула нуьйранна чу а хууш охьаэккхар.

5. Нисса текхор.

6. ГӀазакхийн луьйта хадар.

7. Охьа а ца оьккхуш говран вортанан ехь букъ хьалха болуш хахкар (зударий).

8. ГӀазакхийн кхазар.

9. Луьйтанна тӀехь латтар — «байракх» (зударий).

10. Луьйтан тӀехь чӀегӀардиг.

16.2 II категорин чолхаллера упражненеш. Коэффициент — 2..

11. Корта лахахь болуш латтар.

12. Нуьйранна тӀе а хӀоьттина хахкар

13. Нуьйранна тӀехь чӀегӀардиг.

14. Йуханехьа текхор.

15. ГӀазкхийн луьйтан доьхкарчий хадар.

16. Боларан дуьхьала охьаэккхар.

17. Йуханехь гӀазакхийн кхазар (зударий).

18. Говран лаг тӀехь пурх йижина хахкар (зударий).

16.3. III категорин чолхаллера упражненеш. Коэффициент — 3.

19. ХӀоъ гуонаха хьовзар.

20. Гуо боккхуш (боларца) хьовзар.

21. Теркан хьовзар.

21. Теркан хьовзар.

22. Уралан хьовзар.

23. Тукарш.

24. Шинне агӀор охьакхийсадалар.

25. Лаьттара хӀуманаш схьаэцар.

16.4. IV категорин чолхаллера упражненеш. Коэффициент — 4.

26. Говран бухахула дехьавалар.

27. Говран вортанна бухахула валар.

28. Уралан таттар.

29. Корта лахахь болуш белш тӀаьхь латтар

30. Циркан (гоьрга) хьовзар

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. А.Исмаилов, Дош, Русско-чеченский словарь, Грозный, 2009, стр.35
  2. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху автоссылка1 тIетовжаран йоза йаздина дац
  3. Из истории джигитовки. Архивйина 2009-01-19 — Wayback Machine
  4. Джигитовка — horsetimes.ru
  5. Гудцов Агубе Куциевич
  6. Агубе Гудцов и его княжна Биаслант(ТӀе цакхочу хьажорг)
  7. Жизнь в кредит — О джигитовке и вольтижировке
Викидошаман логотип
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «берелла»

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Устав строевой казачьей служьы, часть I, 1899 год.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]